ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Веданан КIоштахь ТIемалой Лоьху Эскарша


Нохчийн лаьмнаш . Стигалкъекъа бутт,15-г1а де,2007 шо.
Нохчийн лаьмнаш . Стигалкъекъа бутт,15-г1а де,2007 шо.

Нохчийн лаьмнашкахь ца хеддаш дуьйлу герзаш. РогIера тIеман операцеш дIахьош ю мехкан полици а, эскаран дакъош а. Коьрта Iалашонех цхьаъ ю Кавказан Имаратан куьйгалхо Умаров Докка схьакарор.



Деношкахь хааелла Веданан кΙоштахь тIемалойн тоба, иттех стагах лаьтта иза. Официалан хаамашца, цаьрца тΙеман тасадалар хилла цига хьалабаханчу полисхойн а, эскархойн а. Жигара дакъалаьцначу Республикан чоьхьарчу г1уллакхийн министраллера цхьа белхахо вийна бохуш хаам а бу цигара.

И тΙеман тасадалар хиллера хьуьна юккъехь, Селма-Тевзанна гена доццуш, йиъ чаккхарма хьалавахча. ТΙемалойн тобан, дийцарехь, шайна го балле къайлаяла аьтто баьлла. Царна юкъахь дараш ду-дац хаа цкъачунна ницкъ ца кхочу. И тоба лоьхуш, хила тарлучу метте ракеташ етта х1аваэ гΙиттийначу Хан-Г1аларчу тΙеман беракеманаша. Дийнахь а, буса а, тΙемалойн тоба караяллалц, и операци дIаяхьа дагахь бу низамхой.

Лоьхуш болу тΙемалой хила мега, бахарехь, ша а оцу меттигера схьаваьлла волчу Гакаев Хьусайнан тобанера.

БΙаьсте тΙеярца тΙемалошна дуьхьал цхьамогΙа операцеш дIаяхьaр долийра Нохчийчоьхь. Шуьйтан а, Веданан а кΙошташ хΙитталучу хьаннашкахь тΙемалойн базаш ю аьлла информаци а кхаьчна, цигахь х1инца а талламаш бу беш. Хьалха-Мартан кΙоштарчу хьаннашкахь а жигара дΙахьош ю операцеш.

Къаьсттина Стигалкъекъа-баттахь тIетаьIна низамхой. Хьалхарчу деношкахь тIемалойн тобанца тасадалар а хилира цигахь. Башкирера веанчу кхаа эскархочунна чевнаш йира. ХΙетахь дуьйна и тIемалойн тоба, дийцарехь, 15 стагах лаьтташ йолу, х1инца а лохуш ду эскархойн «Булат» цΙе лелае дакъа.

Стигалкъекъачу беттан 10-гΙачохь Рошни-Чун йистехь хиллачу рогΙерчу тIеман тасадаларехь кхин а кхо салтий лазийра. ТΙемалойн тоба хIаллакйина боху официалан хаамашкахь, амма цигахь вийна аьлла тΙаьххьарчу хенахь гучуваьккхина вац цхьа а тΙемало.

Кавказерчу тΙемалойн куьйгалхо Умаров Докка Туркойн махкахь я Гуьржийчоьхь волчух тера хета шайна, аьлла, хаам бина къайлахчу сервисан хьостано. Дийцарехь, шен ваша Умаров Ваха волчохь хила а мега иза. И информаци Къилбаседа Кавказерчу ницкъаллийн структурийн цхьана векало харцйира. Цо дийцарехь, тΙемалойн лидер Кавказерчу цхьана республикехь хила там бу.

Таханенна Оьрсийчоьхь уггаре а лоьхучех волу Умаров Докка ГΙалгΙай-махкарчу Алкун-эвла йистехь хΙаваэра ракеташ тоьхна байъинчарна юкъахь хилла вац, аьлла, дΙахьедар дира хьалхо Евкуров Юнус-Бека. Иза чΙагIдеш ала йиш яцара хΙинццалц цхьаннен а, цигахь байъинчу тΙемалойн декъешна тIехь генетикан экспертиза йина яллалц. ХΙинца иза байъинчарна юкъахь вац аьлла дΙакхайкхорца и дийна хилар бакъдо официало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG