ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берийн Де Даздина Нохчийчохь


 Берийн Де Даздина Нохчийчохь 01МАНГ2010
Берийн Де Даздина Нохчийчохь 01МАНГ2010

Дуьненаюккъарчу берийн дийнахь дуккха а проблемаш гучуйоху Нохчийчохь. Берийн могашаллана тIера, церан кхане муха хир ю бохучунна тIекхаччалца ю уьш.

ХIара йиш локхучу Имама, шо а дацара, Нохчийчохь шозлогIа тIом болабелчу хенахь. ГIалгIайн махка, цуьнан да а, нана а, йиша а, вежарий а дIакхелхинчу хенахь, цуьнан кхетош-кхиоран болх а бацара башха дIоггара тергонехь. Цуьнан нанас дуьйцу, иза дукха жима волуш дуьйна, агана чура ша васта а лой, иза тIекIала а тухий, кхечу берех тера воцуш, тIех сов жигара вара бохуш. ГIалгIайн махкахь, луларчу баккхийчу божабераш, иза кхералой хьожуш буьрка санна хIаваэхула вовшашка дIасакхуьссура иза, амма Имам, ца велхаралла сов, кхеравелла аьлла, чIикъ дIа ца боккхура. ХIинца цо лоькхуш йолу эшар ю, цуьнан хIокху дуьненах самукъадалар гойтуш. Муха а хилахь а, со вехар ву, бохуш санна маьIна ду цуьнан хIинц-хIинца долалуш долчу дахаран.

Имамчух тера бералла долуш дукха бу Нохчийчохь. Царах шина дашца олу, тIеман бераш олий. Гуш йолу тIеман ларш дIаяхнехь а,оцу берийн кхане муха хир ю ца хаъа. И гIуллакх тергоне ца эцахь, хIинца санна тесна дитахь, иза марханаш а йоцуш хира ю ала ца хIутту, и проблема психикаца йолун дела.


Цунна а, кхийолчу а проблемшна тидам бира, масех де хьалха Нохчийчу веъана хиллачу Оьрсийчохь долчу берийн бакъонашкахула векал волчу Астахов Павела. Ишшта билгалделира, ерриге а пачхьалкхехьчулла а Нохчийчохь заьIап бераш шозза-кхузза алсам хилар. Ишшта, берийн омбудсмена бахарехь, леррина тIе тидам бахийта дезаш бу нохчийн берашна юкъахь тIеман синдромаца йоьзна йолчу психикийн цамгаршна. Баккхийчеран даккхийчу гIалатийн бахьанехь, цу тайпа цомгуш хиллачу берийн могашалла меттахIоттор хьалхарчу меттехь хила деза аьлла, дIахьедар дина Астахов Павела.

Ткъа, нохчашна шайна муха го, берийн проблема? Цуьнах лаьцна Маршо радионо къамел дира, пхеъа беран нана йолчу Тоитица. Шен берийн кхане цхьана хIуманца билгалаяьлла хила лаьа элира цо: «Сайн берашна а, вай махкахь долчу массо а берашна а, хIинцалц хилла долу и вонаш а ца гуш, хуьлийла лаьа суна».

Нохчийн бершана тIеIаткъам бан мегар дац. Цаьрна иштта а бералла ца гина, цундела хаза дашца а, баккхийчара шайн масалшца а хьехам бан беза, бохуш кхин дIа а дийцира Тоитас: «Ахь човхадича а, йиттича а бер нисло аьлла ца хета суна. Мелхон а, хьехар а деш, чура д1а хьехар дан деза цунна. ТIаккха беро иза схьалоцур ду. Цундела еттарий, и хIумнаш, бер дуьхьала долуьйтуш долу х1уманаш, аса тIеоьцуш дац. Нохчийн гIиллакхашца а, хьехарца а, кхето беза уьш. Сан сайна ду чохь пхи бер. Хьехар дича, цара г1оле дIалоцу аьлла хета сунна, царна еттачулла».

Нохчийн берийн проблема, кхечу хIуманца а билгалйоккху Тоитас. Цунна хетарехь, дукхачу доьзалийн аьтто бац, шай бераш дикачу метте деша дахийта а кхин аьтто бан а. Иза йоккха проблема ю элира цо: «Нохчийн бераш, Европехь долчарелла а, оьрсийн берелла а дуккха а иман долуш а, похIма долуш а ду. Амма, уьш доцу некъахь дIататта ницкъ бац нехан».

Европехь, дIабаханчу нохчийн, коьрта маьIна, дукхачара цара шаьш бахарехь, берашна дешар тIехь аьтто хилар бу боху. Ишшта хета, масала, Зулай цIе йолчу зудчунна: «Сан кIант кхузахь хIинца, дзюдо а, бассейне а, хоккей а лелаш ву. ЦIахь таро хилча а, хьелаш дац и хIума дан. Кхузахь атта ду цунна. Цулсовнаха, сагатта дан а ца оьшу араваьлча цIа маца вогIур ву-те бохуш. Бераш ийзалуш а дац кхузахь. Церан бакъо, баккхийчеран санна ю кхузахь. Цаьрга ладугIу кхузахь. ЦIахь дош ца хета беро аьлларг».

Аслан цIе йолчу стага шен дуьхьа а, кхечу аьттонийн дуьхьа а вехаш вац ша боху Европехь. Берашка цIахь ишшта хьажахьарий, дукха нах цIабоьрзура бара аьлла хета цунна. ТIаккха а, мелла дикачу меттехь дешца а, ненанмот а ,дайн гIиллакхаш а диц ца дичхьана, миччахь Iан а, ваха мегар ду боху цо: «Тахана со Европехь Iаш ву. Кхо бер ду сан. Тахана кхузахь санна хьелаш цаьрна далахьарий. Вайн цIахь шорта бераш ма ду, тIехь да а, нана доцуш. Сан сайн цIахь а ду, вешийн бераш а, ишшта кхин дIа а. Со-м кхузахь сайн дуьхьа Iаш вац. Берийн дуьхьа ду ша дерриг. ЦIахь кхузахь санна далахьарий, чIогIа дика хир дара. Коьртаниг, ша нохчи хилар диц ца дичхьана, ненан мотт Iамийчхьана, ша мила-мичара ву хиъичхьана, коьртаниг из ду».


Боккха къинхетам бу ала мегар ду, Нохчийчохь долчу берийн, уьш шай цIахь, денна-нанна хьалха хьалакхуьуш хилча. Геналла хIу ю хIинца а ца хуучу, жимчу йоIа, ишшта дешнашца дуьйцу иза: «Маьлха дуьненахь,уллехь, ян геналлахь. Кхета дагах суна. Нанас доьIу са».


Берашна дуьненаюккъерчу дийнахь, доккха совгIат дина Нохчийчурчу Iедалша. Махкахь мел йолу аттракционаш, мах а боцуш болх беш ю, хан яллалц. Тахана цхьана дйинахь, церан бIаьрг а, дог а деладелча, цулла мехала хIун ду ала хала ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG