ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-гIалин Мэр Кхайкхина Орловн Кхеле


Оьрсийчоь -- Мемориалан гIантда Орлов Олег (Аьт) а, цуьнан адвокат Резник Генри а Хамовнический Кхелехь, Москох, 13Гез2010
Оьрсийчоь -- Мемориалан гIантда Орлов Олег (Аьт) а, цуьнан адвокат Резник Генри а Хамовнический Кхелехь, Москох, 13Гез2010

Нохчийчоьн куьйгалхо сийсазварна Мемориалан куьйгалхочун Орлов Олеган дов хоттучу Хамовнический Кхелехь кхаарин дийнахь керла дехарш дина Кадыров Рамзанан адвокато Красненков Андрейс.


Орловн дов хоттучу кхеле кхайкхина Соьлжа-гIалин мэр Хучиев Муслим.
Кхелехь дуьхь-духьала лаьттачара а, кхело а бинчу бартаца, карарчу беттан 16-чу дийнахь дийцаршна тIеяла езаш яра ши агIо. Цул тIаьхьа, кхелехь тIадам а буьллуш, шен сацам кхайкхор бара кхело. Амма кхаарин дийнахь хиллачо гайтира, кхел шен чаккхенга яха хIинца а гена юйла.

Оханан беттан 28-чу дийнахь дIаяьхьначу кхелан кхеташонехь дийцинчуьнца а догIуш, кхеле керла дехарш кховдийра Красненков Андрейс, Кадыровн адвоката. ГIуллакхах тохахьара аьлла Соьлжа-гIалин мэра Хучиев Муслима яздина боху белхан кехат дIадала хьаьжира иза.

Цу белхан кехата техь Хучиевс иштта тоьшалла до, Красненковс дийцарехь, йийна йолу бакъонашларъярхо Эстемирова Наталья реза ца хиллера гIалин мэрерчу юкъараллин кхеташонехь болх бан – шен йиш яц, кеста республикера ара а яьлла, садаIа йоьдуш ю ша, аьлла. Цул сов, юкъараллин кхеташонан дарж леррина Эстемирована кхоьллина дара, бохуш чIагIдо Хучиевс.

Амма Мемориалан куьйгалхочун Орлов Олеган агIо дуьхьала елира оцу кехатна, иза схьадаьлла меттиг хууш яц, аьлла. Делахь а, цу хьокъехь болу сацам кхелахочуьнга байта дуьхьала ца хилира. Кхело сацам бира белхан кехат гIуллакхах ца тоха.

Иштта, Красненковс ша кхеле кхайкха воллу элира Соьлжа-гIалин мэр Хучиев Муслим. Цунна а дуьхьала велира адвокат Резник, хьалха хIунда ца кхайкхара ахьа иза, аьлла. Кхел дукха сих а елла, тешашка барт хатта ца кхиарна кхерара ша, аьлла жоп делира Кадыровн адвоката.

Пачхьалкхан бехкбиллархочо тIелецира Красненковн дехар, ша дуьхьал вац Хучиев кхеле кхайкхарна, амма иза билггал вогIург хиларан тоьшалла деза шена, аьлла. Цунах жоьпалла шена тIелецира Красненковс. Цул сов, кхин а ши стаг а кхойкхур ву кхеле алар доцург, церан цIераш ца ехира.

Шен агIора тоьшалла да журналист Светова Зоя кхайкхина Орлов Олега кхеле. Световас дукха яздина Эстемировех а, цуьнан балхах а лаьцна. Иза а къобалдира кхело.

Кхелан кхеташо йоьрзуш шина а агIоно вовшашка бехкаш бехира кхел цхьана Iалашонца, леррина яхъярна. ТIех дукха декхарш тIехь долу адвокат Резник а лаьцна, кхеле шен болх цуьнца нисбойтуш, иза хьеярна Орлов бехке вира Красненковс. ХIора а кхеле керлачу дехаршца вогIу хьо аьлла, дуьхьал вистхилира Орлов.

РогIера кхелан кхеташо хIокху беттан 16-чу дийнахь хир ю.
Хамовнический Кхело толлуш долу и гIуллакх кхин цкъа а дагадоуьйту Маршо радионо.

2009-чу шеран Товбецан баттахь Мемориалан Соьлжа-гIалара векал Эстемирова Наташа йийначул тIаьхьа, Кадыров бехке веш дIахьедарш динера Орлов Олега. Ша, билггал, Кадыров бехке ца винера Эстемирова ерехь. Ша аьлларг, цо Нохчийчохь кхераме хьал кхоьллина бохург дара, элира Орловс кхелехь.

Оьрсийн низамашца а догIуш, бух боцу эладита кхолларна пхи шо хан йогIу набахтехь яккха.
XS
SM
MD
LG