ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн Чоьхьарчу ГIуллакхийн Министраллин Эскаро Iорадаьхна Къилбаседа Кавказехь Шен Хилла Долу Дараш


Оьрсийчоь -- Чоьхьарчу ГIуллакхийн ницкъий буьйранча инарла Рогожкин Николай, Москохарчу зорбан-конференцехь, 26Заз2010
Оьрсийчоь -- Чоьхьарчу ГIуллакхийн ницкъий буьйранча инарла Рогожкин Николай, Москохарчу зорбан-конференцехь, 26Заз2010

Нохчийчохь беллачу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин эскархойн терахь гIарадаьккхина цигарчу векалша. Оцу шина а тIамехь ондда майралла гайтина боху цара. Оцу юкъанна ира лаьтташ ду, махкахь тIех дукха болу эскархой, шайн-шайн цIа баха беза бохуш, меттигерчу Iедалша деш долу дIахьедарш.


Нохчийчохь хьалхарчу а, шолгIачу а тIамехь шайн эскарера 3 эзар ца кхоччуш стаг велла, 9 эзар - чевнаш а хилла, лазийна. Оцу шина а капманехь дака лаьцначу Чоьхьарчу ГIуллакхийн эскарерчу салтех, 87-нна Оьрсийчоьанан турпалхочун мидалш елла. И терахьаш гIарадаьхна, оцу эскаран баьчча волчу Рогожкин Николайс цхьана кхеташонехь, уьш цкъа а зорбане даьхна дац, аьлла.

Беллачу а, лазийначу а эскархошна юкъахь, маса нохчо ву ца дуьйцу инарло Рогожкина. Оццу эскаран юкъайоьдуш ю Нохчийчохь йолу Къилбе а, Къилбаседа а ши батальон. Ма дара дийцича, оцу Чоьхьарчу Эскарна юкъара Нохчийчохь дегI а, са а ца кхоъош къахьоьгуш берш, уьш бен дIа бац. Бакъду, махкахь масситта эзар салтех хIоьттина йолу оццу эскарера тобанаш-м ю. Амма, шайн-шайн базашкахь Iер бен, цара кхин деш хIума дац.
ТIаьххьарчу хенахь, къаьсттина хIокху шина шарахь, Нохчийчура Iедалша дIахьедарш до, махкахь тIех сов дукха болчу эскархойн ницкъах лаьцна. Царах хIинца болуш пайда бац, уьш шай-шай цIа хьовсо беза, бохуш, маситтазза дIахьедар дина республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо бахарехь, хIоьттина йолу къепе, нохчийн низамхойн ницкъаца латталур йолуш ю. Ишшта, и тIех сов дукха болу, тIебаьхкина болу эскархой цIехьа бирзича, царна, луш долу ахча, нохчийн ницкъаллин структураша чIагIъян а, оьшучохь, уьш алсамъяха а еза, боху цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG