ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвахь леттачу ялх стагана хIоранна 15 де-буьйса хан тоьхна кхело


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Карарчу беттан 12-чохь "Кузьминки" метрона гергахь хиллачу летаршкхаь дакъалаьцначу ялханна чохь даккха 15 дей-буьйсий тоьхна. Уьш бехке бина гуламаш, митингаш, демонстрацеш дIаяхьаран къепе йохорна, яздо ТАСС агенталло.

Кеп-кепарчу хаамашца, 50-на тIера 200-на тIекхаччалц болчу Юккъерчу Азин къинхьегаман мигранташна юкъахь нисделлачу летаршна тIехула полицино лаьцна бIе сов стаг. Масех уьрсашца чевнаш йина хилларш дарбан хIусаме кхачийна.

Iедалца дага ца бовлуш,хIоттийначу митингехь дакъалацарна бехке бина ца Iаш, лецначийн хьокъехь административан протоколаш а хIиттийна. Пачхьалкхехь баха магийначу низамна тIехбийларна а, ишта кега-мерса хулиганалла лелорна а.

Леттачу цхьабочарна кхерам бу пачхьалкхера депортаци ян, тIаккхахула чубахка бакъо а йоцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG