ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ца оьшучу организацешкахь дозанал арахьа болхбан ца магадо Путина


Путин Владимир

Оьшуш йоцучу, дозанал а арахьарчу юкъараллашкахь Оьрсийчоьнан бахархошна а, организацешна а белхаш бар ца магочу омрана куьйгъяздина Путин Владимира. Оцу документо бакъо ло Росфинмониторингна, арахьарчу мехкашкара схьахьежочу ахчанашна тIехь терго латтон. Центрбанкаца дага а бевлла, леррина тептар вовшахтухур долуш ду оцу пачхьалкхийн.

Цул совнах, оршотан дийнахь Путина кхин цхьа низам а къобалдина, ша Iалашван лаамца герз эца бакъо 21 шо кхаьчначул тIаьхьа бен ца луш. Ишта герз лелон лицензи кхачор яц герзах, лоьлхуьйтчу гIирсех пайда а оьцуш, къиза я юккъерчу барамехь лелийначу зуламашна тIехула, я терроран, экстремистийн башхаллехь зуламаш лелийна аьлла, таIзарш динчарна.

Наркотикаш я психотропан препараташ а лелийна, административан гIуллакхаш дуьхьал даьхначарна а могуьйтур дац герз лелон.

Герз оьцучу заманчохь 21 шо кхачаза а волуш, амма тIеман декхарш кхочушдеш я кхочушдина иза велахь, пачхьалкхан тIеман организацешкахь болх беш, я тIеман чин, я лерина юстицин цIе лелош иза велахь, бехкам цунах хьакхалур бац.

Оьшуш йоцуш лаьррачу вовшахтохараллех лаьцначу низамана тIе куьг таIийра президента Путин Владимира 2015-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь, цул тIаьхьа и низам масийттаза кIоршаме чIагIдира.

Махкахь хила оьшуш йоцуш лара мега муьлхха а Iедалшца йоьзна йоцу вовшатохаралла. Инарлин прокурорна а, цуьнан когаметтана а хетарехь, "пачхьалкхана а, цуьнан конституцин кепана а кхераме ю уьш".

Оьшуш йоцучу вовшахтохараллин тептарна юкъатоьхча цунна доьхкуш ду Оьрсийчоьнан территори тIехь болх бан, банкера чоьташ дIакъовлуш ю, цуьнан дерриг а дакъош дIакъовлуш ду. Оцу кепарчу вовшахтохараллашца юкъаметтигаш лелон а магош дац. Низам дохийначунна тIаздар до гIуда тохарца а, 8 шаре кхаччалц хан тохарца а.

21 шаре бовлазчу бахархошна герз дохкар дехка деза аьлла, хьийхира Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца шен хиллачу цхьанакхетарехь Росгвардин куьйгалхочо Золотов Виктора Стигалкъекъа-баттахь. Казанехь, гIалин малхбалерчу агIонехь лаьттачу Файзи Джаудатан урамерчу №I75 гимназехь уггар кIезиг 8 стаг а вуьйш, 19 шо долчу Галявиев Ильназа герзаш диттинчул тIаьхьа Золотовс бина сацам бара иза. ВорхI бер а, ши хьехархо а йийра оцу тIелатарехь.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG