ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Марс ТIебаха Кечлуш Бу Астронавташ


ОЬрсийчоь-Москох-Марс ТIебаха Кечлуш Бу Астронавташ 04МАНГ2010
ОЬрсийчоь-Москох-Марс ТIебаха Кечлуш Бу Астронавташ 04МАНГ2010

Марс цIе йолчу цIечу планетан тIекхача адмаш кечлуш долу дуккха а шераш ду. Амма, хIинций бен оцу новкъан гаьрга ца бахна нах. Оцу планетан тIекхача ницкъ болчу кеман а макет а кечйина, шайн новкъана оьшу хан оцу макетан чохь яккха цхьана кечбелла Оьрсичуьра а, Европера а, Китай-махкара а астронавташ.

Марс цIе йолчу цIечу планетан тIекхача адамаш кечлуш долу дуккха а шераш ду. Амма, хIинцца бен оцу некъана герга ца бахна нах. Оцу планетан тIекхача ницкъ болчу кеманан макет а кечйина, шайн некъана оьшуш йолу хан оцу макетана чохь яккха кечбелла Оьрсийчура а, Европера а, Китай-махкара а астронавташ.

Москох юккъехь йолчу Дарбанан а, биологин а проблемаш толлуш йолчу институтан хIусамехь, Марс планетана тIебаха кечбеш болу астронавташ, дIагулбина болу дуккха а хан яра. ХIинца, царах ялх стаг а къастийна, оцу кеманан макетан чу ваьккхина. Царах кхо стаг Оьрсийчура ву, цхьацца Китайра а, Италера а, Францера а ву.

Оцу наха кеманан макетана чохь даккха дезаш ду мел кIезга а 520 де. Говзанчаш дийцарехь, царах ши бIе ах бIе де Марсан тIекхача дезаш ду, цигахь ткъе итт де докхур ду, дисина долу ши бIе шозткъа де цигара юха бахка деза. ДIай-схьай некъ къаьстйна хилар, кема дIадоьдуш доьттина хир ду, юха догIуш иза мелла а дай хир ду, бохуш, туьду говзанчаша.

Талла хIиттийна йолу проблемаш а йовзийтира иштта космос толлуш йолчу институтан директор волчу Зеленый Лева:


«Психологин проблемаш ю. Дуьненах дIакъастар IаьтIкъаш хуьлуш ду. Цхьацца хаттарш ду, адамаш вовшашца ца мегаш хиларх доьзна а. Къевлинчу хIусамах кхерар а проблема ю. Царах хIора а проблема, кхин а яккхийн проблемаш кхуллуш хила а мега. Цундела, хIинццалц иштта гена, адамаш тIехь а долуш, кеманаш лелла дац».

Зеленый Лева кхин дIа дийцарехь, массех шо хьалха цу тайпа эксперимент ян гIоьртира дуьненаюькъара Iилманчаш. ХIетахь астронавташца Канадера цхьа зуда а яра. Экипажехь, иза а къевсина, дов а даьлла, эксперимент хадо дийзира. Цундела, хIинца зуда яц шаьш оцу экспериментана юкъатоьхна, бохуш дуьйца, говзанчаша.

Марс планетина тIекхача йиъ бIе сов миллион километр некъ бан безаш бу.

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG