ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах 51 дархо велла


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь COVID-19 уьнах велла 51 пациент, кхин тIе цомгаш хилла – 1036.

Iедалхойн хаамашца, Краснодаран кIоштахь кхелхина 21 стаг, Ставропол-махкахь – ворхI, Нохчийчохь - ялх, Дагестанехь - пхиъ, Адыгейхь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а - кхоккха, Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIалмакхойчохь а, ГIалгIайчохь а - шишша велла.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла COVID-19 вирусах вахархо 11 806 стаг.

Къаьстина дукха бу ун даьлларш тIаьххьарчу 24 сахьтехь Краснодаран кIоштахь, Адыгейхь бу уггар кIезиг.

Краснодаран кIошт + 220 (54 I85 пандеми яьржичхьана)
Дагестан + 191 (37 728)
Ставропол-мохк + 204 (59 099)
ГIалмакхойчохь + 95 (22 562)
Нохчийчоь + 91 (13 553)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 62 (25 460)
ГIалгIайчоь + 45 (16 570)
Кхарачой-Чергазийчоь + 47 (21 280)
Адыгей + 39 (I5 382)
Къилбаседа ХIирийчоь + 42 (17 652)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь ун хааделла ву верриг а 283 471 стаг. Йоллу Оьрсийчохь бу уьш тахана, Товбеца-беттан 11-чохь, официалан хаамашца, 5 783 333* коронавирус кхетта нах.

*Оьрсийчоьнан официалан статистикано чоьте эцна аннексий инчу ГIирмера хьал а цхьана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG