ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Блоггер Кхеле Ийзаво Iедало


Оьрсийчоь -- Блоггер Навальный Алексей Маршо Радион Москохарчу студехь, 12Стиг2011
Оьрсийчоь -- Блоггер Навальный Алексей Маршо Радион Москохарчу студехь, 12Стиг2011

Хьаькамаша кхаьънаш ийдеш хиларх тоьшалла дечу блоггерна Навальный Алексейна дуьхьал бехк-такхаман гIуллакх гIаттийна Оьрсийчоьн Талламан Комитето.



Навальный Алексей Москох-кIоштахь вина а, цигарчу цхьана жимачу гIалахь вехаш а ву. Ша жима волуш дуьйна Интернетах пайда а оьцуш, ша кхоьллинчу шен сайташна тIе артиклш етта цо. Iедалхоша шайн тергаме эцна хиллехь а, хIинццалц кхин хIума аьлла дацара цуьнга.

Амма хIинца цо Оьрсийчоьхь коррупци ю, аьлла, баржийна хаамаш, схьагарехь, ца тайна Iедална.

Навальныйс зуламаш дина, аьлла, жоьпе озийна иза талламхоша. Ткъа иза ша шена бехке дечу зуламех лаьцна хIумма а хууш вац. Маршо Радиоца ша дина къамел цо иштта дIадолийра:
Со кхеташ вара, цхьа а логика а йоцуш, дестош а хилча, ...и гIуллакх кхоччуш листа долор дуйла


«Оцу гIуллакхах шех лаьцна суна вуно кIезиг хIума хаьа. Ерриг информаци а соьга хаамийн гIирсашкара кхочу. Цара довзуьйту Талламан Комитетан зорбан секретара Маркин Владимира бохург. И гIуллакх толлуш долу массех бутт бу. Соьга схьакхаьчна цхьа кехат а дац.

Иза вуно тамашена ду, цара со рейдер ву, бохуш, дIахьедарш до. Цхьана агIор иштта тамашена а, вукху агIор цу тайпа хила догIуш а ду иза. Иштта бен цуьнан хуьлуьйла а дацара.

И гIуллакх кего долийра цкъа хьалха Киров-кIоштахь. ТIакха Идал-хица болчу Федералан Гоне дIаделира иза. Эххаре а тIаьхьа Оьрсийчоьн Талламан Комитете дIакхечира. Цигахь и дов талла долийра.

Со кхеташ вара, цхьа а логика а йоцуш, дестош а хилча, соьга кхочуш цхьа а кехат а доцуш, цунах лаьцна Талламан Комитетера информаци парггIат хаамийн гIирсашкахула дIасаяржош а хилча, и гIуллакх кхоччуш листа долор дуйла.

ХIинца, схьагарехь, иза дан хан тIекхаьчна, политикан буьйр дина цуьнан хьокъехь. Цундела оцу талламхоша гулйинчу информацех бехк-такхаман гIуллакх хилла.»

Девнах лаьцна кхин хIума ца хаахь а, шена дуьхьал лаьттарг хIун ницкъ бу кхета ша, боху Навальный Алексейс:

«Суна хаьа со хьанах тасавелла. Дов иштта дIадаха а мега, хетарехь. Амма цхьа хIума ду -- стаг Кхело дIалацийта веза. Ткъа хIара дов, олуш ма-хиллара, кIайчу тайнашца тегна ду.
Къайлаха сервисаш, и шаьш туьйсу гонаш гат а беш, цхьацца хаамаш гулбеш ю


Суна хетарехь, цхьана а лартIахь волчу кхелахочо вела ца луш тIеоьцур а дац иза. Цул совнаха, цигахь гучудаха деза цхьацца тоьшаллаш, со талламна дуьхьал а вер ву, дIалачкъа кийча а ву, аьлла. Иштта кхидерг а...»

ХIуъа дина а шайгара сакхташ Iорадохучуьра сацо гIерта Iедалхой. Цара юьхьарлаьцна некъ вуно беламе бу, элира Навальный Алексейс:

«Цхьа а шеко а йоцуш, Къайлахчу Сервисо Яндексера «Распил» цIе йолчу проектан кехаташ дIа а оьцуш, долийна гIуллакх а, хIара а вовшашца доьзна ду.

Кху тIаьххьарчу массех баттахь къайлахчу сервисаша дуккха а къахьегна со сийсазве хIуманаш лохуш, масала, суна цхьаммо луш ахча ду бохург къастош.

Цхьа а хIума ца карийна, цундела и оперативан материал кхочуш ян йолийна. Къайлаха сервисаш, и шаьш туьйсу гонаш гат а беш, цхьацца хаамаш гулбеш ю. И гIуллакх иштта харц вовшахтоха аьтто а баьлла оцу беламан новкъахь.»

Бакъдерг дуьйцу нах иштта совцо гIерта Оьрсийчуьра Iедалхой, аьлла а хеташ, Навальный Алексейна шайга далучу агIор гIо-накъосталла до Интернетерчу жигархоша.

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG