Сессехь Нохчийчура хьал дийцаре дилла деза аьлла ойла кховдийнарг НАТОн парламентан ассамблейн "Махкахошна кхерамазалла латторан" цIе йолу комитет яра.
"Нохчийчура тIом дIа хIунда ца боьрзу?" боху, комитетан декъашхошна къасто луучу хаттарна жоп луш, Европан Кхерамазаллин а Цхьанабелхан а организацино а, Европан Кхеташоно а, Евробарто а политикан ловзарш ца деш, Нохчийчура конфликт ерзорехь ладаме гIулчаш яьхнехьара, цигара хьал оццул гена даьлла хир дацара аьлла НАТОн декъашхошка, Оьрсийчура "Новая газета" журналиста Политковская Аннас. Ур-атталла, Европан Кхерамазаллин а Цхьанабелхан а организацин тIаман тIехьажар а формалан кепехь дара аьлла, билгалдаьккхина цо. Цундела, юкъара лелаш цхьа а воцуш, юхь-дуьххьал цаьрга ма-дарра Нохчийчура хьолах лацна дийца аьтто нисбалар чIогIа маьIне дара, Европано нохчашна гуманитаран гIо дан ца деза, тIом дIаберзорехьа гIулчаш яха еза, боху Политковскаяс.
Политковская: Нагахь санна баьпган юьхьк а елла, цу тIе хьакха налха а белла, ша дика хир ю моьттуш Европа елахь, аса элира, тоьар ду шуна цунах лаьцна дийца. Нохчийн республикехь кхерамазалла хилахь цхьа а мухIажарш хир бац. ТIом дIаберзабе, цул тIаьхьа цхьанне а агIора болчу нахе кара герз ца эцийта, кхерамазаллина тIехьовса дуьненаюкъара юкъарлелаш болу нах балабе. ТIаккха цхьанне бепиг дао дезар дац.
Маршо радио: Оьрсичоьно Нохчийчохь дIакхоьхьучу тIеман кепаша, шаьш цхьалха бисинчу нахана кхин цхьа а некъ ца битина. Цундела хилла цигахь тIаьхьарчу хенахь, наха шаьш а леш, дина цхьа моггIа лелхийтарш, боху Оьрсичура "Новая газета" журналиста.
Политковская: Вала а вола меттиг ца юьту кепаш ю меттигерчу бахархошна тIехь лелош. Аса къобал ца бо, ша вен араваьлчу стеган сацам. Ойла-м йо аса, иштта сацам атта беш ца хиларна тIехь. Вуно онда сацам бу иза. Вайн Iалашо, бахьанашна тIехьакхиа а, кхин лелхийтарш ца хилийтарна тIехь болх бар а ю.
Маршо радио: Цул совнаха, хIокху шеран март баттахь дIаяьхьначу референдумо а кегари бина Нохчийчохь. Цундела, Европера лидерийн хIинца Путине ала йиш ю боху Политковскаяс, политикан дийцарш ца дича девр дац аьлла.
Политковская: Ма-дарра дийцича, политикан процесс санна теийцира аша, Европано, референдум. Путинан дешнех тийшира. Ткъа хIинца гой шуна, ситуаци цхьана а кепара ца хийцаеллий. Иза мелхо а яхлуш, чолхе йолуш а, гена йолуш а ю. Шина Iедалан а, шина Конституцин а, шина дуьненан а система кхоллалуш ю. ХIума ша ма-дарра гуш волчу цхьана а политика шен махкахь магийта ца еза ситуаци ю кхоллалуш. Ткъа хIинца, аша къобалйинчу референдумо оцу кепара жамIаш луш хилча, шун хIинца Путине ала йиш ю, хIан-хIа, гIуллакх ца хили. ГIуллакх ца хилла аьлла мукъарло дан деза. Дийцарш бохучу, муьлхха а тIом дIаберзочу кепе юхадахка деза. Дийцарш, демилитаризаци, герз охьадиллар а. Цул тIехьа, политикан процесс хила еза.
Маршо радио: Цкъа цул хьалха, нагахь, Нохчийчура ситуаци боккъал а лортIе яло лаам болчу политикаша, нохчаша шайн хьалхо хаьржинчу президентан Масхадовн Асланан, шен къомана хьалха вистхила аьтто баккха беза.
Политковская: Массо агIор а, низамашца догIуш ма-хиллара хаьржина президент ву иза. Нагахь санна, ша-йолу ситуаци бертаяло вай лууш хилча, хьунхара я, иза даиманна волчу къайленгара гучувала аьтто бала беза цунна. Нохчийн къомана хьалха, бехк ма-биллалаш иштта дош лелорна, ша хIун лелийна дийцийта, цунна гаранти лур йолу, иза тешар волу дуьненера юкъара лела нах хила беза. ТIаккха наха дIахоьцур ву иза. ХIинца санна а ца беш, цул тIаьхьа бан беза харжамашна кечам. Харжамашкахь Кадыровца къовсавала цхьа ца хилийта массо хIума ду тахана республикехь деш.
Европан лидершна юкъахь хIинца цхьа турпалхо вала веза, стоьлан тIе буй а тоьхна, "тоьар ду аьшпаш ботта" ала
Маршо радио: ДIадаханчу шарахь Москох театран цIийнахь нохчи тIемалоша закъалтана нах дIалаьцначул тIаьхьа, Оьрсичоьнан президента дIахьедар дира, цхьана тайпа дийцарш я Масхадовца а, я цуьнан гонерчу нахаца а дийр дац аьлла. ТIаккха хьанца дан деза политикан дийцарш бохучу хаттарна, Политковскаяс иштта жоп делира.
Политковская: Путинан дешнаш, тIаьххьарчу тIегIанна тIекхаьчна бакъдерг санна тIе ца лоцу аса. Иза Дела вац хIинца а. Хаьржина президент и велахь а, нийса ца хила тарло иза. ХIокху меттигехь, аьттехьа а нийса вац иза. Ца хаарна делахь я, оьгIазе хиларна делахь а, ца хаьа суна. Амма, дийцаршкахула бен дIадоьрзур дац-кха иза.
Маршо радио: Дуьненаюкъара организацийн гIоьнца бен, Нохчийчура конфликт ерзалург ца хиларх, тешна ю ша боху Политковская Аннас. Арахьа болчу наха дуьйцург чIогIа схьалоцу Оьрсичоьнан президента, хIунда аьлча, дуьненаюкъара чIогIа лелачу нехан клубан декъашхо хила болу лаам онда бу, хьалха КГБ подполковник хиллачу Путин Владимиран.
Политковская: Цхьа а шеко яц сан, дуьйцийла а йоцуш тешна ю со, дуьненаюкъара организацийн гIоьнца бен и конфликт ерзалург ца хиларх. Пачхьалкхехь дуьйцург бен дIа а ца
хета Путинна. Адамийн бакъонашларъярхоша дуьйцург цо тергал а ца до я, масала, тIамна дуьхьала йинчу митингашкахь хьалаайинчу кхайкхамаш тIехь долчуьнца бала а бац цуьнан. Амма, европерчу лидершна хIун хета, чIогIа тидамехь латтадо цо. ХIунда аьлча, чIогIа царца цхьана тIегIанна тIехь хила лууш ву иза. Суна хетарехь, соьга хоттуш хилча, Путинна бен ца хеташ боцу, цо лазаме тIеоьцу Iиттарш ечу европан пачхьалкхийн куьйгалхоша тIеIаткъам бан беза. Iедалан мукъ безаш хиларе терра, Оьрсичоьнан президент хиларх тоам бина ца Iа иза. Дуьненаюкъара чIогIа лелачу нехан клубан декъашхо хила лууш ву иза. Буш хила лууш ву иза. Бушан гергга ву со я, Ширакан гергга ву со, ала лаьа цунна. Ларамаза президентан гIанта тIе иккхина, КГБен подполковник хилла Iад Iа ца лаьа цунна, хIара санна йоккхачу пачхьалкхехь ша президент велахь велахь а.
Маршо радио: Политковскаяс бахарехь, оцу Нохчийчохь долчух цхьа йист яллалц "тхан пачхьалкхе ван оха хьуна доьхку" боху дешнаш Путине ала, Европехь цхьа турпалхо вала веза.
Политковская: Европан лидершна юкъахь хIинца цхьа турпалхо вала веза-кх, стоьлан тIе буй а тоьхна, "тоьар ду аьшпаш ботта", ала. Толуш ду я, толуш дац. Нагахь санна ахьа тхуна хIинццалц аьшпаш боьттиний, массо хIума толуш ду бохуш, ткъа массо хIума мелхано а телхаш дара, дIадели хIинца хьомениг, ахьа оцу хьайн латта тIера гIуллакх тодаллалц, таккха боккъал и тоделла аьлла оха тIечIагIдаллалц, хьомениг, хьуна хьалха цIен куза кхин тосур бац, я хьо кхи тхо долче вогIур а вац. Белоруссин президентаца Лукашенкаца къийсам латто ницкъ тоьирий Европан? Карийра. ткъа Путинца хIунда лелайо шалха стандарт? Цуьнан дуккха а газ йолун дерий? Эзарнашкахь долчу адамийн дахарийн мах бац цуьнан. Сан мохк кхобуш йолу мел дукха газ и елахь.
Нохчийчохь хуьлуш дерг, ма-дарра дIагайтарх вайн гIуллакх ца хуьлий, пенах корта беттар бу вай
Маршо радио: Политикан дийцарш Масхадов Асланца а я, лаьмнашкахь бевдда лелачу нохчи тIемалошца дан хьашт дац, референдум чекхяьлчхьана дуьйна, республикера хьал дикачу агIора доьрзуш ду бохуш дуьйцу цхьатерра, Оьрсичоьнан президента Путин Владимира а, Кадыров Ахьмада а. Ша дерриг сел дика хилча, Нохчийчу журналисташ хIунда ца бохуьйту боху "Новая газетера" журналиста?
Политковская: ТIаккха хIунда ца доьлху вай цига? УьстагIий санна, тхо цхьана тобане хIунда туху? Автобуса чуьра арадовла йиш яц, тIеман базехь бен буьйса яккха йиш яц. ХIунда? Хьал толуш хилча, хIунда ца мега? ПарргIат хьайна ког баккха йиш ца хилча и хIун референдум ю? И референдум яц. Я политикан процесс яц иза.
Маршо радио: Оьрсийн президента а, нохчийн администрацин куьйгалхочо а нохчи тIемалошна кхайкхийна амнисти а ю, дика схьайогIуш йолу, Нохчийчура политикан процессан цхьа агIо ю аьлла. Амма, нохчи тIемалойх хьакхалур йолуш яц иза, нах Iехо яьккхина чан ю, боху Политковская Аннас.
Политковская: Амнисти-м дика ю. Президент а, Кадыров а амнисти ян гIерташ ву, бертахь машар бан лууш ву и шиъ. Боккъал дийцича, цIена хабар ду-кх иза. ХIунда аьлча, кIорггера аьхкича... Стага дIахьедар дан деза, аса иштта а иштта а тобанехь тIом бина, хIинца шун кара вогIуш ву со аьлла. И бохург хIун ду? Хаамийн банк ю. Кхин дIа хIун хир ду цхьанне а ца хаьа. 1999 шарахь кхайкхийначу амнисти юкъа вахана пхи бIе хиллал стагах хилларг дагахь латтош - царах цхьана цхьаъ бохург санна дийна ца висна - уьш муха лелор ю цхьанне ца хаьа. И хуучу нахана церан кара баха луург ца хиларх тешна ю со. Дикка ойла йича, набахтехть болчу нахах а, шайн цхьана агIора ирс хилла, террорана бехке бина а боцуш, масала, герз латторан, кегий хенаш тоьхначу нахах а бен хьакхалур яц амнисти. Набахтера арабовла аьтто бийр бу церан. Цундела и амнисти бIаьргашна дуьхьала эккхийтина чан ю. ХIара амнисти, цIенчу новкъа эккхийтина чан ю-кх. Нагахь, стаг лаьмнашка тIаме вахнехь, вай кхета ма-кхета... и тIом бан ма бина цо. Хьалха тIом бина, хIинца ишттаниг ца лелочу тIемалоша соьга дуьйцу: "суна ца хаьа аса вийна - ца вийна, эскархо вен гIоьртина я ца гIоьртина, суна ца хаьа. ХIунда аьлча, тIом бара боьдуш." ТIамехь иштта нисло-кх, герз эккхаш. Цундела, амнисти эскархойх хьакхалур ю, дукхачу хьолехь. Къамел доцуш, эскархошкахьа масала, хIуманаш лечкъийна хенаш тоьхнарш арабаха, президента яьккхина гIулч ю иза. Дукха бац уьш.
Маршо радио: Карарчу хенахь шен ма-хуьллу, Нохчичоьнан президентан харжамашна кечлуш ву, Москоха Соьлжа-гIалийчохь охьахаийна нохчийн администрацин куьйгалхо Кадыров Ахьмад. Цунна лерина ду боху Политковская Аннас, деношкахь, нохчи ОМОНан коьрте, Кадыровн кхерамазаллин структурин куьйгалхо Алханов Руслан хIоттор.
Политковская: Путин ша-дерриг до цуьнгхьа. Къамел доцуш, и амнисти а ю оцу декъехь. ХIинцца тIаьххьара, ОМОНан коьрте керла стаг хIоттош, хилларг. Цул хьалха хилла куьйгалхо Газимагомадов Муса, ма-дарра дийцича, велла. Вуно жигарчу къийсамашка даьллера гуллакх, керла буьйранча мила хир ву бохуш. Кхаа бIеннал сов тIемало ву иза. Цул сов, тIех дика Iамийна тIемалой бу уьш. Газимагомадов хиллан дера, Кадыровн оппозицехь бара уьш а. Кадыровн чIогIа хала дара иза лан. ХIан, ОМОНан куьйгалле дIахоттош верг, Кадыровн гIаролан куьйгалхо ву. Ма-дарра дийцича, и хаттар Москох, Кремлехь къастош дара. Кадыровс президентехула чекхдаьккхина иза. Дешна а воцу, цIийша вуьзна и гIаролан хьакам, куьйгалхо хIотто реза хилла-кх президент. Массо хIума а ду, Кадыров президент вахийта деш. Цунах керла бала хир бу, цхьа баланийн моггIа хир бу.
Маршо радио: ХIун бахьана ду те, Кадыров, оьрсиийн президентана оццул тIеIаткъам болуш хиларан?
Политковская: Я, Путинна Кадыровин. Суна хетарехь, и ший а вовший оьшуш ву, къамел доцуш. ЧIогIа беза Кадыровн Iедалан мукъ. Дуьйцийла а йоцуш президент хила лаьа цунна. "ХIан, хьажал соьга, Аслан! Хьажал аса хIун дина! Хьо хIинца хIумма а вац!" -и дешнаш алархьамма бу-кх цуьнан президентан дарже кхача лаам. Иштта ю-кх цуьнан амал. Аса шегара интервью оьцуш, Масхадовна ша гойтур ду, иза хIумма а йоцург юй, иштта схьа алара цо соьга. Цу тIе воьдуш ву иза. Ткъа Путинна оьшуш ву, шена ма луъу лело атта а, боьхачарех а волу стаг. ХIунда аьлча, политикан дахарехь муьлххачу а хенахь хьалхататта атта йолуш а, сийсаш йолу цхьа меттиг санна, оьшуш ю Путинна Нохчийчоь. Цул совнаха, цхьа бух боцу, ахча дIахудуш долу меттиг а ю иза. Таханлера дийне кхаччалц, кхо шо сов зама ю Нохчийчохь цхьа а лартIехь болх беш йолу банк йоцу. Къайлаха йолу, Iаьржа экономика бен яц цигахь. ТIеман банкаш, иза цхьа кхин хIума ду. Арара чу а веана, цхьана а стега йиш яц, шен ахча оцу чохь латто. Суна хетарехь, ши эзар диалгIачу шеран март баттахь Оьрсичоьнан президент харжаллалц, финансаш кего йитина меттиг ю Нохчийчоь. ХIунда аьлча, тхан Iедалца, акха харжамаш дIабахьа, ахча карахь оьшу. Карахь Iаьржа ахча оьшу. Цхьанхьа кего деза иза. Суна хIун хета аьлча, тIебогIучу харжамашкахь Нохчийчоь декхаре ю иза шех чекхдалийта. Тхо долчехь ма-аллара, Путин кхин цкъа а харжаллц, схьагарехь, кIайн экономика кхолла йолор а яц. Цундела боху аса, ший а вовшенна оьшуш ву.
Маршо радио: Нохчийчохь боьдург боккъал а къиза тIом бу. Оьрсиийн эскаран а, оьрси инарлийн а, нахана бIаьрга схьава ца везачу нохчийн адиминистрацин куьйгалхочуьн Кадыров Ахьмадан а карахь ю тахана Нохчийчоь. ДуьнентIерчу юкъараллина Нохчийчура нах муьлхачу Iазапехь бу, дIадийцар декхар бу журналисташ боху, Оьрсичура "Новая газетера" журналиста Политковская Аннас.
Нохчийчохь хуьлуш дерг ма-дарра дIагайтарх вайн гIуллакх ца хуьлий, пенах корта беттар бу вай.
"Нохчийчура тIом дIа хIунда ца боьрзу?" боху, комитетан декъашхошна къасто луучу хаттарна жоп луш, Европан Кхерамазаллин а Цхьанабелхан а организацино а, Европан Кхеташоно а, Евробарто а политикан ловзарш ца деш, Нохчийчура конфликт ерзорехь ладаме гIулчаш яьхнехьара, цигара хьал оццул гена даьлла хир дацара аьлла НАТОн декъашхошка, Оьрсийчура "Новая газета" журналиста Политковская Аннас. Ур-атталла, Европан Кхерамазаллин а Цхьанабелхан а организацин тIаман тIехьажар а формалан кепехь дара аьлла, билгалдаьккхина цо. Цундела, юкъара лелаш цхьа а воцуш, юхь-дуьххьал цаьрга ма-дарра Нохчийчура хьолах лацна дийца аьтто нисбалар чIогIа маьIне дара, Европано нохчашна гуманитаран гIо дан ца деза, тIом дIаберзорехьа гIулчаш яха еза, боху Политковскаяс.
Политковская: Нагахь санна баьпган юьхьк а елла, цу тIе хьакха налха а белла, ша дика хир ю моьттуш Европа елахь, аса элира, тоьар ду шуна цунах лаьцна дийца. Нохчийн республикехь кхерамазалла хилахь цхьа а мухIажарш хир бац. ТIом дIаберзабе, цул тIаьхьа цхьанне а агIора болчу нахе кара герз ца эцийта, кхерамазаллина тIехьовса дуьненаюкъара юкъарлелаш болу нах балабе. ТIаккха цхьанне бепиг дао дезар дац.
Маршо радио: Оьрсичоьно Нохчийчохь дIакхоьхьучу тIеман кепаша, шаьш цхьалха бисинчу нахана кхин цхьа а некъ ца битина. Цундела хилла цигахь тIаьхьарчу хенахь, наха шаьш а леш, дина цхьа моггIа лелхийтарш, боху Оьрсичура "Новая газета" журналиста.
Вала а вола меттиг ца юьту кепаш ю меттигерчу бахархошна тIехь лелош
Политковская: Вала а вола меттиг ца юьту кепаш ю меттигерчу бахархошна тIехь лелош. Аса къобал ца бо, ша вен араваьлчу стеган сацам. Ойла-м йо аса, иштта сацам атта беш ца хиларна тIехь. Вуно онда сацам бу иза. Вайн Iалашо, бахьанашна тIехьакхиа а, кхин лелхийтарш ца хилийтарна тIехь болх бар а ю.
Маршо радио: Цул совнаха, хIокху шеран март баттахь дIаяьхьначу референдумо а кегари бина Нохчийчохь. Цундела, Европера лидерийн хIинца Путине ала йиш ю боху Политковскаяс, политикан дийцарш ца дича девр дац аьлла.
Политковская: Ма-дарра дийцича, политикан процесс санна теийцира аша, Европано, референдум. Путинан дешнех тийшира. Ткъа хIинца гой шуна, ситуаци цхьана а кепара ца хийцаеллий. Иза мелхо а яхлуш, чолхе йолуш а, гена йолуш а ю. Шина Iедалан а, шина Конституцин а, шина дуьненан а система кхоллалуш ю. ХIума ша ма-дарра гуш волчу цхьана а политика шен махкахь магийта ца еза ситуаци ю кхоллалуш. Ткъа хIинца, аша къобалйинчу референдумо оцу кепара жамIаш луш хилча, шун хIинца Путине ала йиш ю, хIан-хIа, гIуллакх ца хили. ГIуллакх ца хилла аьлла мукъарло дан деза. Дийцарш бохучу, муьлхха а тIом дIаберзочу кепе юхадахка деза. Дийцарш, демилитаризаци, герз охьадиллар а. Цул тIехьа, политикан процесс хила еза.
Маршо радио: Цкъа цул хьалха, нагахь, Нохчийчура ситуаци боккъал а лортIе яло лаам болчу политикаша, нохчаша шайн хьалхо хаьржинчу президентан Масхадовн Асланан, шен къомана хьалха вистхила аьтто баккха беза.
Политковская: Массо агIор а, низамашца догIуш ма-хиллара хаьржина президент ву иза. Нагахь санна, ша-йолу ситуаци бертаяло вай лууш хилча, хьунхара я, иза даиманна волчу къайленгара гучувала аьтто бала беза цунна. Нохчийн къомана хьалха, бехк ма-биллалаш иштта дош лелорна, ша хIун лелийна дийцийта, цунна гаранти лур йолу, иза тешар волу дуьненера юкъара лела нах хила беза. ТIаккха наха дIахоьцур ву иза. ХIинца санна а ца беш, цул тIаьхьа бан беза харжамашна кечам. Харжамашкахь Кадыровца къовсавала цхьа ца хилийта массо хIума ду тахана республикехь деш.
Европан лидершна юкъахь хIинца цхьа турпалхо вала веза, стоьлан тIе буй а тоьхна, "тоьар ду аьшпаш ботта" ала
Маршо радио: ДIадаханчу шарахь Москох театран цIийнахь нохчи тIемалоша закъалтана нах дIалаьцначул тIаьхьа, Оьрсичоьнан президента дIахьедар дира, цхьана тайпа дийцарш я Масхадовца а, я цуьнан гонерчу нахаца а дийр дац аьлла. ТIаккха хьанца дан деза политикан дийцарш бохучу хаттарна, Политковскаяс иштта жоп делира.
Политковская: Путинан дешнаш, тIаьххьарчу тIегIанна тIекхаьчна бакъдерг санна тIе ца лоцу аса. Иза Дела вац хIинца а. Хаьржина президент и велахь а, нийса ца хила тарло иза. ХIокху меттигехь, аьттехьа а нийса вац иза. Ца хаарна делахь я, оьгIазе хиларна делахь а, ца хаьа суна. Амма, дийцаршкахула бен дIадоьрзур дац-кха иза.
