ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Роспотребнадзоран куьйгалхо: COVID-19 дIасаяржар лахлуш ду


Оьрсийчоь -- Роспотребнадзоран куьйгалхо Попова Анна
Оьрсийчоь -- Роспотребнадзоран куьйгалхо Попова Анна

Оьрсийчохь коронавирус яржар цхьана тIегIане а кхаьчна, сецна, цамгар кхеттачу нехан терахьаш лахдала дуьйладелла, хаам бина "Россия-1" телеканалехула Санитаран коьртачу лоьро, Роспотребнадзоран куьйгалхочо Попова Аннас.

Вирусан «болар лакхадийлар сецна», аьлла Поповас.

Официало хIора дийнахь далочу терахьаша бахарехь, Оьрсийчохь тIаьххьарчу шина кIиранна юкъахь хIоразза а 10 эзарнал кIезиг нисло инфекци хьакхаелла нах. Амма хьалха а санна, керла дархой совбуьйлу тобеллачу нахал. Оцо гойту Оьрсийчохь цомгуш хуьлучийн могIарш кхиар цкъачунна сецна доцийла.

Поповас дийцарехь, "массо а регионаша къахьегна стабилизаци хилийта", наха ларйо шайн могашалла. Цо бахарехь, халкъ "Iама деза керлачу хьелашкахь даха", дархойн терахьаш мел лахделча а, вирус «"вайца ехха Iийр ю".

Оьрсийчоьнан бахархоша хенан йохалла вовшашца "дистанци а латтор ю, арахь, юкъарчу транспорта чохь, белхан меттигашкахь масканаш а лелор ю", аьлла Поповас.

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира динчу дIахьедарца, "белхан денош доцу хьал" чекхдаьлла Стигалкъекъа-беттан 11-чу дийнахь. Амма карантинан хьелашкара мехкаш бахар дитина регионийн куьйгалхойн карахь. Москвахь, масала, изоляцин хьал дIадахдина кху беттан 31-чу дийне кхаччалц.

  • Оьрсийчоьнан Iедало далочу терахьашца, Стигалкъекъа-беттан 17-чу денна коронавирус шайца карийна нах бу 281 эзар сов, велла царех 2 600 сов стаг. И тайпа терахьаш, къаьсттина беллачийн, шеконе диллира прессехь. Массех хаамийн гIирсо дIахьедира, COVID-19 йолуш беллачийн терахь лахдечух тера ду, аьлла. Оьрсийчоьнан Iедало доцург даржорна бехкбиллина арахьарчу хаамийн гIирсашна. Амма оцу юкъанна могашаллин министралло даредо, стеган кхалхар кхечу бахьанашца нисделла хилча, лоьраша и стаг вохуьйтуш вац коронавирусах беллачийн декъа, бохуш.
  • "Ойла ян а ца оьшу" лоьраш коронавирусан цамгар къайлаяхьа гIерта бохучух лаьцна, дIахьедира "России-1" телеканалехула вице-премьера Голикова Татьянас. Цо дийцарехь, кехаташна тIе цамгар коронавирус язъяр лоьрашна пайде а долуш ду, царна алапа сов ло ун долчу нахаца болх барна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG