ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тарамова Хьалиматан гIуллакхах кехаташ дIадехна ЕСПЧ-но


Тарамова Хьалимат

Карачу беттан 10-чохь Дагестанерчу шелтерера Нохчийчу дIайигинчу Тарамова Хьалиматан гIуллакхан маса терго яр доьхуш, "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано" (Оьрсийчохь "арахьара агент" лерина) дехар дина Европерчу адамийн бакъонийн кхеле (ЕСПЧ). Кавказ.Реалиига "Къилбаседа Кавказ" программан координаторо, бакъоларъярхочо Лапина Вероникас дийцарехь, ЕСПЧ-н 39-чу бакъонехь яздина ду, нагахь санна, оцу стеган дахарна кхерам болуш хIума делахь, маса гIуллакх луьстуш.

"Ша стандарте процедура ю иза. Цхьацца меттигашкахь Страсбургерчу кхело бакъо ло оцу низамах пайдаэца, цхьаццанхьа - ца магадо. Ткъа кхузахь, ЕСПЧ-н кхелахочо сихо йира, хIунда аьлча, оцу йоIаца доьзначуьнца дуккха а цакхетамаш хиларна. Цундела, Европан кхело Оьрсийчоьне хеттарш дIадахьийтина, мича буха тIехь лаьцна Хьалимат, хьан лаьцна дIайигина иза Нохчийчу, карарчу хенахь муьлхачу статусехь ю иза аьлла", - дийцина къамел дечо.

Иттех дийнахь Оьрсийчоьнан Iедалш декхаре ду, Тарамоваца доьзначу гIуллакхна тIехула шайга деллачу оцу хеттаршна жоьпаш дала. Цхьадолу документаш дIакхачор ду "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-юкъаралло" а.

"И бохург ду, мел лахара а кхин а иттех дийнахь дийна юьтур ю иза, Оьрсийчоьно цхьа къастам баллалц. Амма Хьалимат лачкъийна хиларх шеконаш яц сан. Цунна тIе адвокат витийта хьийза тхо, цуьнгахула хаа, шен доьзалца цIахь Iен лаьа цунна, я дIагIур яра иза. Цуьнан къасто йиш ю-кх. Ткъа тахана цуьнгара хьал, пачхьалкхан хаамийн гIирсаша интервьюш оьцуш, Беларусехь волчу [оппозиционер] Протасевич Романехь дерг ду", аьлла, дерзийна къамел Лапинас.

Цунна хетарехь, Оьрсийчоьно шен хеттаршкахь Нохчийчоьнан Iедалхойн позици дIахьейийр ю, тIаккха ЕСПЧ-но хьесап дийр ду, сихо ян оьшу я ца оьшу.

Карладоккху, зорбанан гIирсаша яздарехь, кадыровхоша, ХIинжа-ГIаларчу зударийн къайлабохучу хIусамна чу а лилхина, Мангал-беттан 10-чохь нуьцкъаша Нохчийчу дIайигина Кадыровн гонерчу, Соьлжа-ГIаларчу "Гранд паркан" директоран Тарамов Аюбан йоI Тарамова Хьалимат. Царна гIо динера меттигерчу полицино. Чохь хилла бакъоларъярхой-зударий ницкъхоша нуцкъала дIабигинера полицин декъе, яздора хаамехь.

Хьалхо Тарамова Хьалимата видео яржийра ша лехамашка цаялар доьхуш. Ша шен лаамехь араяьлла цIера, шена еттарх, гIелоярх кIелхьарйолуш, бохура цо.

Едда лелларг цIакхаьчча юьйр ю, "доьзалан сийн дайъина" аьлла, орца доху бакъоларъярхочо, журналиста Анохина Светланас – Кавказерчу зударшна леринчу "Даптар" порталан коьртачу редактора.

Мехкан куьйгаллина хетарг довзийтина "Грозный" телеканалехула республикан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан а, информацин а министра Дудаев Ахьмада. Хиллачунна цо бехкебина зудчунна Кавказера яда аьтто бан гIиртина бакъоларъярхой.

Де хьалха пачхьалкхан "Грозный" телехьожийло зорбане яьккхира, ТарамовгIеран цIахь 35 минотехь шаьш яьккхина репортаж. Оцу видео тIехь Хьалимата дIахьедо, шена беш ницкъ а бац, ЛГБТ-н юкъараллаца шен гIуллакх а дац аьлла. Бакъоларъярхошна хетарехь, бертаза дIаязйина видео ю иза.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG