ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Скинхедаша Байъинчу Нехан Терахь Алсамдаьлла


Оьрсийчоь -- "КIайн берзалой" тобан декъашхой. 25 CHIL2010
Оьрсийчоь -- "КIайн берзалой" тобан декъашхой. 25 CHIL2010

ТIахьарчу хенахь Оьрсийчохь йеш баш дуьхьало а йоцуш алсам доьвлла кхечу къаьмнашка цабезам хилар бахьана долуш тIелетарш дар. Амма зуламхошна наггахь а бен ца до цаьрна дог1уш долу та1зар.

«Сова» олучу москохарчу информацин а, аналитикан а центран эксперташа а, Москохарачу диаспорийн векалша а таллам бина хIара шо доладеллачу 4 баттахь, къаьмнашкахь ца безам хилар бахьана долуш, Москох динчу зуламашна. Гучудаьлларг хIара сурт ду. Ша дерриг 66 тIелатар дина Москох. Вийна 25 стаг. ТIелатар динчерна юкъахь бу азербайджанхой - 10 стаг, 3 вийна, гIиргIазой -12 стаг, 10 стаг вийна, таджикаш -3 стаг, 1 стаг вийна. Эрамалой -3 стаг, 1 стаг вийна. Ша-верриг а Оьрсийчохь вийнарг ву 40 стаг. 129 стаг лазийна, я чолакх витина.


Царна юкъахь Юккъерачу Азера 62 стаг ву. Церах вийнарг ву 24 стаг.

Кавказера - 22 стаг ву, церах вийнарг ву 10 стаг. Оьрсийчура бахархой бу 9 стаг. Церах 1 вийна. ТIелетарш а дина, лазийначерна юкъахь бу кхеча пачхьалкхашкара нах а. Кху статистико гойтуш ду дукхах болчу радикал-националисташа тIелетарш дина болу нах бусулба пачхьлкхашкара бахархой хилар. Амма и нах байъина, я лазийна аьлла схьалаьцна, таIзар дина болу нах цхьана куьйга пIелгаш т1ехь а багарбалур бу. И бахьана долуш Оьрсийчохь болу бусулба нах цу тIелетаршна кечбелла ца Iаш, воше хоьтташ бу, хIун дан деза цу нахах лардала бохуш. Цуьнах лаьцна дуьйца вевзаш волчу Iамерки политолого Гобл Пола. Масаллаш а даладо цо.

11-чу Майхь(Стилакъекъа-баттахь) кхаъа скинхIеда тIелатар дира Москохарчу Исламан Университетехь 3-чу курсехь доьшаш йолчу Хакназарова Юлдузана, цунна тIехь бусулба духар а гина. Цара йиттина 4 дийнахь кхетамчу ца йогIуш Iиллира и жимазуда. И тIелатар скинхIедаша гIалийн юккъерачу метрохь диннашехь, цхьа а стаг ца велира цунна орцах. Уггара бусулба нах эргIад бахийтинарг дара милици бехк-такъхаман гIуллакх схьа ца доьллаш духьала яьлла хилар. Милцоша чIагIдора Хакназаровас ша шена йиттина чевнаш йина бохуш. Амма тIаьхьуо, кхин дан хIума а ца хилла, таллам дIаболийра Iедалша.

Иза дуьххьарлера бусулбачу стагана дуьхьала дина долу зулам ца хиллехь а, Хакназарова Юлдузаца хилларг дагах кхийтира дуккха а нахана. Коьртачу декъана иза доьзна дара цу йоIана къиза тIелатар дина хиларца а, и тIелатар дина болу скинхIедаш Iедалш хьул бан гIертарца а. Москох бехаш болчара хилла ца Iаш, ерриг а Оьрсийчохь бехачу бусулбачу наха шай-кай а гулйина, адвокат лецира цунна. Цу адвоката, Чегодайкин Андрейс, схьаделлийтира милицега бехктакхаман гIуллакх. ХIинца и гIуллакх, массерна а хаъа а хууш, теллина чекхдаккхийта гIерташ ву адвокат, хIунда аьлча гуш ду и тIалатар и стаг кхеча къомах а, бусулба а хилар бахьана долуш дина хилар. Амма тIаьхьарчу хенахь ма-хиллара, Iедалш лууш хуьла иза хулиганаш дина, скинхедаш ца дина, бохург гайта.


Бехк-гуьнахь а доцуш бусулба Iедалца коьрта йовлакх а тиллина схьайог1уш йолчу йоIанна цу бесса къиза йеттарна оьгIаз ваханчу Оьрсийчоьнан Азехь Iохкучу республикийн муфтис Аширов Нафигуллас кхайхкам бира, бусулбачу нехан ларбала аьтто хилийта, оьрсийн гIаланашкахь бусулба анклаваш яхка йеза аьлла. Амма тIаьхьо, шен Оьрсийчоьнан динан урхаллера накъостий а цхьана, шена дуьхьала бевллча, юхавелира иза. Амма Ашировс дуьйцачо гойтуш ду Оьрсийчохь радикал-националисташ йоккха проблема а хилла дIахIоьттина хилар.

Локшина Татьяна «Хьюман Райтс Вотч» олучу бакъонашларйон вовшахтохараллан декъашхо ю. Цо а дуьйца къаьмнашкахь ца безам хилар бахьана долуш леррина нах байъа а, цаьрна йетта а арабовлуш болчу скинхедийн терахь алсамдолуш ду бохуш.

«Проблема хIу ю хьуна аьлча, схьадоьллаш долу бехк-такхаман гIуллакхаш аьттехьа а дог1аш дац, хаъа а луш, алсам долуш долчу национал-радикалаша жимчу къаьмнийн векалшна деш долчу тIелетарийн терахьца».

Iедалш бехке ду, цу тайпа махкахь хьал хIоттарна, аьлла хеташ ю Локшина Татаьяна.

«Со цхьа а шеко а йоцуш тешна ю, Оьрсийчоьнан Iедалш махкахь скинхIедийн болам алсам балийта лууш дац бохучух. Цу боламо дуккха а проблемаш йохьа. Иза цхьа ша-тайпа кхераме кегийрачу нехан болам бу, куьйгакъелла эца хала болу. Суна хетарехь, проблема кхузахь мелла а кхечу хIуманца йоьзна ю. ТIахьарчу шерашкахь Iедалш ловза дуьйлаш дара Оьрсийчоьнан юкъараллехь йолчу националистийн амал йолчу юкъараллашца. И ловзар дахделира, цуьнах инзаре ирча а йолуш, баккъалла а йолу проблема хиллалц. ТIкъа карарчу хенахь Iедалш хаза а хеташ шайн куьйгакъелла оьцур долуш дара хьал, амма иза ца дало цаьрга. Хан дIаяхана».

Шайна т1елетIарш дарх ларбалар Iалашонца, хIу дан деза боха хаттар хIоьттина дуккха а Оьрсийчохь бехачу бусулбачу нахана хьалха.

Масала, «Ислам ру» интернет агенталло и хаттар дира кхаъа бусулбачу диндега.

Салтанов Шамил куьйгалла деш ву Оьрсийчурча Дуьненаюкъарчу Исламан Аналитикан центарна. Цунна хетарехь цхьа некъ бу пачхьалкх чIагIяр, юкъаралло Iедалшна тIехь контроль яр чIагI а деш. «Медина» цIе йолчу зорбатухучу цIийнан куьйгалхо ву историк Мухетдинов Дамир. Ксенофоби дIаяккхалур яц, амма адамийн ойла хийца ялур ю, аьлла хета цунна. Делахь а цхьане цу зулмах ларбала хьовса беза бусулба нах, аьлла хета Мухетдиновна. Ашировс дуьйцучунна дуьхьала вац иза. Амма цо гIалат далийтира «анклав» а, «гетто» а боху дешнаш а лелийна. Бусулбачу наха анклаваш кхолла йеза а ца олуш, оьрсаша лелош долу «слободаш» кхолла йеза аьлла цо аьллехь, цу кепара дуьхьала бевра бацара цунна нах, хIунда аьлча оьрсийн гIаланашкахь ширчу хенахь дуьйна хилла, кхеча къомах болу нах беха меттигаш, бохаш дуьйца Мухетдинов Дамира.

ТIкъа кхолагIа цу проблемах шена хетарг аььларг ву оццу «Ислам ру» интернет агенталлин коьрта редактор Сафатдинов Марат. Цунна хетарехь, бусулбачу наха бусулба чулацам болу хьажор кечдан деза, Оьрсийчурча нахана бусулбачу нахах а, кхеча къаьмнех а лаьцна хетарг хийцар Iалашонца. Нагахь иза далахь, бусулба нах маьршша лелар бу урамашкахула, Европехь иза ма хиллара аьлла хета цунна.

(ХIара материал эфирехь хилла 05 26 2008)

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG