ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трамп реза ву Конгрессе харжамийн жамIашна


Iамеркан президент Трамп Доналд.

Iамеркехь демократийн аьтто баьлла Конгрессан векалийн чоь шайн Iуналле эца, ткъа Республикан партин агIончаша кхин а алсамдаьккхина Сенатехь шайн болчу векалийн терахь. Цу кепара жамIаш ду шинарин дийнахь Лахьан-беттан 6-чохь Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь хиллачу юкъана олучу харжамийн.

Демократин партин кандидаташа толам баьккхина конгрессменаш болу Республикан партин векалшна тIехь 30 гергга харжамийн гонехь, коьртачу декъана гIалийн йистошкахь.

Тергамхоша билгалдоккху цу меттигашкахь бехарш коьртачу декъана дика дешна болу, юкъал тIех хьал долу нах хилар, дукхачу хьолехь Республикан партина шайн кхаьжнаш дIалуш болу. Цундела цу наха хIинца президентана Трамп Доналдана дуьхьал кхаж тесна аьлла хета говзанчаша.

Оццу хенахь Республикан партин Iуналлехь йисина Сенат. Цуьнан кандидатийн аьтто баьлла сенаторшна-демократашна тIехь толам баккха Къилбаседа Дакотехь а, Индианехь а, Миссурихь а.

Вон дац демократаша губернаторийн харжамашкахь гайтина жамIаш. Цхьайолчу штаташкахь, масала Висконсинехь, церан аьтто баьлла республикан партин кандидаташна тIехь толам баккха.

Демократаша хир бу куьйгалла деш Нью-Йорк а, Калифония а штаташкахь. Республикан партин векал тоьлла Флоридехь.

Iамеркан президенто Трамп Доналда дIахьедар дина харжамаш вуно дика жамIаш долуш чекхбевлла аьлла.

Сенатехь агIончаш алсам хиларо аьтто бийр бу цуьнан, цхьа а халонаш а йоцуш, президентан администраце нах дIахIитто. Оццу хенахь Конгрессан лахарчу чоьнехь демократаш алсам хиларо халчу доккхур ду Трампана низамаш тIеэцар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG