ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчашна дуьхьал демарш? Муха а, хIунда а лецнера Францехь кхиазхой


Журналистийн хаттаршна жоьпаш луш ву Францерчу нохчийн юкъараллин жигархо Албаков Шемил
Журналистийн хаттаршна жоьпаш луш ву Францерчу нохчийн юкъараллин жигархо Албаков Шемил

Францерчу Страсбургана гергахь нохчийн виъ кхиазхо лацаро а, уллехь дай-наной а, адвокаташ а боцуш уьш лебаро а эргIадбаийтина нохчийн диаспоран векалш хьовха, шаьш французаш а.

Виъ нохчо, царах кхоъ 16-17 шераш долу кхиазхо ву, ткъа вуьалгIачун 18 шо каьчна деношкахь, лецира Францин Лахара Рейн департаментехь (Францин къилбаседа-малхбале, Страсбурган кIошт). Лерринчу сервисаша баржийначу хаамца, церан шеко кхоллаелла хилла уьш ницкъбаран акци кечйеш хилла мега аьлла.

Лецар

Лецарш дIадаьхьира лерринчу полицин тобано, DGSI цIе йолчу чоьхьарчу талламан сервисо куьйгалла а деш. Полисхойн лерринчу декъан белхахой чулилхира нохчийн доьзалийн хIусамашка Стигалкъекъа-беттан 25-хь Iуьйранна, неIарш а лелхийтина. ГIоьмаш тоьхнера кегийрхошна а, церан доьзалийн декъашхошна - дена а, вежаршна а.

Дайша-наноша дийцарехь, леррина операци дIахьуш хиллачу полисхойн карзахалла елира массо а доьзалийн декъашна. Цхьана минотехь царна моттара, полисхоша герз тоха а сахьт дац, шайга хаттарш дахь аьлла.

Кегийрхой лецар шуьйра дуьйцуш дара Францехь юккъерчу а, меттигерчу а прессехь, къаьсттина уьш къомах нохчий хилар а, Къилбаседа Кавказехь бина хилар а дуьйцуш.

Къомах мила ву бохург ца хьахоран кеп ларйеш яц нохчашца доьзна иза делахь

Францехь гIиллакхехь дацахь а лаьцначеран раса а, къам я дин хьехор, дуккха а зорбан гIирсашкахь бинчу хаамашна тIе а тевжаш, ала мегар ду, и кеп цкъа тергоне оьцуш ца хилар, нохчех лаьцна дуьйцуш.

ЦIийнах хьовсуш полицин лерринчу тобан белхахоша дIаяьхьира шайца ерриг а техника, шайна юкъахь доьзалийн декъашхойн телефонаш а йолуш. Шеко йолу кегийрхой а дIабигира шайца, дайшка-наношка цхьа а хIума а ца дуьйцуш. Масала, цхьаболчарна аьттехьа а хууш ца хиллера шайн кIант леван Париже дIавигина хиларх лаьцна. Кхиазхошна тIе ца битинера адвокаташ.

Лецна хиллачара дийцарехь, лебеш цаьрга хоьттуш хиллера ламаз муха до аш, радикалаш лорий аш шаьш, французашка а, вуьштта керст дине а хьежар муха ду шун, бохуш.

Виъа кхиазхо цхьаьна спортан клубе лелаш хиллера, цигахь уьш лата Iемаш хилла, амма тренинг чекхъяьлча кхин дIа уьйраш лелош ца хилла. Шаьш дIалацале хьалха гIуда тоьхна, я бехк баьккхина а меттиг Iоттаелла ца хиллера цаьрца. Кхаа кхиазхочун дайша-наноша дIахьедина уьш лецар низамца догIуш дац аьлла. Цара тIедожийна полицина, шаьш лелийначуьнан бахьанаш хаийтар.

ДIахецар

Стигалкъекъа-беттан 27-хь 60 сахьтехь лаьцна латтийначул тIаьхьа виъа маьршаваьккхира. Царах цхьанге а бехк ца кховдийна тIейогIу хенахь тIевар тIе а ца дожийна цхьанна а. Оццу хенахь бехк цабиллар а ца дехна полисхоша, дуьйцу гергарчара.

Лаьцначунна ур-аттала метрона билет а ца делла, вокзале кхаччалц дIаваха

Лаьцначех цхьанна "полицин декъера" араваьлча хиъна ша Страсбургехь а воцуш, цхьана кхечу шена евзаш йоцучу гIалахь хиларх лаьцна (иза хилла Парижана гергахь йолчу чоьхьарчу талламан сервисан резиденци), телефон а ца тохийтина цуьнга, цхьанге дуьхьал вола ала, ур-аттала метрона билет а ца делла цунна, вокзале кхаччалц дIаваха. Урамехь тIехбовлучу наха гIо дина аьтто баьлла цуьнан шен йишега ша волу меттиг йийца.

Оццу хенахь нохчий лецарх лаьцна яздинчу цхьана а газето хаам ца бина уьш дIахецна хиларх лаьцна – Францин лерринчу сервисаша хаам а ца бина оцу хьокъехь прессе.

Хаттарш дисна

Кхиазхой дIахецна масех де даьллачул тIаьхьа нохчийн телеграм-каналаша кампани яржийра, уьш бехке цахилар хьулдина долчу, амма бехк цабиллар а ца деханчу Iедалша лелийнарг емалдеш.

"Европерчу нохчийн ассаблейно" кхечу юкъараллин вовшахтохараллашца цхьаьна зорбан-конференци дIаяьхьира, хилларг дийца шаьш кхиазхой а, церан дай-наной а кхайкхина.

Кхиазхойх цхьамма дийцара, ша "хIинца а Iадийна ву", теша а вац ша и тайпаниг шеца хилла бохучух аьлла. Цул сов ша кхеташ вац элира цо, ницкъбаран акци кечйеш хилла аьлла шех шеко кхоллаяларан хIун бахьана хилла бохучух.

Оцу зорбан-конференцех лаьцна яздира Францин даккхийчу газеташа. Царна юкъахь ду Figaro (Фигаро) а, DNA (Дернье нувель д’Эльзас) а, Le Monde (Ле Монд) а, ткъа иштта агентство AFP (Франс пресс) иштта дIа кхин а. Цара дийцира кхиазхой лецначул тIаьхьа хилларг, гайтира Францин лерринчу сервисийн верси бух боцуш хилар.

Дуккха а меттигаш баьхкина нохчий дIалецна а, цул тIаьхьа уьш дIахецарх лаьцна хаамаш ца бина а

Парижерчу "Нохчийн комитетан" куьйгалхо йолчу Шодо Паскальна хаьа Францерчу нохчашца хилла оцу тайпа дуккха а истореш. Уггар хьалха цуьнга гIо доьху цхьана воне кхаьчначара. Шодос дийцарехь, иза дог-ойла гIелйелла яра Эльзасерчу бахархошна дуьхьал полицино лелийнарг бахьана долуш. Цо дагалоьцу, нохчийн дIалецна а, цул тIаьхьа уьш дIахецарх лаьцна хаамаш ца бина а меттигаш.

Юкъараллин жигархочо дийцарехь, стаг цIахьахьажош кечдинчу кехаташкахь дуьйцуш хуьлу иза полицино лаьцна хилла хилар, амма хьахош ца хуьлу, цхьа а бехк а ца буьллуш, иза дIахецна хилар. Цундела нохчийн кхиазхошца Iоттаелла истори тIаьхьало йоцуш дIайоьрзур хиларе сатесна ю иза.

Нантер гIаларчу политикан Iилманийн институтерчу профессора Ле Юэру Аннас тидам тIебохуьйту хилларг керла хIума цахиларна а, иза могIарера Францехь хуьлуш дерг хиларна а.

"Вола хала ду низамаш лардон органаша цу кепара мероприятеш дIахьош лелочух, амма иза нохчий дIалоьцуш лело башхалла яц, иштта хуьлу кехчу бирриг а бахархошца а, - боху профессора. – Иза доладелира 2015-чу шарахь "Шарли Эбдо" журналан редакцин офисна терроран тIелатар динчул тIаьхьа, бахархойн бакъонаш гатйеш, ткъа полицин бакъонаш шорйеш алсамъяьхначул тIаьхьа.

Ле Юэру дицарехь, иттаннаш меттигаш ю нах лецна а, цхьа а бекх а ца кховдош дIахецна а. "Юкъараллехь низамаш лардон органаш тIеэцар хийцалуш ду, уьш массарца а кIоршаме леларна, цхьана нохчашца лелла ца Iаш", - бохуш яра Ле Юэру.

Зорбан-конференци дIаерзош ""Европерчу нохчийн ассаблейно" кхайкхам бира массаьрга а вон цIе яккхийтар ларло аьлла а, экстремизман чулацам болу хIума ца хилийта болх бе аьлла а, ницкъ баре кхайкхамаш бар ма хилийта аьлла а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG