Аслаханов Марат: Оцу тхайн ярташка хьала а дахана, цигахь Iер-дахар дийца дахана дара тхо. ХIун дича хIун хира дара те бохуш дийцир оха оцу гуламехь. Тахана, цкъа а исторехь хIума хилла дац, Iедало гIо деш. Тахана Iедало гIо дечуьра ара а девлла, вай веша цхьа гIуллакх де вай аьлла и дуьйцуш дар-кха тхо. Сацам тхан муха хила хьуна аьлчи, Iедало шен йиш йолччуьра, гIо дийр ду боху.Тхайн аьтто берг оха а дийр ду аьлла барт бина оха. Кхин цхьа хIума а дара оха цигахь айина - юкъараллин организации кхоллар. И хIума ду оха хIинца дийцаре деш.
Маршо радио: ЧIеберлойн махка адамаш юхадерзо хIун дан деза? ХIун дича хьалабогIура бар уьш?
Аслаханов Марат: Белхан меттигаш а хилла, цига вайнах болх бан схьаэцча гIуллакх хир дар-кха цунах. ХIинца и турбаза еш ю цигахь, ЧIебарлара боцург, массанхьара а бу цигахь болх беш нах. Дагестанера а бу, цхьа километар уллехь Хой бохуш йолу юьрт йоллушехь. Газ а, ток а ца хилча ца йолу цигахь. Иза уггаре а хьалхара хIума ду, дахаран хьал кхулуш долу.
Аслаханов Марат ша оцу махкахь Iийна вац, амма, 3-4 шо хьалха, цига дуьххьара ша кхаьчча, цуьнан дахар, цо ша бахарехь, тIекIалдаьллера. Ша хIинцалца оцу Iаламат хазчу меттиге ца воьдуш дайина долу шераш, эрна хетта цунна. Iадиз цIе йолчу стеган бералла а, жималла а, къоналла а, оцу лаьмнашкахь дIаяхна. ХIинца иза шен доьзалца, охьанехьа, Соьлж-гIалана йистехь вехаш ву. Ков-керт а ду, бераш а, цхьаццанхьа дIатасаделла ду. Ша хьала а веана, ломанца ваха, оьшуш долу хьелаш билгалдехира цо Маршо радиога вистхуьлуш:
Iадиз: Оьшуш дерг, лахахь долчу дахарца дуьстича, чиркх беза кхузахь. Уггаре а хьалха оьшург некъ бу. Цул тIаьхьа газ ю, тIаккха чиркх бу. ТIаккха адам хьаладогIур дара кхуза, даьхний а лелор дара. Тахана уггар а галдаьлларг хIун ду? Кхузахь даьхнийлелоран бахам белхьара. Кхузара йол-докъар, 70 километар Веданара а ца кхоьхьуш, кхузахь иза ша дерриг делахьара, боккха пайда хир бара. ХIара йоккха меттиг ма ю. ХIара вайна схьагуш ерг, иза хIумма а йоцург ма ю. Дика вола а велла хьаьжча, тIаккха хуур ду и мел дика меттиг ю. Цунна бала а хилла, цхьа хIума дича, кхузахь боккха аьтто хира бара аьлла а хета суна.
Мунаев ИсмаьIал, Нохчийчохь вевзаш волу историк а, этнограф а ву. Нохчаша дIатесначу ярташна а, эвлашна а кхин да волу, цундела сихонца оцу проблемина терго ца яхь, кхана-лама оцу меттигашна дола деш лулахой хила мега элира цуо.
Мунаев ИсмаьIал: Тахана уггаре а беркате йолу и меттигаш дIатесна льатташ ю. ТIаккха дIатесначу меттиган да волу. Я эскархойн хьулу уьш, я гуьржийн хуьла уьш, я суьйлийн хуьлу уьш. Тахана оцу дозанхошца а, эскархошца а Тусхар къуьйсуш ду тхо. Цара боху и меттигаш дIатесан меттигаш ю. Ма атта а олу цара иза. Къам цигара дIадахана ма дац, къам цигара нуьцкъала арадаьккхина ду. Цига адам юхадерзош къахьега деза вай. Вай дайша лелийна долу гIиллакх а лелош, хазза, нах а хилла дIагIур дар-кха вай.
Нохчийн лаьмнаш дIатасаро боккха эшам бина къоман гIилалкхашна а, маттана а аьлла хета, масала, яздархочунна Бексултанов Мусана. Хьаьстина а, човхийна а, ахча делла а, мухха а, нах лаьмнашка юхаберхо беза аьлла тидам бира цо.
Бексултанов Муса: 20 процент я 40 процент латта ду лаьмнашкахь. Лаьмнашкара нах охьабовлар бахьана долуш Са арзделла вайн. Мотт а, гIиллакхаш а арзделла вайн. Дерриге а вайн гIиллакхаш лаьмнашкара охьадевлла ма ду. ШозлагIа тIом болабелча, салташа I00-200 кIотар охьяьккхина цигара. Уьш новкъа болуш охьабогIуш бац. Уьш, са а, хIума а ца йисийта охьабогIуш бу. Лаьмнашка цхьа программа а хIоттина, нуьцкъала я етташ а, я хьостуш хьалабахийта безара цига нах. Со лелла ву оцу лаьмнашкахула, жима волчу хенахь. Iуьйранна ахьа жа дIалаьллича, кхерам хилара хьан жа, кхечу жех дIакхета. Массо а лаьмнаш жаш дIалаьцна дара. Ас цу нахана юхадала а ца дезаш долу ссуданаш долуьйтур дара. Иштанехьа, ГIалмакх махкара даьхний далор дара.
I940 шерашкахь тIом болабалле Шуьйта а, Итум-кхела а, Шара а кIошташкахь, мел лаххара а, I20 эзар стаг вара вехаш. Даьхний лелор дукха даьржина хIума хилла. Гуьйранна бежнаша а, уьстагIий а Терк йисте дIадигара, Iанара даха. ХIета и меттигаш жижигех Iана а яхана яра боху, оцу заманан хенахоша. ХIета дуьйна Iедало йолийна хилла, лаьмнашкара адам охьадаьккхина, аренашкахь охьаховшийна. 90-гIа шераш дуьйлалучу хенахь меттигаш такха а йолийна, иттанаш эзарнаш ломанхой охьабеьвлира, лахахь, керла ярташ а кхуллуш. Беркат-Юрт а, керла Энгана а ишшта дIа кхин а, керла ярташ ю Соьлж-гIалина уллехь дIасакхиссина. ХIинца цигара адамаш, юха лаьмнашка хьаладерзо хала делахь а, дан дезаш хиларна шеко яц Iедалехь болчеран а, могIарерчу нехан а, амма, къамелаца хьалавахча кийча ву ша верг а, амма, и хIума хила доладелча, хир буй те уьш ишшта жигара, гойтур ду замано.