ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах 55 дархо велла, цомгаш хилла кхин а 1071


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь COVID-19 уьнах велла 55 пациент, кхин тIе цомгаш хилла – 1072.

Iедалхойн хаамашца, Краснодаран кIоштахь кхелхина 24 стаг, Нохчийчохь – бархI, Ставропол-махкахь а, Дагестанехь а – ворхI-ворхI, Кхарачой-Чергазийчохь - виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь – кхоъ, ГIалмакхойчохь – шиъ велла.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла COVID-19 вирусах 11 906 стаг.

Къаьстина дукха бу ун даьлларш тIаьххьарчу 24 сахьтехь Ставрополан кIоштахь, Адыгейхь бу уггар кIезиг.

  • Ставропол-мохк + 220 (59 531 пандеми яьржичхьана)
  • Краснодаран кIошт + 211 (54 615)
  • Дагестан + 195 (38 114)
  • Нохчийчоь + 101 (13 749)
  • ГIалмакхойчоь + 98 (22 759)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 64 (25 587)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 52 (21 381)
  • ГIалгIайчоь + 49 (16 663)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 47 (17 743)
  • Адыгей + 35 (15 454)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь ун хааделла ву верриг а 2855 96 стаг. Йоллу Оьрсийчохь бу уьш тахана, Товбеца-беттан 13-чохь, официалан хаамашца, 5 833 175* коронавирус кхетта нах.

*Оьрсийчоьнан официалан статистикано чоьте эцна аннексий инчу ГIирмера хьал а цхьана.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG