Шуьйта хьала воьдучохь, некъа йистехь, лам тIера охьадогIуш цхьа шовда ду. Меттигерачу бахархоша чIагIдарехь, ша мел чIогIа хьагъяларх говро хи ца молура хьалха цигакхаччалц. И шовда, дийцарехь, шен цIаналца билгаладаьлла ду. Иза мел дукха мелча, а Iаба а ца Iеба, дегI даз а ца до цуо.Ткъа, вахьнехьа, къаьстина Соьлжа-гIалахь, долчу хина ши къурд бича а, тоьъу, иза кхин дIа ца мала. Багахь хаъало, мекхалла. Дукха хан ю махкахь хинна цхьана а кепара луьтташ доцу. Соьлжа-гIалахь, масала, шина-кхаа дийнахь собар а дина, биргIан чухулла догIу хи эцча, дуьххьара охьайолало цIехо-можа йолу тIуналла, цултIаьхьа - хи ду бохург. Соьлжа-гIалахь молуш долу хи ша цIена ду, амма, шерашкахь хийцанза йолчу, яхкаеллачу биргIанаша иза бех до, боху говзанчаша. Хийца езаш эзарнаш километарш биргIанаш а ю, оцу гIуллакхана миллиардашкахь ахча а деза, бохуш, Маршо радиога дийцира «Грозводоканал» цIе йолчу урхаллин векло Идрисов Абубакара.
ГIалахь долу хи, кхехка а ца деш, ян литта а ца льуттуш, мала ваьхьийла а дац.
Идрисов Абубакар:- Хинан биргIанаш ширъелла.Уьш хуьйцуш-м ю жим-жима. Амма уьш шаерш схьа а эцна, хийца аьтто бац. Дукха ма юй уьш. Тхан балансехь 2070 километар биргIа ю. Ткъа оха цулсов дола а деш, йоьхнача та а еш, кхин цхьа 200 километар хир ю.
Маршо радио:- Уьш хийца мел ахча деза?
Идрисов Абубакар: Билгала цу гIуллакхана мел оьшу алалур дац, амма, 5 миллиард сом, бохуш цхьа терахь ду цигахь лелаш.
Нохчийчохь молуш долу хи, хлораца цIандеш а дац. ХIунда дац а дийцира Идрисов Абубакара.
Идрисов Абубакар:-Хлоратор болх беш яц вайн цIахь. Хьалха, хинах коча хлор а тухуш, хIума дора.13 контейнер яра, ширачу схемица и болх болабийра бу аьлла чу еана, амма, министрийн кабинето сацам тIе а эцна, махкал ара яьккхийтира, иза кхерам болуш хIума ду аьлла. Кхечу гIаланашкахь цхьацца керла методаш ю хи цIандеш йолу. Вайн кхуза маца кхочур ю хууш дац. Шира метод-м чIогIа кхераме а яра, хIицна-м махкахь паргIато ю, т1къа массийта шо хьалха, цхьана контейнерна герз кхетахь, дерриге а Iалам хIаллак дийра долуш, оццула кхераме яра и контейнерш. ДIахьочу хенахь дукха хала яьхьна ю Волгограде.
Амма, таханлерачу дийнахь и хи долуш а доккха хIума хеташ бу нах. Боьха хиларх, кхехка а дой, юха фильтарна чухула луьтту иза. Амма, говзанчаша чIагIдо, леринчу фильтарца литтича, хи химийн латтамех цIандо, амма, бIаьрго ца лоцуш йолчу садолчу хIуманех, кхечу дашца аьлча, биологийн агIорара цIандар ца хуьлу цуьнах. Иттех километар гена а яц Соьлжа-гIалана, Iалхан-гIала олуш йолу юьрт. Нохчийчохь уггаре а йоккхах йолчарех ю иза. Цигахь биргIанаш чухула хи догIуш доцу итт сов шо ду. Я хенахь догIура ду аьлла хIума а дац цигахь. Шай эвлахь йолчу хинан проблемах лаьцна дийцира Мурадов Султан цIе йолчу вахархочо.
Мурадов Султан:-ШозлогIа тIом болабеллачу хенахь дуьйна тхан юьртахь хи догIуш дац. Хи хуьлуьйтур ду аьлла, шира турбанаш дIа а яхна, керланаш йехкина хIума а дина. ДIаяханчу гуьйрина хи хир ду аьлла дара, амма, тахана а иза доцуш ду тхуна.
Маршо радио: -Ткъа, хIун до аш хинна?
Мурадов Султан:- Хи оьцуш ду-кх оха.
Маршо радио:- ХIун ло аш цуьнах?
Мурадов Султан:- Тоннах I00 сом ло. Хоранне кертахь гIунаш ю яхна.
Маршо радио:- ТIаккха, иза эцна ду бохуш, ма хетта дайъа йиш хуьлий шу?
Мурадов Султан:- Дера ца хуьлу. Ма хетта муха дойъу иза, нехан таронаш а яц иза эца. Баттахь шозза-кхузза эца ма деза иза.
Хи оьцуш хиларна, цхьана хIуманна тIехь гIуллакх хилла Iалхан-гIаларчу бахархойн. Иза цIена хилар, билгаладаьлла шайна, боху Мурадов Султана.
Мурадов Султан:-Оха лелош долу хи льуттуш а дац, ян кхехкош а дац.Оьцуш долу хи, цIечу жаIар олучу организацино, цунна лабораторехь таллам а байтина, иза цIена ду аьлла даре дина ду. ГIалахь долу хи-м, кхехка а ца деш, ян литта а ца льуттуш, мала ваьхьийла а дац.Оьцуш долу хи лаьттабухара, буру а тоьхна хьаладолуш ду. ГIалахь долчу хино, масала, чайник чохь кхехкича тIулг буьта, ткъа оха лелочо, и тIулг а башабо.
Дуккха а хан хьалха, Дудаев ЖовхIара, шен амалехь забар йинехь а, ян баккъалла а аьллехь а, дIахьедар динера, шена дика хетара дара, нохчийн лаьмнашкара, шовданна хиш, Iарбойн регионе биргIанна чухулла хьажийча аьлла. Оцу хенахь дукхачу наха къобал дийра долуш хIума дара иза, нагахьсанна, дан долийнехь. Ткъа тахана, шаьш Iарбой а реза хирг хира бацара, ишшта цIена доцу хи шаьш долчу даладайта.