Оьрсийн инарла прокуроро Чайка Юрийс дIахьедар дина оршот дийнахь, "Новая газетин" журналист Политковская Анна ер хьокъехь лаьцна итт стаг ву аьлла. Гергарчу хенахь царга бехк кховдор болуш бу элира цо, президентаца Путин Владимирца шен хиллачу цхьанакхетарехь.
Инарла прокуроро бахарехь, лаьцна бу зулам дайтинарш а, иза динарш а, царна гIо динарш а. Церан лидер Нохчийчура схаьваьлла ву элира цо.
Чайка Юрий: Оцу массо хIуманна куьйгаллехь лаьтташ вара Москохарчу зуламан тобан лидер - Нохчийчура вахархо. Иза зуламе бизнес лелош а, нах бойуш а говзанча ву. Суна кхузахь билгалдаккха лаьа, Политковская Аннина тIехьахIиттина лелаш а, цунах лаьцна информаци елларш а - хала хеташ делахь а, Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь а, Кхерамазаллин сервисехь а болх беш хилла а, болу а нах бу аьлла. Уьш а лаьцна бу.
Маршо радио: Лаьцна волу Кхерамазаллин Сервисан векал – Москохарчу гонан, Кхерамазаллин Сервисан Урхаллин белхахо ву.
Оцу тобано, цул сов, кхин зуламаш дина хиларан тоьшаллаш а карийна шайна аьлла, тIетуьйхира Чайка Юрийс.
Чайка: Оцу зуламан тобан гIуллакхаш толлучу хенахь тхуна тоьшалаш карийна, оцу тобан декъашхоша, оьрсийн маттахь арадолчу "Форбс" журналан редактор Хлебников Пол а вийна хиларна. Иштта, тоьшаллаш карийна, Оьрсийн Коьртачу Банкан гIентден хьалхара когаметта Козлов а, цуьнан машенлелорхо Семенов а верехь а.
Маршо радио: Ша йийнарг вевзаш вара Политковскаяна элира, оьрсийн прокуроро. Вевзаш а вара, цуьнца цхьанакхетарш а хиллера цуьнан. Иза Оьрсийчоьнна арахьа вехаш ву. Кеста, цунна экстрадици яйта, тоъал тоьшаллаш карийна, схьавоьхур волуш а ву элира цо.
Ткъа журналистка еран бахьанаш дуьйцуш, инарла прокуроро билгалдаьккхира.
Чайка: Зулам даран бахьанех лаьцна аьлчи, талламан жамIаша гайтина, Политковская ен лаам Оьрсийчоьнан арахьа бехачу нехий бен ца хилар. Иза оьшуш ду махкара Конституцин къепе йохо а, Оьрсийчохь кризис кхолла а, хьалхалера урхалла даран система юхаяийта а - ахчано а, олигархаша а, шайна луъург дан йиш йолу хан юхахилийта а, мехкан куьйгаллин сий-ларам байа а, арахьара тIеIаткъам алсамбаккха а луучарна.
"Новая газетин" коьрта редактор Муратов Дмитрийс ша, буьззинчу барамехь реза ву боху, талламо дIахьучу балхана.
Маршо радионо дагадоуьйту, стохка ворхIалгIачу октябрехь, ша ехачу хIусам чу яха дагахь иза лифт чу хуучу хенахь, вевзаш воцчу стага, герз тоьхна йийнера Политковская.
Иза еран бахьана, талламан коьрта версица а догIуш, журналистан балхаца доьзна ду.
Оха иштта, дагадоуьйту, евзаш йолу журналист ер толлуш бечу балхана сагатдеш европера политикаш а буйла. ПАСЕно дIахьедар дина, нагахь санна и гIуллакх таллар дахлахь, организацино ша къастор ду иза аьлла.
ХIокху дуьнентIехь уггар дукха журналисташ бойучу пачхьалкхех шолгIа ю Оьрсийчоь. Хьалхарчу меттехь Иракъ ю.
(ХIара материал эфирехь хилла...)