ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Филиппинашкахь тIеман кема доьхна, мел лахара а 17 стаг велла


Доьхна Lockheed C-130 кема
Доьхна Lockheed C-130 кема

ТIеман-транспортан Lockheed C-130 кема Филиппинийн къилбехь охьахаочу заманчохь доха а доьхна, даьгна, хаам бина Reuters агенталло. Кеманчохь хилла 92 стаг, къаьстина, царех велла 17 карийна хилар.

"Лазийна 40 кIелхьарваьккхина, кхин дIа а нах лоьхуш, белхаш дIахьош бу", - аьлла ду пачхьалкхан тIеман министро динчу дIахьедарехь. Холо гIайритIерчу тIеман лазартне кхачийна чевнаш хилларш.

Пачхьалкхан къилберчу Патикул муниципалитетан кIоштахь йолчу Сулу провинцехь хилла бу бохам. Масех чакхарма дехьа йолчу Джоло аэропорте кхача ницкъ ца тоьъна кеман.

Антитерроран операцехь дакъалацархьама Холо гIайри тIе боьлхуш хилла тIемалой: Филлипинийн къилбехь лелаш ю масех тоба, царех цхьаъ ю, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах йоьзна йолу "Абу Сайаф".

Кема лаьтта доссор ца нисделлера цуьнан нуьцкъалла ярца доьзначу бахьанашца аьлла, хаам бина Филиппинийн эскаран коьрта буьйранчас Собежана Сирилитас.

ТIемалойн кхечу векало, полковнико Аревало Эдгара бахарехь, кеманна тIелатар дина аьлла, билгалонаш хааелла яц, делахь а, тIетоьхна цо, талламбар жигарчу фазе даьлла дац - цкъачунна нах кIелхьарбохуш бу аьлла.

"Медузас" билгалдаккхарца, цхьана баттахь шолгIа хилла авиакатастрофа ю хIара. Мангал-бутт бовш ялх стаг чохь а волуш, тIеман кема дуьйхира. Берриш а беллера вертолет чуьра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG