ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан Уггар А Чолхе Меттиг Ю Къилбседа Кавказ


Оьрсийчоь -- Орлов Олег, Адамийн бакъонашларъечу "Мемориал" организацин гIантда, Москох, Тверской Кхел, 25Гез2009
Оьрсийчоь -- Орлов Олег, Адамийн бакъонашларъечу "Мемориал" организацин гIантда, Москох, Тверской Кхел, 25Гез2009

«Къилбседа Кавказерчу адамийн бакъонаш. ПАСЕн хьесап а, бакъдерг а» а цIе йолу зорбан-конференци дIаяьхьира Москох «Мемориалан» куьйгалхочо Орлов Олега а, цуьнан белхан накъосташа а. Нохчийчохь а, кхечу Кавказерчу республикашкахь а адамийн бакъонашца доьзна хьал дара дийцинарг.



Даханчу Еарин дийнахь (17 Гезгмашан бутт) Москох дIаяьхьна зорбан-конференци, Июн беттан 22-чу дийнахь Страсбургехь Европан Бертан Парламентан Ассамблейн леррина рапортхочуьн Марти Дикан хьесапан къамел хилале йина яра. И къамел, Къилбседа Кавказерчу бахархойн бакъонаш ларъяран механизмах лаьцна хила дезаш дара.

Амма, хIокху шеран январ баттахь ПАСЕн бюроно къобал ца дира Къилбседа Кавказехь бехачу нехан бакъонаш йохорх лаьцна ша-даьккхина рапорт кечдар. Оцу хьокъехь ойла кховдийнера Гуьржийчоьнан а, Эстонин а векалша. И ойла «тIехъяьлла а, политикан агIора нийса йоцуш» а лерира Ассамблейн куьйгалло.

Оцу сацаманна реза бац Къилбседа Кавказехь болх беш болу оьрсийн бакъонашларъярхой.

ХIокху тIаьхьарчу шарахь «Мемориало» Нохчийчохь бинчу балхах лаьцна дуьйцуш, юкъараллехь гIара а долуш, стаг лачкъийначу хенахь, урхаллашна юкъахь цхьанабелхаш бан талламан тоба кхолла еза и хаттар къасто элира оцу организацин куьйгалхочо Орлов Олега. И талламан тоба республикийн кIоштийн прокуратурийн а, тIеман прокуратурийн а; ФСБен а, Чоьхьарчу ГIуллакхийн Министраллин а талламхойх вовшахтоха езаш хиларх тешна ву Орлов.

Ишттачу тобан аьтто хир бара чолхе хаттар сиха къастон. Амма, шаьш дийцинчу цхьана а гIуллакхехула иза ца динера. Я талламхой а, я церан куьйгалхой а оцу тайпа талламан тоба кхолла лууш а, гIерташ а бац. Шена хетарехь и саботаж ю элира «Мемориалан» куьйгалхочо.
Цунна масала далош, ТIехьа-Мартан кIоштерчу Закан-юртара, эвлана юккъехь лачкъийначу стагах лаьцна дийцира Орловс. «Массо а блокпостех чекх а буьйлуш дIабахана иза лачкъийнарш. Амма, уггар коьрта а, маьIне а теш цхьа бутт ах бутт баьлчий бен кийтарлонаш яха дIа ца кхайкхинера», бакъонашларъярхочо бахарехь. Нохчийчохь болх бечу талламхоша моттаргIанаш лелайо, шаьш таллам дIахьучуха. Амма, церан метта ша болу болх беш дерш шаьш ду элира Орловс – факташ тIечIагIъеш а, тешаш лохуш а, стаг вийна я чевнаш йина патарманаш лохуш а.

Стохка йийна йолу «Мемориалан» Соьлжа-гIаларчу офисан векал Эстемирова Наталья а яра, Орловс дийцарехь, стаг лачкъорца доьзна, уггар а таро йоьхна гIуллакх къасто гIерташ. 2009-чу шарахь Июн беттан 28-чу дийнахь Соьлжа-гIалахь лачкъийнера Зайналов Апти. Лачкъочу хенахь герзан чов йинера Аптина. Мемориалан векалша тIеIаткъам а бина, и патарма схьаэцийтира талламхочуьнга. Амма, талламхочо иза схьаэцале, патарма хIуманна ца мегачу баьллера бохуш дийцира Орловс.

Прокуратурин векалша дийцина хилла, шаьш, ТIехьа-МартантIерчу дарбан цIийнахь хилла, амма, цигахь Зайналов ца карийна, бохуш. Бакъонашларяърхочо бахарехь, «лоьраша Зайналов цигахь вац аьлла хилла боху талламхошка». Амма, иза бакъ ца хилла.

Оцу гIуллакхехула долу уггар а маьIне тоьшалла Европан Кхеле дIаделла «Мемориало» элира Орловс. Оцу организацин векало Гисаев Ахьмада дIаяздинера лоьран а, талламхочуьн а хилла къамел. Цу тIехь, эргIадваханчу лоьро олу талламхочуьнга: «Хьуна вуно дика хаьа, Зайналов кхузахь Iиллиний. Кхузахь шун прокурор а хилла, гIуллакх къасто дагахь. Амма, тхан дархочунна ха деш хиллачу, герзаца хиллачу наха иза лаьллира». ДIаяздина и къамел хилчий бен къера ца хилла таллам, Зайналов дарбан цIийнахь хилла хиларна. ХIетте а, и гIуллакх къастийна дац. Хьалха санна хIинца а хууш дац Зайналов Апти стенгахь ву а, цунах хIун хилла а.

Шаьш шайн рапортехь мел дийцинарг, ша-тайпа тидам оьшуш ду, хIунда аьлча, иза муьлаш бу хуучу нахах а, церан кхолламех а хьакхалуш долун дера, бохуш дийцира Орловс. Шаьш ца боху элира Орловс, дIа мел лаьцнарг, бехк боцуш ву. Амма, уьш низамашкахула бехке озо безаш бу, лечкъа а ца беш аьлла, билгалдаьккхира, бакъонашларъярхочо.

Оццу хенахь, Дуьненаюкъарчу Аьмнести Интернешнл организацин талламхочо Бер Фредерика билгадоккху, Къилбседа Кавказ – адамийн бакъонашца йохорца, Оьрсийчура уггар а чолхе кIошт хилар. Бакъонашларъяран оцу организацино хьесапе эцна ду цигахь адамийн бакъонаш талхош а, нахана кхерамаш туьйсуш а, уьш лечкъош а хилар.

XS
SM
MD
LG