ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маса ТIемало Ву Къилбаседан Кавказехь ХIинца А Лелаш ?


Нохчийчоь -- Бакъонийн Органийн декъашхой бу нохчийн тIемалойн лидеран Мутиев Мусан декъана гонаха гулбелла, Соьлж-гIала, 09Гез2007
Нохчийчоь -- Бакъонийн Органийн декъашхой бу нохчийн тIемалойн лидеран Мутиев Мусан декъана гонаха гулбелла, Соьлж-гIала, 09Гез2007

Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а карарчу хенахь лелаш пхи бIе гергга – ткъе пхиъ – ткъе бархI шераш долу тIемалой бен бац аьлла хаам бина, Оьрсийчохь чоьхьарчу эскаршна коьртехь лаьтташ волчу инарло Рогожкин Николайс. Амма и терахь шеконца тIеоьцуш бу оцу регионера хьал дика девзаш болу говзанчаш. Царах цхьаберш къамеле а баьхна, маса тIемало ву Къилбаседан Кавказехь хIинца а лелаш къасто гIоьртира Маршо радио.


Къилбаседан Кавказехь хIинца болчу тIемалойн терахь боккъалла а къасто хIуттуш кIезга говзанчаш бу карарчу хенахь. Цигара хьал дукха хенахь дуьйна шен тидамехь латтош йолчу Оьрсичуьра журналиста Латынина Юлияс ишгта дуьйцу Нохчийчохь болчу тIемалойх лаьцна.

Латынина: Цхьа а шеко яц, Кадыровгахь тIемалойх лаьцна ФСБ-ехь а, кхечу органашкахь а йолчул а дукха информаци хиларх. ТIемалой боккъалла а мел бу ала хала ду ши бахьана
Мехала дерг ду, меттигерчу бахархоша царна деш долу гIо-накъосталла. И гIо деш дацахь, тIемалочух диверсант хуьлу. Амма бахархоша гIо деш хилча, оцу тIемалойн ротах дивизи хуьлуш ю.
долуш. Хьалхарниг ду, мила лара веза тIемало, бохург. Стаг, шен чохь а Iаш, тIемалойх дог лозуш велахь я царна яахIума оьцуш велахь, иза тIемало ву я вац? Цхьацкъа, иза къастош ца хуьлу ша оцу стага а. Шайн-шайн бахьанаш хуьлу цигахь дукха хьолахь. Эххаре а, уггар коьртаниг ду, тIемалой мел бу бохург, мехалла ца хилар. Мехала дерг ду, меттигерчу бахархоша царна деш долу гIо-накъосталла. И гIо деш дацахь, тIемалочух диверсант хуьлу. Шена баа нахера етт дIабаккха дезаш хуьлу иза тIаккха. Ткъа и гIо хилча, цунах партизан хуьлу. ТIаккха цуьнан ницкъ иттазза сов а болу. ТIемалой Нохчийчохь цкъа а хуьлуш бацара кхин сов дукха. Амма бахархоша гIо деш хилча, оцу тIемалойн ротах дивизи хуьлуш ю. Ас хIинца йолчу Нохчийчохь тIемалой кхин дукха бу эр дацара. Уьш массех бIе стаг ву аьлла хеташ ю со. Царгахь вуно вон хьал а ду. Нохчийчохь царах дог лозуш болу нах, царна гIо дан кхоьруш бу, шайна боккъалла а, мотт тухур болун дера.

Маршо радио: Дагестанехь дерг а боккъалла а хууш дац, аьлла кхин дIа а дийцира Латынина Юлияс.

Латынина: Цигахь уьш кхин дукха бу, аьлла, ца хета суна. Дагестан хIинца а тIамах чекхъяьлла яц. Амма, цигахь тIемалошна гIо-накъосталла деш ду, цара мелла а, Iуналла деш йолчу ярташкахь. Масала, Гимрехь а, Губденехь а. Ткъа милцой цига, цига чугIорта а ца баьхьа.

Маршо радио: Кхарачой-Чергазийн махкара хьал иштта туьду журналисто:

Латынина: Суна хетарехь, Кхарачой -Чергазийн махкара хьал вуно вон ду. ТIемалой я герз карахь лелаш верг маса ву аьлла а доцуш, буьззина вахьабхой мел бу бохучуьнца доьзна ду иза. Кхечу дешнашца аьлча, Оьрсийчоь Кавказехь хила оьшуш а яц, иза цигахь ца хилийта муьлхха а оьрси я муьлхха а Делах тешаш воцу стаг вен а мегар ду боху нах цигахь хиларца. Иза ю-кх вуно хала ситуаци.
Маршо радио: Къилбаседан Кавказерчу тIемалойн терахь цара шаьш а хьулдина ду, и къайле вовшах а ларъйеш ю цара бохуш дийцира Маршо-радиога Джеймстаун Фондаца воьзна а волуш, карарчу хенахь Европехь вехаш волчу Вачагаев Майрбека.
Цхьаъ схьалаьцча, каравахча, дийнна и шайн тоба дIа ца ялийта цара и, конспираци эр ду вай, къайлаха и шайн хIума леладархьамма, шайна юкъахь йина структура ю иза.


Вачагаев: Шайн болх цара шаьш дIакхоьхьуш бу. Царах цхьаллиг цхьаннен ца хаьа шайн пхи стаг бен. Оцу пхеа стаган шайца волу пхиъ бен ца вевза. Цара иза хIунда дина хьуна аьлчи, тахана цхьаъ схьалаьцча, каравахча, дийнна и шайн тоба дIа ца ялийта цара и, конспираци эр ду вай, къайлаха и шайн хIума леладархьамма, шайна юкъахь йина структура ю иза, шайн низамехь цара лелош. Цундела вайна тахана гойтуш ду хIора дийнахь цара деш дерг а, лелош дерг а. Суна хетарехь, кхин дIа а алсам дер ду иза. ХIокхул тIаьхьа Iедалца верг а, Iедална уллехь верг а цхьатерра лору шаьш аьлла, цара беш болх бу.

Маршо радио: Къилбаседан Кавказехь хIинца болчу тIемалойх лаьцна хууш дерг – иштта дуьйцу говзанчаш. Амма, цхьа терахь ца даладахь а, и тIемалой Оьрсичоьнан оцу регионехь кхин дIа а дуьхьало ян тоьуш буйла – иза оцу тIемалоша шаьш хIора дийнахь, аьлла, гойтуш ду, бохуш, дуьйцу бозуш боцчу тергамхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG