Дийцарехь, Iамеркан къайлахчу ницкъаша масех баттахь чIарх-аьлла бинчу белхан жамI ду коьртах герз а тоьхна вийна волу Iамеркан уггар а баккхийчу мостагIех цхьаъ хилла бин Ладен Iусама.
Террор лелорна шеко йолуш, Цхьанатоьхначу Штаташкахь лаьцна латтош хиллачу стага гучуяьккхина хилла бин Ладенан тешамечу стеган Абу Ахьмад Аль Кувайтин цIе. Электроникан муьлхха а уьйр латтор кхерамечу дуьненах хаьддачу дахарехь Ал-Кхайдин лидеран курьер хилла вара иза. И курьер, шен агIора, уллера стаг хилла 2011- шарахь, Гезгмашин беттан 11-чу дийнахь динчу терроран тIелатарийн урхаллехь лаьттина ша баьхначу Халед Шейх Мохьаммедан а, иза лаьцначул тIаьхьа цуьнан метта хIоьттина хиллачу Фарадж аль-Либин а.
Векалийн ХIусамехь йолчу Талламан Комитетан ГIантдаc Роджер Майка элира чубоьхкинчаьрга барт хаттарна тIера караеанчу информацин хуьско йигинера Цхьанатоьхна Штаташ бин Ладен лечкъаш хиллачу Исламабадана кхузткъа чаккхарма генарчу Абботабад-гIала. Амма Роджерса шайолчу Цхьанатоьхначу Штатийн Къайлахчу сервисан болх бу элира иза.
Роджер Майк: Аналисташа, операторша, Талламан Коьртачу Урхаллин операторша, Къоман Кхерамазаллин Агенталлин векалша а цхьана гIуллакх деш, жим-жима вовшахтоьхначу хIумане хьаьжча гуш ду, дIаяьхьнарг вуно говза операци хилар. ХI
..жим-жима вовшахтоьхначу хIумане хьаьжча гуш ду, дIаяьхьнарг вуно говза операци хилар. ХIокху дуьнентIерчу кIезигчу пачхьалкхашка дIаяьхьалур йолу операци. Яхьалур ярий а хаац
Маршо радио: КIиран буса бистхиллачу Iамеркан Къайлахчу сервисан хьаькамаша мелла а алсам информаци елира хаамаш гулбарх а, цу гIуллакхан тIеман агIонех а лаьцна. Амма оцу белхан экамалла юьхьар а лаьцна, шайн цIерш ца йовзийтира цара.
Хьаькамийн хьесапехь бин Ладенан курьран баккъал а йолу цIе Шейх Абу Ахьмад царна 2007-чу шарахь евзина. 2009-гIа шо кхаччалц лехна Исламабадана гонаха и волу меттиг къайлахчу сервисо.
Даханчу шеран МарсхIокхучу баттахь царна билгалъелира атта чувалалур воцу кхузза тIекIелйина гIишло.
Йиъий, ялххий метр лекха пенаш, церан буьххьехь кIохцалийн серашца дуьйцина ду. Цу тIехула тIе, лакхарчу балконан шиъий, цхьаъ-аххий метр пен а бара бина. Иштта, гонарчу лулахойн шайн нехаш ягоран гIиллакхах а, хIусаманна чубоьлхуш боцчу телефонан а, интернетан а серех хилира новкъарло. Цунах лаьцна дуьйцуш хиллачу лакхарчу хьаькамо элира, шина шарахь шаьш лехна курьер оццул лакхара кхерамазалла йолчу хIусам чохь вехаш хиларх кхетча, тIекхача чолхе Iалашо юйла хиира шайна аьлла.
Къоман Кхерамазаллин хьехамчо Бреннан Джона элира хьастагIа, и меттиг караяле, къайлахчу сервисан аналисташа хьесапе эцнера, лаьмнашкара тоьли чохь Iечу меттана, бин Ладен цхьана гIалахь Iаш хир ву аьлла.
Коьртачу Талламан Урхаллин векалша дийцарехь, Гезгмашин баттахь уьш тешна бара, бин Ладен оцу хIусама чохь хиларх. Цул сов, 2005-чу шарахь иза леррина бин Ладен хьулван йина хиларх а тешара уьш. Кхин а масех баттахь талламхоша шайн хьакамашка а, КIайчу ЦIийнан тIеман хьехамчашка а дIахаийтира шаьш бин Ладенан лорах кхиина хила тарлуш хиларх лаьцна. Карарчу шеран Чиллан баттахь цара Iамеркан президенте Обама Бараке хаийтира цунах лаьцна. Президент реза хилира цу гIуллакхна, олуш ма-хиллира, баьццара чиркх а латийна, операци дIаяхьийта.
ТIаьхьарчу иттех шарахь лехна номер цхьаъ террорахо вийначул тIаьхьа керла сингаттам баьлла. Иза дIаволларан кепо, хIурда чу кхоссаро, радикалан исламисташ меттахбаьхна Iийриг ца хиларца боьзна болу.
Бусулба Iедалца догIуш ма-хиллара, лаьттах волла везаш вара иза бохуш, эргIадъоьху цхьаболу бусулба динан векалш. Цара бахарехь, бусулба гIиллакхаш оцу кепара сийсаз дахаро нах дуьхьал баха кхерам бу.
Iамеркан векалша массех бахьана далийнера шаьш бин Ладен Iаьрбийн хIурда чу кхоссаран. Хьалхарниг, цуьнан кошах зерат а дина, террорахой цунна тIе ца эхийта. Цул сов, дуьйцуш ду, Iамеркахой бин Ладенан дакъа лачкъорах а кхерара бохуш.
ШолгIаниг, бин Ладен дIаволла бакъо йоьхуш, тайп-тайпана пачхьалкхашца дагадовларш дан хан ца хилар дара.
Цхьанатоьхна Штаташ бусулба нах тебан гIерта, бин Ладен дIавуллуш коьрта бусулба гIиллакхаш лардина, бохуш. Цкъа делахь, шаьш иза сихонца дIавоьллира боху цара, малх чубузале. ШолгIа делахь, кIайн кIади хьарчийна дакъана гонаха. КхоалгIа, Iамеркан эпсаро хьалххе кечдина доIа дешна бин Ладенан докъа тIехь. Иза цунна гочдина хилла ,боху, Iаьрбийн мотт хуучуо. Хууш ду, бин Ладен Iусама дIаволлар видео тIе даьккхина дуйла. КIайчу ЦIийнахь деш дагадовларш ду, уьш хааме даха - ма даха бохург. Аналистийн хьесапехь, уьш хааме дохур ду. ХIунда аьлча, дуккха а нах шек бу, вийнарг боккъалла а бин Ладен хиларх.