ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Хаамийн гIирсийн маршонан мостагIийн" тептаре язвина Путин а, Лукашенко а


Лукашенко Александр а, Путин Владимир а

"Прессан маршонан мостагIийн" тептар зорбане даьккхина"Доза доцу репортераш" организацино, яздо Свобода Радион оьрсийн сервисо. Цу юкъа вахна, авторшна хетарехь, пачхьалкхехь цензура юкъа а ялош, журналисташна дуьхьал ницкъ баккха тIехьоьху 37 лидер.

Ткъех шо а ду оцу тептарехь Путин Владимир а, Лукашенко Александр а хуьлу. Кху шарахь "прессан мостагIашлахь" нисвелла, Евробертан пачхьалкхана юкъабогIучу мехкан политик, Венгрин премьер-министр Орбана Виктор а.

Рейтинг хIотточарна хетарехь, хIора оцу лидеран шен-шен метод ю урхалла дарехь а, журналисташна тIеIаткъам барехь а. "Доза доцчу репортераша" бахарехь, Путин Владимиран кеп ю - къоман авторитаризм. 2012-чу шарера схьа дуьйна саццаза интернетехь шайн контроль алсамйоккхуш ю Iедалхоша, йоьхку билгалйина цхьацца кепара контент, бахархошна тIехь терго латторхьама хIиттош ю видеокамераш, билгалдоккху авторша.

"Арахьарчу агентех" долчу низамо новкъарло йо Оьрсийчуьрчу хаамийн гIирсийн балхана 2012-чу шарера схьа дуьйна. Олигархаша а, совдегарша а дIаоьцу йозуш йоцу хаамийн гIирсаш, Кремлан позицина тIетовжа декхаре еш.

Иттаннашкахь журналисташ дIалоьцу полицино урамашкарчу дуьхьалонан акцех дуьйцучу заманчохь. Мел лахара а, царех бархI журналист набахтехь ву хIинца а.

Лукашенко Александарн метод - пачхьалкхан террор ю, яздо рапортехь. Цуьнан уггар а коьрта Iалашо ю - урамашкара протестех лаьцна ца дицийтар. Цуьнан дуьхьа Лукашенкос омра дина журналисташ леца, кхерамаш туьйсу царна, набахтешкахь Iазапаш латтадо тIехь, чIагIдо документ арахецначара. "Доза доцчу репортерашна" хетарехь, Лукашенкос хIуъа а дийр ду, журналистийн Iа лакъорхьама.

Авторша дагадоуьйту, Минскехь ца даьлла кема охьа а доссийна, блогер Протасевич Роман дIалацар.

Iедална дIалучу ясакхашца курхаллаш лелийна аьлла, "цхьа а тоьшалла а доцуш" бехкзуламан гIуллакх дуьхьал даккхар йозуш йоцчу хаамийн Tut.By сайтан куьйгалхошна.

"Оцу хIора экхан шен-шен хатI ду. Цхьаболучара терроран паччахьалла дIахIоттайо, тамашен, хьекъал доцу омранаш а деш. Вукхара саьрмикан низамийн буха тIехь, леррина ойланца кечйина стратеги лелайо. Церан кепех керла норма а йина, магийта мегар дац вай", - аьлла "Доза доцчу репортерийн" инарла секретаро Делуар Кристофа.

Тептаре баьхначу керлачу декъахойх уггар а бIаьрла ву, авторшна хетарехь, 35 шо долу СаIуда Iаьрбийчоьнона эла Мохьаммад бен Салман. "Журналисташна лерина уггар а йоккха набахте" олу цуьнан паччахьаллех.

Ши зуда а ю тептаре язйина. Царех цхьаъ - Гонконган административан кIоштан урхалхо Кэрри Лам ю. Китайн президенто Цзиньпин Сис тайниг йина лелочу цо лечкъа а ца деш дIахоуьйту хаамийн гIирсашкахь ша тоталитаран политика къобалъеш хилар. Мангал-беттан 24-чохь пачхьалкхехь дIакъевлина дозуш доцу Apple Daily Гонконган газета. Иза схьадиллина, прессан маршонан RSF совгIатан лауреат Лай Джимм набахтехь ву.

Тептарера шолгIа зуда ю - Бангладешан премьер-министр Хасина Шейх. Терахьаллин кхерамзаллех низам тIеийцира иза куьйгаллехь йолуш 2018-чу шарахь. Оцу низамо бакъо елира 70 сов журналист а, блогер а бехкзуламан жоьпалле озон.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG