ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Демократизацехь Бохучу Кхиамашца Масала Гойтуш Ю Украина, Амма Прогресс Гена Ца Яла Там Бу


Дерриг а дуьнентIерчу пачхьалкхашкахь мел маьршонаш ю таллам бечу, Вошингтонехь туп тоьхначу Фридом Хаусо дIахьедар дина, демократизацехь бохучу кхиамашца масала гойтуш ю Украина, аьлла. Амма, Маршо радиоца къамел хиллачу Фридом Хаусан талламийн директоро Уолкер Кристофера варе дина, хьал мелхуо а эрча дала тарло, аьлла.


Демократизаци кхиар я кхиамаза хилар а, Украинера юкъаралла кхиар а, оцу мехкан дозанел а арахь ду аьллера хьастагIа Уолкер Кристофера. Цуьнан маьIнах кхетадехьа аьлла, деллачу хаттарна жоп луш, Фридом Хаусан талламийн директоро Уолкера элира, демократин пачхьалкх санна Украина кхиаран маьIне гIуллакх ду. Хьалха Советан пачхьалкхан юкъахь а хилла, дIасакъаьстинчул тIаьхьа, демократин новкъа евлларш Балтикан пачхьалкхаш бен ца хиларе хьаьжчи хIете-вете а. Украина мелла а лараеллачух тера хета, демократин новкъахь. Амма, аьлла билгалдаьккхира Уолкера, цу тIехь иза шаршахь, кхечу пачхьалкхашна цунах вуо билгало гур яра.

Чекхадаьллачу иттех шарахь Украина демократина тIегIертаран муха мах хадор хадор бара ахьа?

ПаргIатонашна иэшамаш хуьлчу хенахь украинийн хаамийн гIирсаш, гIап санна, къар ца луш, лаьттира. И гIап Iалашъян езаш ю

Уолкер: Советан пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа еанчу хене хьаьжчи, кхиамаш оцу делан минотехь буьйлабала беза боху догйовхонаш яра дера. Амма, цхьана муьрехь – Кучма Леонид президент волуш – гIуллакхаш мелхуо а галдевлира масех тIегIанна тIехь, цу юкъахь зорбан маьршонаш а йолуш.

Цунна масала дара, дерриг дуьненахь а гIарадаьлла долу, талламан журналист Гонгадзе Григорий вер. Кхин цхьацца хиламаш а баьхкира иттех шо хьалха, цхьа жимма а пайде реформаш а, вуно хала хир ю аьлла хоьтуйьтуш. Амма, гIуллакхаш даран кхин некъ гойтуш неI йиллира оранж революцино.

Суна хетарехь, оцу хенахь дIахIиттира демократин юьхь йолу институташ – биллина, къийса йиш йолу харжамаш а; мехкан дахарехь юкъараллин, гIаьххьачул доккха, дакъа лаца йиш хилар а; хаамийн гIирсаш маьршабовлар а.

ПаргIатонашна иэшамаш хуьлчу хенахь украинийн хаамийн гIирсаш, гIап санна, къар ца луш, лаьттира. И гIап Iалашъян езаш ю.

Маршо радио: Москохе теIачу президентан Янукович Викторан урхаллехь йолчу юкъараллехь гой хьуна цхьа а прогресс?

Уолкер: Советан пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа еанчу хене хьаьжчи, кхиамаш оцу делан минотехь буьйлабала беза боху догйовхонаш яра дера. Амма, цхьана муьрехь – Кучма Леонид президент волуш – гIуллакхаш мелхуо а галдевлира масех тIегIанна тIехь, цу юкъахь зорбан маьршонаш а йолуш.


ХIокху шеран юьххьехь, керлачу Iедало урхалла схьаэцчхьана дуьйна хиллачу, цхьацца хийцамаша сингаттам кхуллу бохуш хезна тхуна тхайн белхан накъосташкара а, тхайн аналисташкара а. Цхьа моггIа тIегIанашкахь дуккха а кхиамаш хилла аьлла хезнера тхуна. Амма, и хийцамаш муьлхачу кепехь беш бу аьлчи, Украинин кхане йохор йолуш бу. Оха дечу хьесапехь гуш ду юкъараллина а, хаамийн гIирсашна а ша-тайпа тIеIаткъам беш хилар. Х
Iинца а, буьззинчу барамехь боцчух тера ду иза. Амма, оцу агIора болийна болх гуш бу.

Маршо радио: Малхбузерчу демократешка хIун гIо далур дара Украинина?

Хьалхара яха еза коьрта гIулчаш, хIокху тIаьхьарчу шерашкахь баьхна кхиамаш Iалашбар ю

Уолкер: Советан пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа еанчу хене хьаьжчи, кхиамаш оцу делан минотехь буьйлабала беза боху догйовхонаш яра дера. Амма, цхьана муьрехь – Кучма Леонид президент волуш – гIуллакхаш мелхуо а галдевлира масех тIегIанна тIехь, цу юкъахь зорбан маьршонаш а йолуш. Хьалхара яха еза коьрта гIулчаш, хIокху тIаьхьарчу шерашкахь баьхна кхиамаш Iалашбар ю.

Суна хетарехь и ду европахоша а, Цхьанатоьхначу Штатийн официалан векалша а юх-юха айа дезаш дерг. Штатийн пачхьалкхан секретаро Клинтон Хiилларис, Краковехь, демократийн юкъараллашца шен хиллачу цхьанакхетарехь йистхуьлуш и хаттар айар чIогIа маьIне дара. Оццу хенахь, Украинина деш долу гIо тIех сиха хада ца дар ду, коьртачех цхьаъ. ХIунда аьлча, кхеташ ду, тIейогIучу хенахь цигахь гIо оьшуш шортта меттигаш евриг хиларх – политикан маьIна долуш а, кхин дерг а.

XS
SM
MD
LG