ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Масхадов - Сепаратистийн Лидер Я Террорхо?


Оьрсийчоь -- Нохчийчоь -- Нохчийн Президент Масхадов Аслан а, Нохчийн тIеман баьчча Басаев Шемал а, 1999 шо
Оьрсийчоь -- Нохчийчоь -- Нохчийн Президент Масхадов Аслан а, Нохчийн тIеман баьчча Басаев Шемал а, 1999 шо

Зазадоккху беттан 8чу дийнахь оьрсийн лерринчу сервисан векалийн карах нохчийн сепаратистийн лидер Масхадов Аслан кхалхаро карладаьккхина дукха хенахь дуьйна дийцаре деш хилла хаттар "хIун дакъа лоцуш вара Масхадов, тIамо хIуманна ца мегачу яьккхинчу Нохчийн республикехь? Мила ву иза – нохчийн тIемалойн лидер я, оьрсийн Iедалша чIагI ма-дар, дуьненаюкъара террорxо?"


Масхадов Аслан веро чIогIа дог дохийна, машаран дагадовларш а дина, хIокху дуьнентIехь уггара къиза а, тамашена а лоручу Нохчийчура тIаман чаккхе ган луучу нехан. Кремлана иза тахана шайн боккха толам хетахь а, кхана Iуьйрре оцу толаман хила тарлучу тIаьхьалоно инзарйоккхур ю Москох, ца моьттург а иккхина. Иштта ю, доккхачу декъана, дуьненаюкъарчу политикан хьажархойн а, бакъонашларъярхойн а ойланаш. "Мила вара Масхадов Аслан" бохучу хаттаран хьокъехь "иза дуьненаюкъара террорхо вара", аьлла, къийса йиш йоцчу кепара дIахьедар дина Оьрсийчоьнан Iедалша. Оьрсийчоьнан Думин спикера Грызлов Бориса дIахьедар дира, Масхадов вер массара а муха тида деза дуьйцуш.

Грызлов: Дуьненаюкъара террорхо хIаллаквар массара а муха тида деза аьлча – оцу кепара жамIаца зулам кIезиг хир ду аьлла.

Маршо радио: Кхин берш сих ца ло оцу кепара чIагIо ян. Цхьанне а диц ца делла, иза 1997 шарахь нохчийн къомо шен президент хаьржина хилла хилар а, Москоха Нохчийчу шолгIа тIом беъча, машарехьа къийсам латточу нохчийн тIемалойн лидер хилла хилар а.

Рыбкин Иван, ша Оьрсийчоьнан кхерамазаллин Кхеташонан секретар волчу хенахь, Масхадов Асланца дагадовларш дIакхехьна а, цуьнца Оьрсийнонан агIора берташ бина а ву.

Маситта бIе шарахь Оьрсийчоьнна а, Нохчийчоьнна а юкъахь лаьттачу конфликтехь, вуно хала хаттар къастош, машаран некъ кхийдабора цо

Цунна хетарехь, Нохчийчура дов хIумма а доцчунна тIе а даьккхина, дуьненна хьалха, шаьш машар безарш а долуш, ткъа нохчий, хIокху дуьнентIерчу къаьмнашна юкъахь уггар боьха къам санна гайта лууш ю Оьрсийчоь. Оцу Iалашонна тIекхачархьамма дIаваьккхина Оьрсийчоьно, шайга машар кхийдош хилла волу Масхадов.

Оьрсийчоь -- Рыбкин Иван


Рыбкин: Оцу моттаргIанийн новкъахь, царна дуьхьало еш лаьттара Масхадов Аслан. ХIунда аьлча, даиманна царга машаран некъ кхийдош вара иза. Дукха шерашкахь, масийтта бIе шарахь Оьрсийчоьнна а, Нохчийчоьнна а юкъахь лаьттачу конфликтехь, вуно хала хаттар къастош, машаран некъ кхийдабора цо. Долуш ма ду иза, лачкъалур ма дац иза.

Маршо радио: Эпсарийн кхеташонан гIантда хаьржина хилла Масхадов, тIаьххьара ша гIуллакх деш хиллачу дивизехь. Шен къамелаш хиллачу Масхадовн белхан накъосташгара а, хьакамашкара а цунах лаьцна цхьа вон дош ца хезнера элира Маршо радиога Рыбкин Ивана.

Рыбкин: Дукха хIума гойту цо. Сан белхан декхаршца доьзна хиларе терра, дуккха а цуьнан белхан накъосташца а, инарлашца а, полковникашца а, майорашца а, кхин болчарца а къамелаш хилла сан - церан багара нийсса цхьа вон дош ца хезнера суна Масхадовх лаьцна. Иштта, сан дагахь а висна-кх иза.

Маршо радио: Оьрсийчоь Масхадовх террорхо ван гIертаран бахьана цхьаъ ду боху Рыбкина.

Рыбкин: Тахана Оьрсийчоьнан куьйгалле баьхкина болу нах, лерринчу сервисийн а, ницкъаллин стуктурийн а векалш бу. Дукхах долу хаттарш сиха а, доккхачу декъана, ницкъаца а къасто Iемина бу уьш. ХIара ду-кха тахана Оьрсийчохь а, Къилбседа Кавказехь а хуьлчун коьрта бахьана.

Маршо радио: Масхадов Асланан кIанта Анзора бахарехь ша тIеман стаг а, эпсар а хиллехь, тIом безаш стаг вацара цуьнан да.

Анзор: Цо бохуш дерг хIун дара. «Ша тIом сацо кийча ву муьлххачу хенахь а. Ах сахьт а ца оьшу иза сацо а и Путин кхето а» даиманна а олуш дар-кха цо иза. ТIаккха, хIара тIом болалучу хенахь Северо-кавказский (Къилбседа Кавказан) пачхьалкхийн лидерш вовшах а тоьхна, къамел дан гIерташ, кхайкхинера цо. Цхьа лидер а ца веара. Стенна ца веара? Оцу гIазакхех кхерабеллера. ХIун ала гIерташ вара иза цаьрга? Цхьаний, вовшах а кхетта и тIом чу ца баийта, бертахь хIума дан гIерташ вара иза. Цхьанне а ца лиира иза.

Маршо радио: Масхадов Асланан дакъа шен гергарчарга дIалур дац аьлла официала дIахьедар дина Оьрсийн Iедалша. Шайн низамашца а догIуш, цхьанне хIун ду, мила ду ца хуучу кепара дIавуллур иза элира шинарин дийнахь оьрсийн инарла прокурора Устинов Владимира.

Дуьненчохь дина къинош бахьанехь, веллачул тIаьхьа, стагана таIзар дан мегар дац дуьненахь лелачу низамашца


Мухумаев Мохьмад-Расул – Нохчийчоьнан луларчу ДегIастанара Iилманча а, арабист а ву. Шен хенахь, Кавказан къаьмнийн конфедерацин муфтий лаьттина а ву иза. Иза реза вац, оьрсийн Iедалийн сацамна.

Мухумаев: КъорIан тIехь аьлла ду, дуьненчохь дина къинош бахьанехь, веллачул тIаьхьа, стагана таIзар дан мегар дац дуьненахь лелачу низамашца. Президент хаьржина стаг вара Масхадов. Къомо хаьржинера иза. ХIинца иза вийна ву. ШарIо ма-хьеххара, дIаволла веза иза.

Маршо радион ша еллачу интервьюхь Масхадов Аслана цкъа элира, Нохчийчура тIом шех а, я кхечу тIемалойх а бозуш бац, иза дерриг а нохчийн къоман деган лазам бу. Шен метте кхин хIуттур ву, аьлла. Тахана нохчийн къомо шеконе ца дуьллу, Масхадов нохчийн тIемалойн лидер хилла я ца хилла бохург. Сагатдеш дерг, цуьнан меттиг хьан дIалоцур ю бохург ду.


(ХIара программа эфирехь хилла Зазадоккху беттан 9-чу дийнахь, 2005-чу шарахь)

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG