ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь 39 стаг велла коронавирусах дийнахь-буса, 661 – цомгуш хилла


Гайтаман сурт

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 39 пациент, цомгуш хилла кхин 661.

Iедалшкара болчу хаамца, Краснодар-махкахь уьнан велла 19 вахархо, Ставропол-махкахь – 7, Нохчийчохь - виъ, Адыгейхь а, Дагестанехь а - кхоккха, Кхарачой-Чергазийчохь - шиъ, ГIалгIайчохь а - цхьаъ.

Верриг а пандемин муьрехь COVID-19 цамгарх белларш бу Къилбаседа Кавказехь 11 280 стаг, боху официало

Дийнахь-буса массанхьачул дукха ун хаькхаделла нах бу Краснодар-махкахь, лахара – Къилбаседа-ХIирийчохь.

Краснодар-мохк + 176 (51 689 ерриг хенахь)
Дагестан + 139 (35 681)
Ставропол-мохк + 134 (57 039)
ГIалмакхойчоь + 55 (21 569)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ + 34 (24 882)
Нохчийчоь + 39 (12 761)
Кхарачой-Чергазийчоь + 21 (20 872)
ГIалгIайчоь + 24 (16 152)
Адыгей + 20 (4 999)
Къилбаседа ХIирийчоь + 19 (17 301)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта ларало 272 945 стаг. Ерриг Оьрсийчохь Мангал-беттан 29-чу денна и терахь ду 5 493 557*
*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIIирмера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG