ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалин мэр лаьттинарг Пачхьалкхан думе воьдуш ву


Хаджимурадов Iийса (юккъерниг)
Хаджимурадов Iийса (юккъерниг)

Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочун харжамашкахь дакъалаца шен кандидатура хъалхатеттина Хаджимурадов Iийса Пачхьалкхан думе боьлхучу депутатийн могIарехь ву. Мехкан харжамхойн комиссино бечу хаамца, цхьана мандатехула йолчу харжамийн гонехь къовсалур ву Хаджимурадов.

Харжамийн комиссин инстаграмерчу агIонехь мехкан урхалхочун харжамашкахь дакъалоцучу Кадыров Рамзанца а, меттигерчу парламентан депутатца Накаев Халидца а цхьаьна язвина ву Хаджимурадов.

Хьалхо шен инстаграмера аккаунт къайлаяьккхира Хаджимурадов Iийсас. Оппозицин IАДАТ телеграм-каналан тергамца, хьаькамо шен аккаунт къайлаяьккхина, иза къобалвеш дуккхаъчу нохчийн пабликашка язбеллачара комментареш язйича.

2021-чу шеран гурахь хила беза Къилбаседа Кавказерчу беа махкахь куьйгалхойн харжамаш – юхахаржа тарлуш ву Нохчийчохь – Кадыров, Кхарачой-Чергазийчохь – Термезов, керла, ханна хIиттийна куьйгалхой Дагестанехь а (Меликов), Къилбаседа ХIирийчохь а (Меняйло).

"Нагахь санна ур-атталла масех процент бахархой а сан кандидатурина дуьхьал хилахь, со харжамашка ваха дагахь вац", - хаам бира Кадыровс Стигалкъекъа-беттан 19-хь "ВКонтакте" социалан машанехь.

2019-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц Соьлжа-ГIалин мэр лаьттира Хаджимурадов Iийса. Кху шеран Зазадокху-баттахь цуьнан метта Нохчийчоьнан куьйгалхочун дешичин кIант, 30 шо долу Кадыров Хас-Мохьмад хIоттийра. Хьалха иза вара республикан куьйгалхочун а, Iедалан а администрацин куьйгалхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG