ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дарбан цIийнехь цIе яьлла 92 стаг велла Иракъехь


IRAQ-FIRE/HOSPITAL
IRAQ-FIRE/HOSPITAL

Иракъерчу Насирия гIалахь дарбан цIийнехь цIе яьлла беллачийн терахь кхиъна 92-нне, хаам бина зорбанаша дахначу шинарин дийнахь. БIеннал сов бу оцу цIергахь чевнаш хилларш. Хьалхо яздарехь, коронавирус кхетта дархой Iохкучу декъехь кислородан баллон иккхина, яьлла ю цIе.

Могушалла Iалашъяран векалша дIахьедира, цIе дIа а яйина, нах лоьхуш белхаш болийна аьлла.

Премьер-министран Мустафа ал-Казымис дIахьедира, министршца ша цхьанакхетарш дIадаьхьна, цхьа могIа могушалла Iалашъяран сферера хьаькамаш дIа а леца, шайлахь дарбан цIийнера декъан куьйгалхо а цхьана аьлла, тIедиллина ша хиларх а.

Охан-баттахь, иштта кислородан баллон а иккхина, COVID-19 ун токхучш болу нах Iохкучу Багдадерчу дарбан хIусамехь а цIе яьлча мел лахара а 82 стаг велира, чевнаш йира 110-нна.

Таханалерачу дийнахь Иракъехь 1,4 миллион стаг ву коронавирусан ун даьлла, 17 эзар сов стаг кхелхина лазарх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG