ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

7 Шо Хьалха Толаман Дийнахь Вийра Кадыров Ахьмад


Нохчийчоь – оьрсийн президент Путин В. (Ю), Нохчийчоь ЮхаметтахIотторан Кхеташонан куьйгалхо Алханов I. (Аьр), Нохчийчоьн премьер-министран хьалхара когаметта Кадыров Р. (Аьт) Кадыров Ахьмадан коша тIехь, 2005 шо
Нохчийчоь – оьрсийн президент Путин В. (Ю), Нохчийчоь ЮхаметтахIотторан Кхеташонан куьйгалхо Алханов I. (Аьр), Нохчийчоьн премьер-министран хьалхара когаметта Кадыров Р. (Аьт) Кадыров Ахьмадан коша тIехь, 2005 шо

ВорхI шо хьалха, Стигалкъекъачу беттан 9-чу дийнахь Соьлжа-гIаларчу Динамо стадионехь хиллачу эккхийтарехь велира Москохана муьтIахь хилла Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Ахьмад-хьаьжа. Ког баьккхира, трибуни тIехь цуьнца тIеман параде хьажа вахана хиллачу инарлин, Къилбаседа Кавказерчу Цхьанатоьхначу Эскарийн буьйранчин Баранов Валерийн.


Толаман денна лерина концерт дIахьочу муьрехь, Iуьйранна цхьайтталгIачух ах даьллачул тIаьхьа иккхинарг яра хьаькамаш тIехь болчу трибуни кIел йоьллина хилла бомба.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжа воцург оцу эккхийтарехь велира Нохчийн Пачхьалкхан Кхеташонан гIантда Исаев Хьусейн а. Чевнаш йира Кадыровн Iедалехь Чоьхьарчу ГIуллакхийн министр хиллачу Алханов Iалуна а, республикан тIеман комендант хиллачу Фоменко Григорийна а. Кадыровна уллехь хиина Iаш хиллачу Къилбаседа Кавказерчу Цхьанатоьхначу Эскарийн буьйранчин Баранов Валерийн ког баьккхира, амма иза дийна висира.

Соьлжа-гIали юккъерчу Динамо стадионехь эккхийтар хиллачу хенахь, генахь йоццуш нисъеллера нохчийн журналист Азимова Сийлаха.

Азимова Сийлаха: Со цу хенахь "Новая газета" цIе йолчу газетана болх беш яра. Соьлжа-гIалахь интернет йоцу дела, сайн материал дIатаса Несар-гIала яха новкъа йолуш а йолуш, цхьа ондда эккхийтар хезира суна. Стенгахь ду ца хаьара. КIур хьалаболуш гира суна гIалин юккъехь.

Со гIалин юккъехь яра. Схьауьдуш нах а гина, уьш схьауьдуче едира со. Со дIакхаьчча ша Кадыров Ахьмад суна ца гира. Кадыров вийна бохуш маьхьарий дара детташ. Иза дIавуьгуш йолу машен суна юххешхула тIехъиккхира. Герзаш дара детташ. Хилларг билггал хIун ду хууш дацара.
Схьауьдуш нах а гина, уьш схьауьдуче едира со. ДIакхаьчча, Кадыров вийна бохуш, маьхьарий дара детташ


Маршо радио: Журналисто дийцарехь, Нохчийчоьн куьйгалхочунна ха деш хиллачу гIаролхоша, боха а боьхна, дIаса герзаш деттаро кхин а чолхе даьккхинера стадионехь хIоьттина хьал.

Азимова Сийлаха: Уггар коьртаниг, детташ герзаш дара. Кадыров ларвеш хилла гIаролхой боьхнера. Шайн кхерабаларна, цхьа а низам доцуш, дIаса герзаш деттара цара. Со тахана а тешна ю, цигахь байъинчех дукхах болу нах, церан герзех белла хиларх. Суна гинарг ялх дакъа дара.

Цул сов, цигахь Алханов вара, тIаьхьо президент хIоттийра иза. Цу хенахь Чоьхьарчу ГIуллакхийн министр вара иза. ЦIийх вуьзна вара иза а. Воьхна, ша хIун леладо ца хууш, дIасауьдуш вара . Цунна тIе а кхетта, иза сацон гIерташ, цхьа накъост вара. Суна оцу тайпа воьхна борша стаг сайн дахарехь цкъа а гина вацара. Кхеравеллачух тера дара иза чIогIа. Иза дIавиганза вара дарбан цIийне.

Лазийна кхин а нах бара, баккхий нах а цхьана. Iохкуш декъий гира суна цигахь, тIетесна хIума а йолуш. Малх кхетта де а дара иза, лаьттахь охьадехкина дара уь, юх-юххехь. Уьш юха дарбан цIийне дIадаьхира. Лазийнарш а бигинера цигга. Со цигара едда, 9-чу дарбан цIийне дIаяхара. Цигахь цхьа а чу ца вуьтура. Суна бевзачу лоьраша со чуйигира. Шайн гергарнаш лоьхуш берш арахь лаьтташ бара, шайн нахах хIун хилла ца хууш.

Маршо радио: Журналистийн могIаршкахь дика вевзаш хилла Ройтерс- агенталлин суртдаккхархо Хасанов Iадлан а вийра оцу дийнахь. Эккхийтарна дукха уллехь нисвелла хиллера иза.

Азимова Сийлаха:
Коридор чохь беллачу нехан декъий дара, тIе хIуманаш тийсина. ДIахьаьжча, царна юкъара цхьаъ Iадлан вара. Ройтерс хаамийн агенталлин сурташ дохуш хилла корреспондент вара иза. Массарна а Нохчийчохь вевзаш вара иза. Iадлан дика кIант а вара, хаза нехан санна.

Цунна тIехь хилла можа майка дагайогIу суна. Хьалхарчу дийнахь, изза можа майка тIехь а олуш, гIалин юккъехь дуьхьала кхеттера иза суна. "Хьо кхана цигахь хир юй? Кадыров хир ву боху цигахь, хьо йогIий" - аьлла хаьттира цо соьга. Ас ,со ца йоьду, Несар-гIала яха еза , хьо вогIий, хаьттира . "Дог-м ца догIу сан. Делахь а ваха везар ву. Стохка, хIоккху хенахь, Толаман де даздеш цхьа милцо вийнера. Цхьаъ-шиъ лаза а винера.
Цу тайпана хIума хилахь, ца вахча йиш яц, гIур ву ша ,элира Iадлана.

Iадлан цига ваха а вахара. Эккхийтар хуьлучу хенахь Кадыровн сурташ дохуш хиллера иза. Цул а хьалхарчу дийнахь цунна тIехь суна гина можа майка а йолуш, вийна Iуьллуш вара Iадлан.
Коридор чохь беллачу нехан декъий дара, тIе хIуманаш тийсина. ДIахьаьжча, царна юкъара цхьаъ Iадлан вара. Ройтерсан корреспондент вара иза

Маршо радио:
Кадыров Ахьмад-хьаьжа Нохчийчоьн муфтий хилла ву. I995-чу а, I996-чу а шерашкахь джихIаде кхойкхура цо нохчий. Уллера накъост вара Масхадов Асланан а, Басаев Шамалан а. ХIора нохчочо I50 гIазакхи вехь, Нохчийчуьра тIом соцур бу аьллера цо. I999-чу шарахь, оьрсийн Iедалша Нохчийчу шолгIа тIом беъча, Ичкерин Iедалх дIа а къаьстина, Кремлана ша муьтIахь хилар дIахаийтира цо. 2000-чу шеран Мангал беттан I2-чу дийнахь оьрсийн куьйгалхочун Путин Владимиран омрица ханна кхоьллинчу Нохчийн Республикан администрацин коьртехь чIагIвира. Цул тIаьхьа Нохчийчоьн муфтин дарж охьадиллира цо.

Кадыров а вуьйш, Динамо стадионехь эккхийтар дар шена тIе лецира Басаев Шемала. Оцу терактан мах 50 эзар доллар ду, аьллера цо. И хаам, нохчийн тIемалойн сайта тIехь гIарабаьккхинера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG