ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Фитна" Фильм Ца Тайна Бусулбачу Нахана


 "Фитна" фильман автор Вилдарс. 27 CHILL2008
"Фитна" фильман автор Вилдарс. 27 CHILL2008

ПIеракана буса ислам-дин сийзаз деш йолу ша яьккхина фильм Интернете йиллина ХIолландерачу депутато Вилдерс ХIирта. Иза емалдина кху дуьнентIехь дуккха а наха.

Вилдерса дийцарехь, цуьнан фильмо дуьйцург ду адамашка къизаллаш лелайойтуш долу Къуран фашизман чулацам болу книга хIунда ю бохург. ХIолландерачу депутато яьккхина йолу, 15-тта минотехь йоьдуш йолу фильм, гучуйелира интеренетехь «livelinks» ц1е йолчу сайт тIехь ПIераскана буса, цхьа а телеканал иза гайта реза ца хиллачулла тIаьхьа.


«Фитна» аьлла цIе йолу и фильм дIайолалуш а, чекхйолуш а Вилдерса сурт гойту Мохьмад Пайхамаран ду аьлла долу. Цу тIехь коьрта тIе йиллина гойтуш ю, эккхийта кечйина йолу, бомба. Фильм иштта яьккхина ю. Доьшаш, къуран тIера ду аьлла гочдина сураташ ду, тIкъа гойтуш ду бусулба нах ду шаьш бохуш болчу наха дина долу терроран тIелетарш деш даьхна долу суьрташ а, видео а. Цаьрна юкъахь ду 2001-чу шарахь 11-чу Сентябрехь Iамеркехь дина хилла тIелетарш а, къайлахчу камерица даьккхина долу адамаш дайъар а. Цу юккъехула гойтуш ду, бусубан диндай бу бохучу наха, джихаде а, жуьгташна дуьхьала а кхайкхамаш беш.

ХIаагехь хиллачу зорбанан конференецехь, Вилдерса иштта дийцира шен фильмах лаьцна: «Иза питана тасар дац, амма ма-дарра дерг а ду, политикан жамI а ду аса дина долу. Со политик ву. Ислам кхерам бу Нейдерландехь маршо хиларна. Ткъа сан, иза хьалххе варе деш, цунна дуьхьала иза дIаала декхар ду.

Вилдерсан фильмо чIагIдо Нейдерландехь а, йерриг Европехь а бусулба нах алсам бовлуш хиларо кхерам бохьа демократин кеп йолчу юкъараллашна бохург. Иза дIайоьрза «Сацаде Европа Исламана хилар!», «Ларйийра ю вай вайн маршо!», бохаш кхайкхамаш а беш.

Фильмо бах ислам эшо деза, фашизм а, коммунизм а Европехь эшийна ма-хиллара.

ХIолландин Iедалш а, цигара динан дай а масийтта къирнах гIиртира и фильм гучу ца ялийта, 2006-чу шарахь исламана дуьхьала суьрташ гучу девллачулла тIаьхьа, Данехь дIадуьйладелла долу къепедацарш шайн пачхьалкхехь а хиларна кхоьруш. Еарийн дийнахь, шен зорбанан конференцехь, ХIолландин премьер-министро Балкененде Ян Петера тIе ца дитира керлачу фильмехь дуьйцург, иза бакъ дац аьлла: «Фильмо ислам а, ницкъбар а цхьатерра ду бах. Оха тIе ца дуьта цу тайпа хуьлуш дерг тидар. Дукхах болчу бусулбачу наха бакъйеш яц экстремизм а, ницIкъ бар а. Ма-дарра аьлча, тIелетаршкахь эшам хиллачу нахах дукхах берш бусулба нах бу. Цундела, тхуна халахета Вилдерса и фильм арахецарна. Тхуна хетарехь, цо цхьа а Iалашо кхочуш йийра яц, нахана хала хетийтар а бен».

ТIаьхьарчу масийтта баттахь ХIолландин Iедалш кампани дIахьуш дара бахархошна юкъахь, цхьана агIора и фильм шаьш тIе оьцуш ца хилар а гойтуш, вукха агIора махкахь дешан маршо хилар билгал а доккхуш.

Иза ара а ялале, дуьхьалонан акциш хилира ОвхIан-пачхьалкхехь а, Пакистанехь а, кхи йолчу бусулбачу пачхьалкхашкахь а. Цхьанакхетначу Къаьмнийн Организацин адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташоно Еарийн дийнахь дIахьедар дира, ша хала хетна хиларх лаьцна, адамашка ниIкъ баре кхойкхуш а, кхеча пачхьалкхашка а, исламе а, кхечу динашка а ца безам кхуллуш а, зарбанан гIирсех пайда эцна хиларна.


ХIолландерачу Исламан федерацино дехар дарца, меттигера суд къасто дагахь ю, доха до, я ца до Вилдерсан фильмо адамашна юкъахь цабезам кхолларна дуьхьала хьажийна долу низамаш бохург.

(ХIара материал эфирехь хилла 28-чу Мартехь (Зазадоккху-баттахь) 2008-чу шарахь.)

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG