ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIун Ду Приморьехь Баккъалла А Хилларг?


Russia -- Presumable Andrey Sukhorada, killed "partisan" from Primorsky region, Mar2004
Russia -- Presumable Andrey Sukhorada, killed "partisan" from Primorsky region, Mar2004

Iедалан коррупцица къийсам латтабо бохучу наха Приморьехь милцой байарх а, юкъаралло царна гIортор яр а чIогIа кхераме гIуллакх ду аьлла, эххаре а, цигарчу хьолана тIе тидам бахийтина оьрсийн Iедалша. Къилбседа Кавказехь хуьлчух терра я кхин а гена даьлла хьал хила тарло цунах, боху цара. Делахь а, дикка кхеташ дац и «партизанаш» муьлаш бу а, цара баккъалла а лелорг хIун ду а.


Официала хаамашца, махкахошна дуьхьала даккхий зуламаш дарна бехке лоруш хилла тоба хIаллакьйина Приморьехь. Ткъа милцошна дина тIелатарш, деккъа, герз схьадаккха Iалашонца дина. Цул сов, зуламхойн тобан къайленашкахь дIайиллина карийна, фашистийн симболш тIехь йолу хIуманаш. Хiара дIахьедар динарг ву Примосркий кIоштан Чоьхьарчу ГIуллакхийн Урхаллин хьаьким Николаев Андрей.
Цо дийцарехь, Уссурийскерчу цхьана хIусаманна го бича, ши зуламхо церан каравеана, кхин а шиъ, Iедалийн каравоьдучул а аьлла, шаьш шайна герз а тоьхна, велла. Кхечу хьосташа чIагIдарехь, цхьа стаг вийнера, шолгIаниг лаьцнера.
Талламо баллистикан экспертиза йийр ю, «приморьера партизаийн» кхалхар муха хилла къастон Iалашонца. Оццу хенахь, хаамийн гIирсашкахь видео яьржина. «Къоман дуьхьа бекхам беш берш» шаьш ма-барра болу зуламхой гойтуш. Ялх минот сов йолчу оцу видео тIехь кегий нах бу, машенахь дIасалелаш. Новкъахь цхьаъ гичи, дукха хьолахь, оьзда боцу мотт лелош, комменташ йо веа жима стага. Масала, новкъахь вогIуш ши стаг гича, машен саца а йина, лай-межиргаш а дина, царна тIедатта цара:

Аьзнаш

Кхин дIа, милцойн дакъошна уллехь машен сеца а еш, шайн планаш юьйцу:

Аьзнаш

Оьрсийн аматехь бац аьлла хета нах сийсазабеш самкъадолу, машенахь болчу кегий нехан. Автобусан социйлехь лаьттачу шина стагана уллехь машен а сацайой, хеттарш дан буьйлало:

Аьзнаш

Маршо радио: Цхьаболчеран, милцой байинарш зуламхой ца хетачеран - шеконаш ю и видео баккъал а ю бохучун хьокъехь. Кхаьънаш оьцучу милцошна бекхам беш болчеран сий дайархьамма дина хIума ду иза аьлла хета царна. Амма, оцу машен чуьра цхьаннен, Ковтун Александр тIехьийзачу йоIе хаьттича гучудаьлла, видео бакъ хилар. Шен тIехьийза кIант вевзина ца Iаш, цуьнан кхо доттагIа а вевзина цунна – Сухора а, Илютиков а, Кириллов а.
Герз дуьхьала милцой байина зуламхой бу уьш бохуш чIагIдо хIинца, Iедалшна тIаьххье, дукхах болчу оьрсийн хаамийн гIирсаша.
Кхузахь шена тIе тидам бохуьйтуш дерг ду, милцой бойучу нахехь Приморьехь озабезам хилла хилар. Интернет хьосто Газета.ру зорбане яьккхинера, цунах лаьцна йоккха артикл.
Приморьерчу милицина дуьхьало йинчу нехан мах хадо Iалашо яцара шайн, юкъараллин оцу хьокъехь хетачу цецдаьхнера шаьш аьлла дийцира Маршо радиога Газета.ру комментарийн декъан редакторо Лалаева Светланас.

Лалаева Светлана: Юкъараллина хетачуьн мах хадо гIерташ дара тхо. Партизанийн болам олучу оцу хиламан хьокъехь, цу кIоштехь бехачу дуккха а нахана хетарг хаа лууш дара тхо. Тхо тхаьш а чIогIа цецдевллера дукхах болчу махкахойн партизанех дог лазарх. Робин Гудаш хетта а ца Iа царна и нах. Оцу нах лардеш дерг шайн сий а, оьздангалла а ю аьлла хета. Кхаьънаш оьцучу милицина дуьхьало еш бу аьлла хета уьш. Шаьш таIзарза нахана тIехь ницкъ а беш, балхах пайда а оьцуш, уьш тIехъевлла аьлла хета царна бакъонийн органаш.

Маршо радио: Цхьана агIора тамашийна реакци ю иза. Вукху агIора, далаьцначул тIаьхьа, милицино нахана техь лелочуьнга - къизаллаш, лалур боцу ницкъ, иштта дIа кхин а - ладоьгIчи, цецвала хIума а ца дуьсу бохуш дийцира Лалаевас.

Лалаева: Бакъонийн органаш оцу кепара цхьа а бахьана а, бух а боцуш, шен махкахошна тIехь ницкъ лелоро оцу кепара дуьхьало ойъу. Артиклан маьIна хIун ду аьлчи, "юкъаралла реза яц, ницкъ беш долу Iедал тIелаца а, къобалдан а" бохург ду. ХIунда аьлчи, шегахь болчу гIирсаца а, ницкъаца а Iедална нийса лела ца хуун дера.

Маршо радио: Цул сов, хаамийн гIирсашкахь баьржинчу кхечу хаамашца, Уссурийскехь, шаьш шайна а тоьхна, ши жима стаг велла, шиъ лаьцна бохучу цIенна хьалха баьхкина хилла, беллачерийн а, лаьачерийн а гергарнаш а, доттагIий а. Герзаца хиллачу тобанна гонаха «нийсонехьа къийсинчерийн» цIе кхолла лууш бу аьлла хета, официала Iедалшна.
Дукха яцахь а, интернетехь йолчу комменташа билгалдоккху, оьрсийн Iедалша Нохчийчохь дIабаьхьна тIемаш, хIинца Оьрсийчоьнан маьI-маьIIехь оцу кепара хаалург хилар.
XS
SM
MD
LG