ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн МухIажарийн Хьолана Саготта Бу Арахьара Бакъонашларъярхой


Чехехь Адамийн Бакъонашкахула Министр хилла волу Коцаб Михаэл а, масех, кхечу пачхьалкхашкара адамийн бакъонашларъярхочо а деношкахь юха а тидам тIеозийра Европехь а, Чехехь а нохчийн мухIажаршца доьзначу хьолана.

Хьалха Чехехь адамийн бакъонийн министр хиллачу Коцаб Михаэла, ша оцу даржера дIаваьллачул тIаьхьа а ца битина и болх. Деношкахь цуьнан цхьанакхетарш хилира ПрахIа гIалахь гулбеллачу Оьрсийчура а, Европера а, коьртачу декъана, нохчашца цхьанаболх бечу, бакъонашларъярхошца. Францера дуьйна веанчу диссиденто Файнберг Виктора ша Чехин Iедална юхалур ю аьлла Крамарж Карелан цIарах йолу мидал, нагахь санна оьрсийн Iедалан дехар кхочушдеш, Чехино нохчийн мухIажар Ацаев Iела дIалахь. Чехин ЧТК телевизионца къамел деш Файнберга элира, Ацаев дIахьажавахь, иза шена хIуьттаренна дина хIума санна тIеоьцур ду ша.

Файнберг Виктор 1968-чу шарахь Советан пачхьалкхо Чехословакина чу эскар дигарна дуьхьала Москохарчу ЦIечу майдане ваьллачу ворхI диссидентах цхьаъ ву. ХIетахь Файнберг чувоьллира Советан режимо. Ткъа цунна Чехин Iедалша елла мидал, Чехословакин Iедалан дуьххьарлера гIантда хиллачу политикан Крамарж Карелан цIарах йолу мидал, деза совгIат лоруш ду.
Мацах Чехе а веана, кхузарчу Iедалшка тхов-кIело ехна волу Ацаев Iела, йоккхачу гIовгIанца, Оьрсийчоьно лоьхуш волу террорахо ву аьлла, набахтехь латтош ву, Москох дIавала кеч а вина.
Чехин Чоьхьарчу ГIуллакхийн министралла а, цуьнан министр Кубице Ян а реза вац цкъачунна Ацаев Iелин гIуллакхан хьокъехь цхьа а комментари ян.
Оршот дийнахь бакъонашларъярхойн конференци вовшахтоьхначара дийцарехь стаг верна бехке веш ву Ацаев. Цо Чехехь ехна тхов-кIело а луш яц цунна. Чехин Лаккхарчу Махкахойн ГIуллакхаш къасточу Кхело, дийцарехь, юхахьажийна Ацаевн гIуллакх, бакъонашца нийса йоцу гIулчаш яьхна иза толлуш, аьлла.

Оццу хенахь, дуьйцуш ду, Нийсонан министро Поспишил Йиржис куьг таIийна Ацаев Оьрсийчоьнна дIавала бакъо лучу кехаташна. ЧТК телвизионо дийцарехь Нийсонан министраллин зорбан-секретаро ХIоворка Йиржис аьлла, министралло цхьа а харц гIулч яьккхина хирг хилар, бакъ хила йолуш дац. Ацаевин гIуллакх Чехин Конституцин Кхело а, Страсбургерчу Адамийн Бакъонийн Кхело а тIеэцна ду аьлла цо. ХIоворкас бахарехь, оцу кхелаша шайн сацам баллалц, Ацаевна экстрадици ян йиш яц.

ПрахIехь вовшахтоьхна хиллачу адамийн бакъонашларъярхойн конференцехь дакъа хиллачу Оьрсийчура бакъонашларъярхочо Ганнушкина Светланас бахарехь, Европерчу пачхьалкхаша Оьрсийчу дIахьийсо ца безара нохчийн мухIажарш. ХIунда аьлчи, цигарчу Iедалша царна таIзарш до, харц бехкаш тIе а хьерчош, набахтешка хьовсабо, бойуш меттигаш а ю шортта.

Коцаба билгалдаьккхира, нохчийн мухIажарийн бакъонаш сих-сиха Чехин республикехь эшош хилар.
Ганнушкина Светлана масаллина далийра Европан Кхеташонан МухIажарийн а, ЦIерабевллачу Нехан а урхаллин рапорт. Цу тIехь, ма-дарра, дуьйцуш ду Европин тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь нохчийн мухIажарш башха тIеэцарх лаьцна. Цхьацца йолчу Европера пачхьалкхашкахь царна доцчу гIо-накъосталлин хьокъехь шен сингаттам бовзийтира Ганнушкинас.
1999-чу шарахь дуьйна 2009-чу шеран ГIуран батте кхаччалц Чехин республикехь тхов-кIело ехна, нохчаша а цхьана, Оьрсийчура 9545 стага. Чоьхьарчу ГIуллакхийн Министралло дечу хьесапца, царах 384 стагана тхов-кIело елла Чехин Iедалша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG