ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бехктакхаман Урхаллин Нохчийчура Болх Емалбина Кадыровс


Нохчийчоь -- Чернокозово набахтера гIаролхой ков схьадоьллуш бу, хIума кхалла боьлхучу тутмакхашна, 16Сти2007
Нохчийчоь -- Чернокозово набахтера гIаролхой ков схьадоьллуш бу, хIума кхалла боьлхучу тутмакхашна, 16Сти2007
ХIинцалц, бехктакхаман урхалла, хьееш яцара Нохчийчоьнана куьйгалхочо. Кеста-кеста Чернокозовехь йолчу набахте а воьдуш, цу чохь латточу тутмакхийн дахаран хьелаш аттачу дохуш хIума леладора цуо.Схьаеллара театр а, кинозалаш а. Аьтто бора, аьчгаш ян луучеран, цхьацца гIирс цига бохуьйтий а. Оцу бахьанца Чернокозовехь йолу и набахте Оьрсийчохь уггаре а дикачарех лоруш ю.

Тутмакхашна тIехь, кхеченхьа санна тIеIаткъам беш цигахь банне а бацара, ткъа, чубоьхкинчара, шаьш, вовше "куранишший", "мисканишший" бохучу хIуманна бекъар иза дац бохуш дара. Амма, тIаьххьара Кадыров Рамзана низамхошца дIаяхьначу кхеташонехь, царна массарна а бурч йоьхкина ваьлча, бехктакхаман урхаллин рагI а кхечира, кхолладелчу хаттаршна жоп дала. Кадыровс чIагIдарехь, нохчийн набахтехь а, талламан изоляторшкахь а, лан ца даллала хьала кхолладелла. Болчу кхачамбацаршна юккъехь, цо бахарехь, ду, тутмакхашна юкъахь куранишший, мисканишший, бохуш бекъабалар.Чу боьхкинчаргахь телпонаш мичара евлла аьлла, оцу хаттарна жоп дийхира цуо Бехктакхаман Урхаллин Нохчийчохь долчу декъан кукьйгалхочуьнга Ирисханов Iелига. Цо аьллачо Кадыров цецваьккхина а ца Iаш, цу чохь мел верг а, телевизионе хьоьжурш берш а бехира. Жоп луш гуш дара инарла-майор волу Ирисханов мел воьхна вара, ишшта доьхьала шега хаттар дарна.

Ирисханов Iела: Лараме Рамзан Ахматович, хьан реакции а, ахь хадийна болу мах а оха тIеоьцу. Амма, ма дарра долчу хьолах лаьцна хьоьга дийца лаара суна. Телпонех лаьцна йолчу информацех аьлча, уьш йолуш ю Оьрсийчохь массанхьа а, вай долчохь а. Бакъду, вай долчохь уьш иштта дукха яц. Телпонаш набахте кхаа кепехь кхочу. Гергара нах чубоьхкинчаьрца цхьанакхетаре богIучу хенахь - зударшна таллам бан вайн кегий нах ца хIутту, амма, оцу хIумано тхуна тIера бехк дIа ца боккху.

Кадыров Рамзан: Собар дел, собар дел цкъа. И хIун кхамел ду? Муха? Зудчунна цу чу телпон яхьа а йиш хилча, цо тапча яхьа ма мега цу чу. ПСМ олу тапча а, телпо а цхьана барамехь ма ю. Оцу тапчица цо шуна тIе герз а диттина, цигара дIаваха ма мега иза. Ахь бохург иза хаттарна жоп далар дац. Иза болх дика ца бар а, иза цхьа хIумма а ца деш Iар ду, шу агIора.

Маршо радио: Нохчийчохь адамийн бакъонашкахула векал волу Нухажиев Нурди дукха хенахь дуьйна, Оьрсийчура бехктакхаман система хийца езаш ю бохучарех цхьаъ ву. Цунна хетарехь, таханлерчу набахтешкахь, тутмакх араваьлча, хийца а велла ца волу, амма, Нохчийчохь царна мелла а атта дара аьлла хета цунна. ХIинца, Нохчийн набахтехь гучудаьллачу керлачу хьолах, лаьцна ишшта комментарии йира Нухажиев Нурдис.

Нухажиев Нурди: Чубоьхкинчу нехан и система хийца еза оха боху цхьа итт шо хан ю. ХIунда еза хийца? Цигахь стаг хIаллаквеш ву, кагвеш ву, сийсаза воккхуш ву. Цигара араваьлча, вайна юкъахь Iан а, ваха а пайденна волуш ца хуьлу иза. Оцу чохь иза цомгуш а хуьлу. Оьрсийн набахтеш юьйцу ас, кхечанхьа йолу. И хIума ца хилийта, уьш къуйн амале ца берзийта, бохуш ду царга иза президента. Оцу амале уьш берза йиш йолуш бац, цхьаберш лекха, кхиберш лах а беш. Низам хила ма деззара дIа а хIоттийна, чу яхьа ца мегаш йолу хIума сацо еза цигахь. Зударшна дегIе хьажа йиш яц бохург, иза нийса дац. Герз а эцна цу чу стаг водахь, цигахь нах байа кхерам бу. Куьйгалхочуьнан бакъо ю, зударий балха схьаэца. Аэропортехь муха хуьлу? Божаршна таллам божарша бо, ткъа зхударшка хьовсуш зударий бу. Вай малделлачу хенахь, цхьа тешнабехк хила мега. Цундела президента и гIуллакх шен хеннахь тидаме а лаьцна, цунах жоп а дехна, нийса а дехна.

Маршо радио: Кхачамбацарш дадаха мелла а хан елла Ирисханов Iелин. Амма, нагахь санна цуьнга иза далуш дацахь и дарж дита дезара ду цуьнан. Ша ма хуьллу, цигахь болх тобан инарла хьожург хиларх шеко яц, амма, ишшта даккхийцчарех гIалаташ далийтар, во лоруш хIума ду, Iедалехь болчарна юкъахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG