ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бусулба Дино Йиъ Зуда Магийна Елахь А, Цхьанница Вахар Нийса Хета Говзанчашна


Маса зуда яло магийна цхьана стагана? – бохучу хаттарна жоп каро хIумма а хала дац Нохчиqчохь а, Къилба-Седан Кавказера бусулба дин лелалчу махкашкахь а... Цигарчу бахархошна догIу жоп дика хууш ду. Ткъа хIун боху цунах лаьцна бусулба дино? бохучу хаттарна жоп луш ву Нохчийчура дешна стаг Керимов Сайд-Эми.


Бусулба дино бусулбан стагана, еанан тIекхаччалц, цкъа цхьана гулбеш, зударий бало мегар ду, аьлла, ду - оцу зударашна юккъехь нийсо латтор йолуш йелахь...
Мегар ду алар - иза, уьш бало беза бохург дац, цхьаъ ян а йолуш, кхин цхьаъ а ялийчи, цу юккъе барт а балур бац, йа нийсо а ялур яц, аьлла, хеташ велахь - оцу цхьанница вахар гIолехь ду, аьлла, ду...Нагахь санна а, таро хилча а, царна юккъехь лело езаш йолу нийсо а лелалур йелахь а еаннин тIекхаччалц а зударий бало магийна. Оцу зударашна юккъехь нийсо а, царан юккъехь хила дезаш долу гIиллакх-гIуллакх а... оцу тIехь чIогIа ларавала везаш хьал ду цигахь, царан луш долчу напханца а, кхин долчуьнца а, муьлххачу хIуманца а нийсо латто йезаш ю цу тIехь. Маса зуда хилла вайн пайхамаран?

Керимов Сайд-Эмис: Хьалхара цо ялийнарг- Хадижат (нохчаш – Хедишт, олий, йоккхуш ю и цIе) хилла. Цулла тIаьхьа балийна бу цуьнан, иза кхелхинчулла тIаьхьа, вуьш зударий. Цо балийна болуш болу зударий - пайхамарца шеца къаьстина долуш долу хIума ду, оццулу зударий вайга балабе ца боху Дала, йа вайга и нийсо лелалур ю а ца боху.
Цо оццул зударий балийна аьлла, вайга а балабе бохург дац иза. КъорIан тIехь вайна билгалдаьккхина - цхьаъ, шиъ, кхоъ, еанна тIекхаччалц, аьлла ду.

Цуьнан хьалхара зуда - иза цулла йоккха а хилла - хенан, цунан дика накъост а хилла цунах. Цуьнан зуда хилла ца Iаш, кхин долчу муьллахачу а хIуман тIехь цуьнан дика накъост хилла ю цуьнан зуда. Цо дуккха а хIуман тIехь гIо а дина пайхамаран, Делера Салам хуьлда цунна. Вукхара ца дина, бохург, дац иза. Делахь а, иза къаьсттина - и пайхамаралла цуьнга дуссучу хенахь цуьнца хилла ю иза. Эццагахь цунна уггара чIогIа гIо оьшучу хенахь, накъосталла оьшучу хенахь, циггахь цуьнан накъост хилла лаьттина ю цуьнан зуда. ТIаккха иза дIаяьллачулла тIаьхьа кхин зударий а балийна цо. Цо оццул зударий балийна аьлла, вайга а балабе бохург дац иза. КъорIан тIехь вайна билгалдаьккхина - цхьаъ, шиъ, кхоъ, еанна тIекхаччалц, аьлла, ду.

Радио Маршо: Бусулба дино бохург ша-дерриг а кхочушдеш дуй таханлерчу Нохчийчохь?

Керимов: Вай долчохь дериг а... Вай цхьа - гIазакхашна а дайна – своеобразный (ша-тайпа) гIиллакхаш долуш нах ду вай... Зуда а, шарIо ма-баххара, майрачо лело езаш йолчехь, оцу зудчо и майрой лелош хуьлуш ду, дукхачу хьолехь, хIокху вайн махкахь. Иза ду вайн къаьстина долуш долу хIума... И цхьаъ йелахь а бен дац, шиъ йелахь а, кхоъ йелахь а, йиъ йелахь а, хьо дIахаьжча - вайн дукхах болу зударий белхаш беш, арахь бохкуш карор бу. Божарий - цIахь, бийшина Iоьхкуш карор бу... Зударий базарашкахь карор бу... Божарий - цIахь карор бу. Иза цхьа хIума ду вайн оцу бусулбан динца херделла догIуш. Зуда ара а ма ялийта, лела а ма лелийта, нахан юккъехь а ма хилийта, бохуш лаьтташ долчигахь а...уьш вайн лела безаш хуьлуш бу. Божарий цIахь Iаш Iедал долуш ду.

Радио Маршо: И шуна хезина къамел диначу дешаначу стага Керимов Сайд-Эмис иштта дийцина хьал маца хийцалур ду ала хIуттуш говзанчаш бац таханлерачу Нохчийчохь. Цул сов и чолхе хьал тадан гIерташ ницкъаш а бац цигахь, цкъачунна хаалуш.



Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG