ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Некъ Галморзахболучехь Ду Дуьне


Амнести Интернешнл
Амнести Интернешнл

ХIара дуьне шера делхьара муха хир дара? ХIора а стеган информацина тIекхача таро а йолуш, таIзар дарна а ца кхоьруш, шайн дахарца доьзначу дийцаршкахь дакъа лаца йиш а йолуш. Дуьненаюкъарчу адамийн бакъонашна тIехьожучу Амнести Интернешнло шен рапорта тIехь бахарехь, даханчу шаро цхьа жимма дегайовхо елла цу кепара дуьне хила тарлург хиларна. Амма дукхахдолу Iедалш цкъа а ца хиллачу кепара дуьхьал ду цунна. Амнести Интернешнло кечдинчу рапортан буха тIехь кечйина Маршо Радион корреспондентан Синделар Дэйзин (Daisy Sindelar) материал йовзуьйту оха нохчийн маттахь.


Тунисерчу урамашкахь хиллачу оьгIазечу дуьхьалонан акцийн жамI хилира махкахь режим харцор а, Юккъерчу Малхбалехь а, Къилбаседа Африкехь а суй тесна гIаттийна демонстрацийн тулгIе а.

Даханчу шеран ГIуранан баттахь Iедалша а, къелло а дакъазваьккхинчу, урамашкахь гIудалкх тIера мах беш леллачу Бувазизи Мохьмамеда, гIад а дайна, ша-шех цIе тесча йолаелира Тунисера революци.

Дуьненаюкъарчу адамийн бакъонашна тIехьожучу Амнести Интернешнло рогIехь арахецначу шеран рапорта тIехь бахарехь, къомана тIехь ницкъ беш хилла Тунисера Iедалш кхеттера, шайна йисинарг чIогIа кIезиг хан юйла.
...къомана тIехь ницкъ беш хилла Тунисера Iедалш кхеттера, шайна йисинарг чIогIа кIезиг хан юйла

И дуьхьалонан акцеш коррупцина а, бехачарна а, къечарна а юкъара башхаллаш бахьанехь а ца юьйлаеллера.
Аьмнести Интернешнлан инарла секретара Шетти Шалила бахарехь, дахана шо цкъа а ца хиллачу кепара информаци гучуяларан а, дIасаяржаран а билгало йолуш дара.

Шетти Шалил: Адам цхьанакхетар а, харцонна дуьхьала далар а -- и ду вай массарна а дегайовхо елларг. Хиллачух, баккъалла а, кхаъ хилла ду тхо. Тхайгахь мел болу ницкъ и болам чIагIбарна а, шорбарна а тIеберзор бу оха. ХIокху маьIнечу шарахь адамийн бакъонашкахьа болу болам дерриг а дуьненахь баржийта.

Маршо радио: Амнестино бахарехь, ерриг а Юккъерчу Малхбалехь реформашкахьа болу кхайкхамаш алсамбовлар информацина тIекхочийла хиларца а, юкъараллина вовшахкхета хаарца а доьзна ду.

Оццу хенахь, и таронаш кхерамехь ю. ХIунда аьлча, ницкъ беш а, кхаьънаш оьцуш а долу Iедалш чIогIа сема ду, шаьш долчохь оцу тайпана хIума ца хилийта гIерташ.

Политикан репрессеш чIагIъелла ГIажарийчохь. Цул совнаха, дахаран кхерамзаллин хьелаша сагатдойту Иракъехь, Пакистанехь, ОвхIанехь .

Балканашкахь а, Советан пачхьалкхана юкъайогIуш хиллачу республикашкахь а адамийн бакъонаш талхош ю дела денна. Маьрша вист ца хуьлуьйту цигарчу Iедалша. Цхьанакхета йолу бакъо а, зударийн а, мухIажарийн а, жигархойн а, кегийчу къаьмнийн векалийн а бакъонаш йохайо.

Карарчу беттан 28-чу дийнахь 50 шо кхочучу Амнести Интернешнл Организацино арахецначу 400 бIе агIонах лаьттачу керлачу рапорто боху, иттаннаш пачхьалкхаша бага ца гIаттайойту, чубухку, къизаллаш латтайо бакъонаш ларъечу жигархошна тIехь.
...иттаннаш пачхьалкхаша бага ца гIаттайойту, чубухку, къизаллаш латтайо бакъонаш ларъечу жигархошна тIехь

Информацина тIекхочу некъаш доьхкуш, интернетах хедош, мобилан телефонийн зIе дIайохуш ду дуьненара дукха пачхьалкхийн Iедалш.

Аьмнестин Европерчу а, Юккъерчу Азин а программин директоран когаметто ДалхIюйзен Джона бахарехь, дуьне муьлхачу агIор доьрзур ду ца хаьа - цхьана агIор, цкъа а ца хилла паргIатонаш ю, вукху агIор, луьра репрессеш ю.

Iаьрбийн протесташка, уьш, дуьненан кхечу меттигашкахь а хинболчу хийцамийн билгалоне санна, дуккха а нах хьоьжучу хенахь, Юккъера Ази санна йолчу меттигашкахь хIинца а, хьалха санна, къаьмнаш буйнахь латтош ду цигарчу режимаша.

Оцу мехкашкарчу лидерша кхин а чIагIъеш ю репрессеш. Юккъерчу Малхбалехь а, Къилбаседа Африкехь а эгачу режимашка кийрахь шело а йолуш хьоьжу уьш, элира ДалхIюйзена.
XS
SM
MD
LG