Нохчийчуьра кегийрхой реза ца хилла Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир вогIу аьлла, "Машук" лагеран территори цIанъеш дакъалаца. Цунах лаьцна яздо "Коммерсант" газето.
"Экологин проект" аьлла цIе а тиллина, гуттар чIогIа лагеран территори цIанъян сацам бина хилла форуман куьйгалхоша. Амма Нохчийчуьрчу декъашхоша тергал ца деш дитина иза. Нохчийн кегийрхошна хетарехь, иза дан дезаш бара цу гIуллакхна леррина кечбина болу кхин нах, яздо "Коммерсанто".
Оццу хенахь Znak.com сайто, "Машук" форуман зорбанан сервсисна тIе а тевжаш, яздо, шайн лаамехь кхочуш ечу кхаа проектах – дарбанан хIусаме бахар, берийн хIусаме бахар, территори цIанъяр – нохчаша дакъа ца лаьцна нехех территори цIанъеш.
"Машукан" векалша билгалдаккхарехь, цIано яр дацара лагеран кертахь. Ткъа иза ечу агIор бехаш бацара форуман Нохчийчуьра декъашхой, хаам бо сайто.
Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир хилира "Машук" кегийрхойн лагерехь кхаарин дийнахь Марсхьокху-беттан 15-хь. Кавказ.Реалиин корреспонденто бинчу хааца, Путина цигахь яьккхина цхьа сахьт гергга хан.