ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нурмагомедов Хьабиб реза вац юха лата


Промоушенан президенто Уайт Дана Канадерчу латархочуьнца Сен-Пьер Жоржаца лата аьлла, ринге кхайкхина ша аьлла, дийцина UFC-н экс-чемпионо Нурмагомедов Хьабиба.

"Хаам кхаьчна соьга цуьнгара: "Маршалла, Сен-Пьер Жорж хьоьца лата лууш ву". Ас жоп делира: Ас хIун дан деза?" Со хIоьттина. Билггал чекхдаьлла дерриг а", - аьлла Нурмагомедовс.

32 шо долчу Нурмагомедовс ша эйинчу кепийн летаршкахь волуш дIадаьхьина 29 цхьаьнакхетар, ца эшна цкъа а. UFC-хь 2012-чу шарахь дуьйна вара иза, цигахь 13-зза тоьлла.

2021-чу шеран Зазадоккху-баттахь Нурмагомедов Хьабиб, цо карьера ерзорца доьзна, ваьккхира UFC-н массо а рейтингашкара. Ша спорт юьтуш хилар дIахьедира цо америкахо Гэтжи Джастин ша эшийначу дийнахь – стохка ГIадужу-беттан 24-чохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG