ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьне Къилба Корейна ТIехIотта Деза, Аьлла, Хеташ Ю Iамерка


Къилб Корей -- Президент Ли Мьюнг Бак а, Iамеркан пачхьалкхан секретар Клинтон ХIиллари а Сеулехь цхьанакхетта, 26Сти2010
Къилб Корей -- Президент Ли Мьюнг Бак а, Iамеркан пачхьалкхан секретар Клинтон ХIиллари а Сеулехь цхьанакхетта, 26Сти2010

Къилба-Седа Корейна а Къилбан Корейна а юкъахь иккхинчу девнехь бехке Къилба Корей ю аьлла, хеташ ю Цхьанатоьхна Штаташ. И боху дIахьедар дина Iамеркан пачхьалкхан секретар йолчу Клинтон Хiилларис, ша Сеуле яхана йолуш. И дов муха гуш ду Вашингтонна?


Цхьанатоьхна Штаташ Къилба Корейна тIехIиттина ю аьлла дIахьедар дина Iамеркан пачхьалкхан секретар йолчу Клинтон ХIилларис. Къилбаседан Корейно оцу Къилба Корейна хIурдан кема а дохийна иккхинчу девнехь, иштта, Сеулан тIехIоьттина Вашингтон. Шаьш динчуьн бахьана дуьйцуш Сеулехь зорбан-конференцехь иштта йист хилира Iамеркан пачхьалкхан секретар Клинтон ХIиллари.

Клинтон: Тхан шинан мехкан кхолламаш иттанаш шерашкахь вовшашца боьзна хилла бу. Кху тIаьхьарчу 60 шарахь дуьненахь машар Iалашбеш а, Корейн ах-гIайренна тIехь а, оцу регионехь а, къепе ларъеш, цхьана схьадаьхкина тхо. Къилба Корейн кхерамзалла а, цуьнан суверенитет а Цхьанатоьхначу Штаташ вуно чIогIа ларъйийр йолуш ю.
Кхин дIа а къамел деш Клинтон Хилларис аьлла 26-чу мартехь, 46 стаг а леш, хин буха дахана долу Къилба Корейн хIурдан кема Къилбаседа Корейн эскархоша торпеда а тоьхна дохийна дара, аьлла.

Маршо радио: Къилбаседа Корейно иза тIеоьцуш дац. Шаьш кхин дIа а, иштта, бехке деш хилахь, шаьш тIаме девр ду бохуш, дIахьедарш до цигарчу Iедалхоша.
Говзанчаш тидаме оьцуш ду, оцу девно шина мехкан экономикан уьйраш а талхош хилар. Къилба Корейхь Кэсон олучу гIалахь болх беш ву шовзткъех сов эзар Къилбаседа Корейра вахархо. Уьш цигара дIабаха мега хIинца. Цо а, дикка талхор ю, оцу шинан мехкан юкъаметтигаш бохуш дуьйцу говзанчаша.
XS
SM
MD
LG