Молдавехь рогIера боцчу парламентан харжамашкахь дакъалаьцначу 12 партехь парламенте чекхяьлла 3. Президентан Майи Сандун агIончийн ПДС партино гулдина харжамхойн 47% кхаьжнаш. Цунна дуьхьал хиллачу коммунистийн а (хьалхаваьлла ву хилла президент Воронин Владимир), социалистийн (хьалханча хилла президент Додон Игорь) блокана шайн кхаьжнаш дIаделла 31% харжамхоша.
Бизнесхочо Шор Илана куьйгалла дечу "Шор" национал-консерваторийн партино гулдина 6,65% кхаьжнаш.
И жамIаш дIакхайкхийна Товбеца-беттан 11-чу сарахь Молдавин коьртачу харжамийн комиссино, 90% протоколаш теллинчул тIаьхьа.
Коьртачу харжамийн комиссин куьйгалхочо дийцарехь, хенал хьалха парламентан харжамаш дIабирзина кхин а хIара ду аьлла низам ца дохош. Харжамхоша дакъалацаран тIегIа дара 48,1%.
Хенал хьалха парламентан харжамаш дIабаьхьна Молдавехь махкахь политикан кризис хиларна. Цуьнан бахьана дара Iедалан структурашкахь цхьаmтерра ала мегар долуш даржаш дIалаьцна хиларн Оьрсийчоьнехьа политикан курс юьхьарлаьцначу а, Европан кхеташонца гергарло лелочу Майа Санду коьртехь а йолчу царна дуьхьал болчу оппоненташа а.