ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхарачой-Чергазийчохь хилла суьдхо бехкево, ши стаг а вуьйш, некъахьовзам баккхарна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Ши стаг а вуьйш, некъан хьовзамехь низамаш дохорна Кхарачой-Чергазийчохь кхелахо лаьттинчунна тIехь битина бехк. Цуьнан гIуллакх мехкан Лакхарчу кхеле дIахьажийна, хаам бина регионерчу пркуратурано.

Талламчийн версица, 2018-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 12-чохь корта бахон малар а мелла, машенаш дуьхьал лелачу асана а ваьлла, Kia автомобилах кхеттера иза. Оцу машенна урхалла дийриг лазийна висира, цуьнца цхьана салон чохь хилла ши пассажир веллера.

Хаамийн гIирсаша яздира оцу хиламех. 2018-чу шеран Гезгамашин-баттахь бехкзуламан гIуллакх дуьхьал даьккхира экс-суьдхочунна Якуш Максимна. Стохка аьхка цхьахволчу оцу хьовзамехь веллачун, Гладский Владиславан, нанас 2,5 миллион сом компесаци тIейожийра Якушна. Шен искехь цо яздинера, некъан бохам хиллачул тIаьхьа а, бехктакхаман гIуллакх толлучу юкъанна а Якуша "цхьана а кепара ахчанца гIо дина а дац, шегара даьллачунна гечдар дехна а дац", "ма-хуьллу жоьпех вала хьийза" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG