ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерки Къайлахчу Герзо Оьрсийчура Климат Хийцина Бохаш ЧIагIдо Москохарчу Iилманчо.


Цкъа а ца хиллачу кепара йовхо лаьтташ ю кху деношкахь Оьрсийчохь. Цхьаболчерна цуьнан бахьана глобалан дуьне дохдалар ду аьлла хетахь а, оьрсийн политикан Iилманчо Арешев Андрейс чIагIдо, цунна мехке Iамерка ю, бохуш.



Кху деношкахь дукха лакхара хIаваан температураш лаьтташ бала хьогуш бу Москохара а, кхечу Оьрсийчура регионашкара а бахархой. Цуннна бехке къаьхьмуьстан газо беш болу тIеIатIкъам бац Iамерки Iедалш ду, аьлла, дIахьедар дина Оьрсийчурча политикан Iилманчо Арешев Андрейс.

И стаг Оьрсийчурча Культуран стратегин фондан директоран когаметта ву. Кху деношкахь цо артикл язйина, Iамерко къайлахчу герзах пайда оьца Оьрсийчохь а, Юккъерачу Азерачу пачхьалкхашкахь а климат а хийцина, цигахь ялташ ца хилийта, аьлла.

«Карарчу хенахь климатан герзах пайда эцаран Iалашо а хила мега, иза лелош а хила мега цхьацца пачхьалкхашкахь йокъаллаш а хIиттош, ялташ хIаллак дан а, цхьацца аномалан олуш болу хиламаш кхолла а, бохуш, яздо шен артиклехь Арешевс.

Иза зорбане яьккхина «Арахьара гIуллакхаш» цIе йолчу, Оьрсийчоьнан Арахьарачу гIуллакхийн министралло ара хоьцуш долчу журнало. Ткъа цу артиклах лаьцна дуьйцуш хаамаш баржийна Оьрсийчоьнан пачхьалкхан «РИА Новости» олучу агенталло.


Маршо радионна ша йеллачу интервьюхь Арешев гIеххьа юхавелира, ша яздинчунна буха йиллинарг теори бен яцара, аьлла:

"Уггара хьалха суна ала лаьа аса цу артиклехь яздинарг, цитаташ схьаэцна аьлчи а, илла-билла а бакъ дерг ду аьлла яздина дацара аьлла. Иза цхьа ша тайпа спекуляци яра, вуьшта аьлча гипотеза".


Москва кху деношкахь садукъийна ю яккхийчу хIаваан температураша. Масала, даханчу Еарийн дийнахь 29-чу Июлехь (Товбеца-баттахь) цигахь уггара довха де дара, 39 градус хIаваан температура а йолуш. Амма Оьрсийчоь ша цхьаъ хилла ца Iан кху аьхка йовхонца бала хьогаш йерг.

Ма-дарра аьлча, Iамерки Цхьанатоьхначу Штаташкахь а ю йовхо лаьтташ. 24 Июлехь (Товбецан-баттахь) Вашингтонехь 37, 7 градус йовхо яра.

Арешев къуьйсуш вац, кху деношкахь Iамеркехь а йовха ю, бохучуьнца. Амма, цо дийцарехь, Iамерка мелла а къилбехьа ю Оьрсийчоьналла а, цундела наггахь цу кепара йовхо цигахь хилар тамашийна хIума а дац.

Амма Iамеркерачу ХIурдашкахула а, атомосферехула а йолчу администрацино хаам бина кху кепара лакхара хIаваъан температура лаьттина яцара Цхьанатоьхначу Штаташкахь I880 шарахь дуьйна, аьлла.


Дукха хенахь дуьйна, цхьацца кепара герз кхуллуш болх беш ю бохуш, Оьрсийчурча политикаша а, политологаша а юйцуш ю Iамерки тIеман министралло а, Аляскин университето а кхочуш йеш йолу High-Frequency Active Aural Research олуш йолу программа. И программа Iалашо йолуш ю радио-зIе то ян а, стигалахь ракеташ лохуш йолу техника кхолла а.

Оьрсийчохь йовхо хиларна и программа бехке ю аьлла шеко йолуш ву Арешев. Цунна хетарехь, цу программан баккъала а йолу Iалашо ю экологин а, юртабахаман а системаш йохош долу керла герз кхоллар.

Шен артиклехь Арешевс хьехайо кху шеран Апрелехь (Оханан-баттахь) дуьйна Iамерко зуьш космосе оьхуьйтуш йолу тIехь пилоташ боцу, Х-37Б олуш йолу, аппараташ.


Пентагоно и кеманаш хенаяхала хир ду бах космосан станцишка адамаш а, цхьацца кира а дIасакхоьхьаш. Амма Арешевс шен артиклехь чIагIдо X-37Б лазеран герз а ду, климат хуьйцуш цуьнах Пентагоно пайда а оьцу бохуш.

Пентагоно и эладиттанаш цхьа а комментари а ца йеш дуьташ ду.

Арешевс дуьйцу, Вьетнамехь тIом боьдучу хенахь коммунистийн эскаршна новкъарло яр Iалашонца Iамерко догIанаш эхийтар, бохаш. Амма, цу юккъехула, цхьамма леррина зуламаш леладо бохучу теорин агIонча вац ша бах цу стага.

"Аса язйина артикл леррина язйина яцара Iамерка, я кхин йолу пачхьалкх ша хIу до а хууш, Оьрсийчоьнна тIеIатIкъам бан гIерташ ю аьлла бехке ян. Иза беламе хIума хир дара".

ТIкъа ша Оьрсийчоь-м яц те климатана тIеIаткъам бон гIерзаш кхуллуш эксперементаш йеш, аьлла, шега хаьттича, Арешевс элира ша Iедалан декъашхо вац, цундела цу кепарчу проектех лаьцна информаци яц шегахь аьлла.

XS
SM
MD
LG