ЦIена нохчийн мотт буьйцу нах Нохчийчоьхь кIезиг бу. Амма меттан бакъонаш Iалаш а еш, иза цIена бийца гIертачуьнга, хьега а хьоьгуш, хьоьжу кхиберш. Жим-жима денлуш бу нохчийн мотт. Болар ма-луъу дацахь а, юьхьиг йолаелла ала мегар ду.
Дукха хан йоццуш Нохчийчоьн Iилманан академехь нохчийн меттан онлайн-гочдар кечдан долийна. Оцу белхан Iуналла до академин вице-президента Дадашев Райкома. Маршо Радиона цо дийцира, шаьш и болх хIунда болийна а, муха дIахьо а.
Дадашев Райком: Кхачам боллуш кечйина а йоцуш, хIораммо шена хет-хетарг а яздеш, интернета чу кхуьссуш ю дошманаш. Iилманан академино сацам а бина, нохчийн-оьрсийн дешан гочдархо кечъян йолийна. Мациевн дошам а хир ю цу чохь ша ма-ярра.
ТIеэцна дешнаш хуьйцуш болх атта балур а бац, иза оьший-те аьлла а хета суна
ТIаккха, нохчийн маттахь математикан терминаш а хир ю. Анатомин атлас а кечдина оха нохчийн маттахь, массийтта эзар дешнаш шена юккъахь а долуш. Географин а, юкъараллин-политикан терминаш а ю. Уьш вовшах а тоьхна, кхачам боллуш кечйийр ю оха."
Маршо Радио: Мациевс бинчу балхах хIинца а пайда оьцу наха, амма цу тIехь дуккха а оьрсашкара тIеэцна дешнаш ду, ткъа Iаьрбийн маттера тIеэцна дешнаш данне а дац, долаллийн цIераш йоцурш. Мотт кхиочу хенахь Iаьрбаша, церан Iилманчаша, охьа а хевшина, керла юкъадевлла дешнаш, шаьш ма-дарра тIе а ца оьцуьйтуш, гочдина шайн матте. И тайпа болх бойла дац вайн?
Дадашев Райком: Ахь бохург чIогIа мехалла хIума ду. Цу тIехь инзаре дукха къахьега деза. ТIеэцна дешнаш хуьйцуш болх атта балур а бац, иза оьший-те, аьлла а хета суна. Физикан терминаш къуьйсучу хенахь, Вагапов Iаьрбис, масала, «энерги» нохчийн матте «хьуьнар» аьлла даккха деза, бохура. Дитахь и дош ша ма-дарра, «энерги» оьрсийн дош а дацара, иза дуьненаюкъара дош дара, ас бохура…
Маршо Радио: «Энерги» боху дош «хьуьнар» а ма дац. «ГIора» ца олу цунах?
Дадашев Райком: «Энерги» энерги ю-кх, хьуна бакъдерг дезахь. Иза дегIан болх бан ницкъ бу. Вайна лаахь, «гIора» я «хьуьнар» аьлла чу-м тухур ду вай иза. ТIаккха «внутренняя энергия камня» «тIулган чоьхьара гIора ( я хьуьнар)» хуьлу-кх.
Маршо Радио: ТIакха «гIора» боху дош нийса гочдар ма нисло…
Мациевн дошама тIехь тIеэцна дешнаш Iаламат дукха ду. Оцу тIехь бан безаш дуккха а болх бу
Дадашев Райком: Сайна хетарг ала ас? И цхьа йистошка лелхар суна дика ца хета. Маттахь дIатарделла лела дуьненаюкъара дешнаш дита а дуьтуш, къаьсттина Iилман терминашна тIехь цхьа хIума дан деза, аьлла хета суна. Нохчийн матте уьш ерриш а яьхча, суна хетарехь, студенташна а, Iилманчашна а цаьрца болх бан хала хир ду. ТIаккха, ахь бохуш долу важа хIума. Мациевн дошамна тIехь тIеэцна дешнаш Iаламат дукха ду. Оцу тIехь бан безаш дуккха а болх бу.
Академика Дадашев Райкома бахарехь, кестта зорбанехь даржор ду анатомин дешнийн жайна. Цунах боккха пайда оьцур бу дешархоша а , студенташа а.
Делахь а, нохчийн мотт шайна башха дика ца хаахь а, цунах дог а лозуш, ма-хуьллу иза кхио гIерта цхьаболу нохчийн компьютеран говзанчаш. Интернетехь дукха хан яц юкъаяьлла Мациевс ахбIе шо хьалха зорбане яьккхина хилла нохчийн-оьрсийн, оьрсийн-нохчийн дошам. И болх бинарг ву махкахь вевзаш волу программист Исмаилов Руслан. Маршо Радиога цо а дийцира ша и болх хIунда болийна.
Исмаилов Руслан: Массеран а и онлайн-гочдархо хилча, дика хир дара-кх, аьлла, бан волавелла со и болх. Сайн хан йолчу хенахь, жимма вовшах а тухуш, болх бо ас. Атта ду, леха а ца оьшуш, дош чу дIаяздича, жоп луш хилча.
Тахана нохчийн мотт кхио а, иза юкъараллехь бийцитархьама а башха даккхий хIуманаш дац махкахь деш. Жайнеш арахоьцу кесст-кесста, царна гонаха йоккха гIовгIа а йоккхий. Амма дицло цхьаболчу нахана, ненан меттан гIоьнца бен ца латтайойла селхено кханенца зIе. Нохчийн мотт ночхаша шаьш охьатеIабо, тIеэцна дешнаш чIагI а деш. Масала, хIунда оьшу «энерги» я «авиатор» баха, нохчийн маттахь «гIора», «хIаваъкеманхо» долуш хилча?