Маршо радио: Дуьненаюкъара организацийн гIоьнца бен, Нохчийчура конфликт ерзалург ца хиларх, тешна ю ша боху Политковская Аннас. Арахьа болчу наха дуьйцург чIогIа схьалоцу Оьрсичоьнан президента, хIунда аьлча, дуьненаюкъара чIогIа лелачу нехан клубан декъашхо хила болу лаам онда бу, хьалха КГБ подполковник хиллачу Путин Владимиран.
Политковская: Цхьа а шеко яц сан, дуьйцийла а йоцуш тешна ю со, дуьненаюкъара организацийн гIоьнца бен и конфликт ерзалург ца хиларх. Пачхьалкхехь дуьйцург бен дIа а ца
Пачхьалкхехь дуьйцург бен дIа а ца хета Путинна. Адамийн бакъонашларъярхоша дуьйцург цо тергал а ца до я, масала, тIамна дуьхьала йинчу митингашкахь хьалаайинчу кхайкхамаш тIехь долчуьнца бала а бац цуьнан. Амма, европерчу лидершна хIун хета, чIогIа тидамехь латтадо цо
Маршо радио: Политковскаяс бахарехь, оцу Нохчийчохь долчух цхьа йист яллалц "тхан пачхьалкхе ван оха хьуна доьхку" боху дешнаш Путине ала, Европехь цхьа турпалхо вала веза.
Политковская: Европан лидершна юкъахь хIинца цхьа турпалхо вала веза-кх, стоьлан тIе буй а тоьхна, "тоьар ду аьшпаш ботта", ала. Толуш ду я, толуш дац. Нагахь санна ахьа тхуна хIинццалц аьшпаш боьттиний, массо хIума толуш ду бохуш, ткъа массо хIума мелхано а телхаш дара, дIадели хIинца хьомениг, ахьа оцу хьайн латта тIера гIуллакх тодаллалц, таккха боккъал и тоделла аьлла оха тIечIагIдаллалц, хьомениг, хьуна хьалха цIен куза кхин тосур бац, я хьо кхи тхо долче вогIур а вац. Белоруссин президентаца Лукашенкаца къийсам латто ницкъ тоьирий Европан? Карийра. ткъа Путинца хIунда лелайо шалха стандарт? Цуьнан дуккха а газ йолун дерий? Эзарнашкахь долчу адамийн дахарийн мах бац цуьнан. Сан мохк кхобуш йолу мел дукха газ и елахь.
Нохчийчохь хуьлуш дерг, ма-дарра дIагайтарх вайн гIуллакх ца хуьлий, пенах корта беттар бу вай
Маршо радио: Политикан дийцарш Масхадов Асланца а я, лаьмнашкахь бевдда лелачу нохчи тIемалошца дан хьашт дац, референдум чекхяьлчхьана дуьйна, республикера хьал дикачу агIора доьрзуш ду бохуш дуьйцу цхьатерра, Оьрсичоьнан президента Путин Владимира а, Кадыров Ахьмада а. Ша дерриг сел дика хилча, Нохчийчу журналисташ хIунда ца бохуьйту боху "Новая газетера" журналиста?
Политковская: ТIаккха хIунда ца доьлху вай цига? УьстагIий санна, тхо цхьана тобане хIунда туху? Автобуса чуьра арадовла йиш яц, тIеман базехь бен буьйса яккха йиш яц. ХIунда? Хьал толуш хилча, хIунда ца мега? ПарргIат хьайна ког баккха йиш ца хилча и хIун референдум ю? И референдум яц. Я политикан процесс яц иза.
Маршо радио: Оьрсийн президента а, нохчийн администрацин куьйгалхочо а нохчи тIемалошна кхайкхийна амнисти а ю, дика схьайогIуш йолу, Нохчийчура политикан процессан цхьа агIо ю аьлла. Амма, нохчи тIемалойх хьакхалур йолуш яц иза, нах Iехо яьккхина чан ю, боху Политковская Аннас.
Политковская: Амнисти-м дика ю. Президент а, Кадыров а амнисти ян гIерташ ву, бертахь машар бан лууш ву и шиъ. Боккъал дийцича, цIена хабар ду-кх иза. ХIунда аьлча, кIорггера аьхкича... Стага дIахьедар дан деза, аса иштта а иштта а тобанехь тIом бина, хIинца шун кара вогIуш ву со аьлла. И бохург хIун ду? Хаамийн банк ю. Кхин дIа хIун хир ду цхьанне а ца хаьа. 1999 шарахь кхайкхийначу амнисти юкъа вахана пхи бIе хиллал стагах хилларг дагахь латтош - царах цхьана цхьаъ бохург санна дийна ца висна - уьш муха лелор ю цхьанне ца хаьа. И хуучу нахана церан кара баха луург ца хиларх тешна ю со. Дикка ойла йича, набахтехть болчу нахах а, шайн цхьана агIора ирс хилла, террорана бехке бина а боцуш, масала, герз латторан, кегий хенаш тоьхначу нахах а бен хьакхалур яц амнисти. Набахтера арабовла аьтто бийр бу церан. Цундела и амнисти бIаьргашна дуьхьала эккхийтина чан ю. ХIара амнисти, цIенчу новкъа эккхийтина чан ю-кх. Нагахь, стаг лаьмнашка тIаме вахнехь, вай кхета ма-кхета... и тIом бан ма бина цо. Хьалха тIом бина, хIинца ишттаниг ца лелочу тIемалоша соьга дуьйцу: "суна ца хаьа аса вийна - ца вийна, эскархо вен гIоьртина я ца гIоьртина, суна ца хаьа. ХIунда аьлча, тIом бара боьдуш." ТIамехь иштта нисло-кх, герз эккхаш. Цундела, амнисти эскархойх хьакхалур ю, дукхачу хьолехь. Къамел доцуш, эскархошкахьа масала, хIуманаш лечкъийна хенаш тоьхнарш арабаха, президента яьккхина гIулч ю иза. Дукха бац уьш.
Маршо радио: Карарчу хенахь шен ма-хуьллу, Нохчичоьнан президентан харжамашна кечлуш ву, Москоха Соьлжа-гIалийчохь охьахаийна нохчийн администрацин куьйгалхо Кадыров Ахьмад. Цунна лерина ду боху Политковская Аннас, деношкахь, нохчи ОМОНан коьрте, Кадыровн кхерамазаллин структурин куьйгалхо Алханов Руслан хIоттор.
Политковская: Путин ша-дерриг до цуьнгхьа. Къамел доцуш, и амнисти а ю оцу декъехь. ХIинцца тIаьххьара, ОМОНан коьрте керла стаг хIоттош, хилларг. Цул хьалха хилла куьйгалхо Газимагомадов Муса, ма-дарра дийцича, велла. Вуно жигарчу къийсамашка даьллера гуллакх, керла буьйранча мила хир ву бохуш. Кхаа бIеннал сов тIемало ву иза. Цул сов, тIех дика Iамийна тIемалой бу уьш. Газимагомадов хиллан дера, Кадыровн оппозицехь бара уьш а. Кадыровн чIогIа хала дара иза лан. ХIан, ОМОНан куьйгалле дIахоттош верг, Кадыровн гIаролан куьйгалхо ву. Ма-дарра дийцича, и хаттар Москох, Кремлехь къастош дара. Кадыровс президентехула чекхдаьккхина иза. Дешна а воцу, цIийша вуьзна и гIаролан хьакам, куьйгалхо хIотто реза хилла-кх президент. Массо хIума а ду, Кадыров президент вахийта деш. Цунах керла бала хир бу, цхьа баланийн моггIа хир бу.
Маршо радио: ХIун бахьана ду те, Кадыров, оьрсиийн президентана оццул тIеIаткъам болуш хиларан?
Путинна оьшуш ву, шена ма луъу лело атта а, боьхачарех а волу стаг. Политикан дахарехь муьлххачу а хенахь хьалхататта атта йолуш а, сийсаш йолу цхьа меттиг санна, оьшуш ю Путинна Нохчийчоь