ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стаг вийна аьлла шеконашца лаьцна ГIалгIайчуьра вахархо


Карарчу беттан 23-чохь хиллачу инцидентехь меттигера цхьа вахархо вийна, кхаанна чевнаш йина аьлла, шеконашца лаьцна ГIалгIайчуьра 59 шо долу Кодзоев Мохьмад. Несаран кIоштан кхело мел лахара а шина баттана иза лаьцна вуьтуш сацам бина, яздо "Интерфаксо".

Маршо Радионо яздира, Мангал-беттан 23-чохь латта къовсуш, герзаш диттина хиларх ГIалгIайчуьрчу Несаран кIоштахь.

"1962 шарера волчу меттигерчу вахархочо бахамца доьзна цIеххьана иккхинчу девнехь таллархойн "Сайга" карабинца чевнаш йина веа стагна. Лазийнарш дарбан хIусаме бигина, царех цхаъ дIаваьлла цигахь.", – бохура ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин сайто. Лазийначарлахь хиллера герз тоьхначун кIант а цхьана, ша Кантышево эвлара ву иза.

"Интерфаксан" хаамашца, къовсаме даьлла дакъа мангал тухуш, лелош меттиг хилла.

Охан-баттахь ГIалгIайчуьрчу Лакха Ачалкхехь герзаш диттира вовшашна бухарчу хIусамдассий, иза волчу веъначу Ставрпол-махкарчу хьешой, лазийра урамехь нисвелла 15 шо долу жима стаг.

Стохка аьхка гIалгIайн кIоштан центрехь Соьлжахь герзаш детта леташ чевнаш йира 9 стагна. Бахьана дара Нестеровская стницерчу алминистрацехь мукъадаьлла дарж къовсар.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG