"Кибер-атака" боху дош, схьагарехь, вай лелочу маттана юкъахь дуьсур долуш ду.
Даханчу кIиранахь, шоьтан дийнахь Маршо радион Белоруссин сервисан веб-сайтана дикка кечъйина атака йира хакерша. Белоруссин информаци тIехь йолчу серверх дIатесна ю, албанхойн а, азербайджанхойн а, оьрсийн а, иштта дIа кхин а сервисийн сайташ. Оцу кепара ечу новкъарлоша халчу даьккхинера сайташна тIевахар. Цкъа-цкъа – уьш схьа а ца еллалора. Проблема дIаяккха ондда болх бан дийзира говзанчийн.
Яйначу хIуман мах, иза хьайн карахь йолчу хенахь ца хаьа. Иза бакъхилар, ерриг пачхьалкхан барамехь стохка, пхи-ялх кIирнах тIечIагIделира Эстонехь.
Аарелайд ХIиллара – Компьютерийн Кхерамазаллех жоп лучу тобан директора элира тIаьхьуо и атакаш уггар чIогIа йинчу - итталгIачу а пхийтталгIачу а майхь – Эстони, шен шовзткъе итт процент баьпках, шуьрех, бензинах а елира цхьана сохьтехь эха сохьтехь. Ткъа шолгIачу атакехь, цхьана пхеа минотехь кхин а кхузткъе пхийтта процент, изза сурсаташ дайра шайн пачхьалкхан аьлла.
Дуьенан маьI-маьIIера, цхьана метта миллион сов компьютерна чухула дIасаяхийтинчу программо, Эстонин уггар йоккхачу ХIансапанкан сервераш талхайора. Бензинах, шуьрех, баьпках ахча дIалучу нахана цIаьххьаша гучуделара, шайн банкийн карташ болх беш ца хилар. Иза боккха бохам бара, интернет – дахаран коьрта дакъа долчу пачхьалкхана.
Марверт Питер – гоьваьлла, возуш воцу интернетан говзанча ву. Маршо радиога цо дийцира, Интернетехула мехаза телефонан къамелаш дан а, смс-хабарш дахьийта а таро луш йолу Скайп тIехь йолу сервер – юьхьанцара, Таллинехь кхоьллина а, кхиийна а ю бохуш.
Таллинан урамашкахь машен дIахIотточу наха а, дукха хьолахь, смс-ца ахча дIало иза дIахIотторг. ЗIе йоцу интернет а, массанхьа а ю. Наха шайн лаптопаш – карахь лелош йолу компьютерш – латайо кафеш а, ресторанаш а чохь.
Кхузахь дийца а ца оьшу, интернет мел маьIне хилла Эстонин массо а бахархойн – юкъараллин а, хIора стеган а дахарехь.
Мехкан Iедалан болх, масала, хIинца кехаташ тIехь бан а бац. Ша берриг компьютерш чохь бу. Наха кхаьжнаш тосу интернетехула. Школехь боцчу хенахь хьехархой а, дешархой а интернетехула зIе латтош бу. Цундела, цецвала оьшуш хIума дац, Эстонина кибер-тIелатар дича, НАТОно и хаттар къастор шена тIелаьцча. Оцу пачхьалкхан тIеман министро Аавиксу Яаака элира оцу хенахь, и кибер-атакаш мехкан кхерамазаллина кхераме яра. Цуьнан хIурдаца йолчу порташна блокада яр санна дара иза аьлла.
Цкъа дуьххьара, цунна бехке оьрсийн Iедалш дан хьаьжира Эстони. Амма, оцу атакийн амал муха ю аьлчи, ма-барра болчу зуламхойн куьг ца лоцуьйтуш ю. ХIунда аьлчи, цу юкъахь дакъа йолу компьютерш, зуламан ницкъ болчу программица урхалла деш ю. Церан дайшна а ца хууш, дIасакхоьхьуйтуш ю цара зе деш йолу информаци – зомби санна.
И хала дуйла а хууш, НАТОно аьлла, Бертан декъашхоша цхьаний, кибер-атакашна дуьхьало ярна тIехь болх бан беза аьлла. И шен позици, апрел беттан хьалхарчу деношкахь Бухарестехь хиллачу саммитехь билгалъяьккхира НАТОно. Оццу хенахь цо элира, пачхьалкхаш шаьш а хила еза, шайх жоп луш аьлла.
Альянсан инарла секретара Схеффер Яап де ХIоупа масийттаза а аьллера, Эстони, информацин технологехь НАТОн уггар а тоьллачех ду аьлла. И пачхьалкх, альянсехь, кибер-дуьхьало ечу хьукхаматан коьрте хIотта а кхойкхур яра ша аьлла. Схьагарехь, Эстони цунна тIе кхача гена яц.
Шена кибер-атакаш яле хьалха а, НАТОга дехар динера Эстонино, Таллинехь туп тоьхначу кибер-дуьхьалонан центрах, НАТОн хьашташна йолу центр хилийта аьлла. Официала Эстонино бахарехь, формалан кепара, пхийтталгIачу майхь центрана пурба дала деза НАТОно.
Схьагарехь, кибер-атакех лаьцна шен тIаьххьара дош ца аьлла НАТОно. ТIаьхьарчу хенахь альянсера дийцарш жимма лахделлехь а, цуьнан векалш кхеташ бу, кхерам боккха буйла.
Цуьнан инарла секретаро Схеффер Яап де ХIоупан а Iедал ду, кибер-атакаш – берриг а бартана ткъе хьалхарчу бIешеран кхерам бу олуш.