ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саакашвили Михаилан Iедал Дохо Дагахь ю Оппозици


Гуьржийчоь -- Оппозицин лидерш Тбилисехь гулам дIахьош, 30Оха2011
Гуьржийчоь -- Оппозицин лидерш Тбилисехь гулам дIахьош, 30Оха2011

Даханчу мукъа деношкахь, полицица тасадаларш а хуьлуш, оппозицин демонстрацеш хIиттира Тбилисехь а, Батумехь а. Гуьржийчоьн парламентан гIаьнтда лаьттинчу «Гуьржийчоьн дерриг халкъан гулам» цIе йолчу боламан лидеро Бурджанадзе Нинос дIахьедар дина, «Гуьржийчоьхь, ма-дарра аьлча, революци дIайолаелла», аьлла. Кхаарин дийнахь, Стигалкъекъа-беттан 25-чохь, Саакашвили Михаилан режим йохо дагахь ду шаьш, аьлла, дIахьедар дина Гуьржийчуьрчу оппозицино.



Гуьржийчурчу оппозицино кхайкхам бина шайн махкахошка Кхаарин дийнахь Саакашвили Михаил президентан даржера вохо леринчу дуьхьалонан акцешка арадовла, аьлла.

Даханчу кIирандийнахь Тбилисехь полици дIасалахка гΙоьртира демонстранташ, резинкин даьндаргаш а етташ, бIаьргех хиш оьхуьйту газ а хоьцуш. Рейтерс-агенталло бинчу хаамца, шоьтан дийнахь верриг а оцу дуьхьалонан акце араваьлларг I0 эзар сов стаг вара. Цара бехке во Саакашвили Михаил махкахь авторитаран режим хIотторна.

Шоьтан сарахь Гуьржийн Юкъараллин Телевизионо кхочушдира митинге арабевллачу наха доьхург. Телеэфирехь гайта долийра оппозицин лидерша цу митингехь ден къамелаш. Шайн агIор оппозицин лидерш юхабевлира, телевизионан хIусаманна штурм ца еш. Цу хенахь и гIишло ларъеш лаьттара полицин дакъош.

Кхин башха къепедацарш ца хуьлуш, митинг лаьттира сахиллалц. Амма Iуьйранна бархΙалгIачух ах даьлча цхьа инцидент иккхира. Манифестаце арабевллачу нахана ца тайначух тера дара, чохь полицин белхахой а болуш, схьайогIу машен. Цара, тIелатар а дина, шайн карахь йолчу байракхийн гIожмаш йиттира оцу машенна тIе, цуьнан хьалхара куьзга а дохош.

Телевизионан кертара араваьлла массийтта бIе полицин белхахо, резинкин даьндаргаш а етташ, бIаьргех хиш оьхуьйту газ а хоьцуш, дIасалалла гIоьртира митинг.
Iаьрбийн мехкашкахь Iедалшна критика ечу наха дегнаш иракарахIит-тийна болу Гуьржийчуьра оппозицин декъашхой сатесна бу шайн махкахь а Iедал хийца аьтто бер бу шайн, аьлла

Цу хиламан бахьана шайн-шайн кепехь туьду шина а агIоно. Гуьржийчоьн Чоьхьарчу ГIуллакхийн Министраллан информацин а, аналитикан а департаментан куьйгалхочо Утиашвили Шотас дийцарехь, цунна бехке бу дуьхьалонан акцин декъашхой:

«Массийтта демонстрант гIоьртира полицин машен йохо а, цу чохь хиллачу нахана етта а. Цул тIаьхьа, царна дуьхьало еш, резинкин даьндаргех пайда эца дийзира тхан. Iаьрбийн мехкашкахь Iедалшна критика ечу наха дегнаш иракарахIиттийна болу Гуьржийчуьра оппозицин декъашхой сатесна бу, шайн махкахь а Iедал хийца аьтто бер бу шайн, аьлла.»

Саакашвили ша а веара Iедале 2003-гΙчу шарахь «розийн революци» хилар бахьана долуш. Амма цхьа хан яьлча цуьнан накъосташна а хетаделира, иза дерриг а Iедал шен кара эца гIерташ ву, аьлла.

Малхбузено къобалдира Саакашвили президент харжар, амма цо емал дира 2007-гΙачу шеран Лахьан-баттахь цо митинг дIасалаллар а, цул тIаьхьа оппозицин зорбан гIирсашна дуьхьал репрессеш яр а. Амма цу хенахь оппозицин аьтто ца белира Саакашвили даржах вохо.

Дукха хан ялале Саакашвили Михаил юха а президент хаьржира Гуржийчохь. Вуно доккха зен хилира цунна Марсхьокху-баттахь Оьрсийчоьнца хиллачу 5 дийнан тIамехь Гуьржийчоь эшар. Москохахь, хьул а ца деш, кхайкхамаш бо, Саакашвили даржера дIаваккха, бохуш. Ткъа Оьрсийчоьн куьйгалхоша массийттаза тIеэцна гуьржийн оппозицин лидерш.

Тбилисехь хиллачу митингехь йистхуьлуш Гуьржийчоьн Парламентан гIаьнтда лаьттинчу Бурджанадзе Нинос кхайкхам бира оппозицин декъашхошка, цхьанакхета, аьлла. «Режим кестта южур ю,» -- элира цо.

Гуьржийчоьн ТIеман министр Ιийначу, гуьржийн Iедалша лоьхуш а волуш, Парижехь вехачу Окруашвили Ираклис дош делла кхаарин дийнахь ша махка цIавоьрзур ву, аьлла.

Шен ваIда дан йиш ю шина хIуманна тIехь. Ша билггал Гуьржийчохь а хир ву Стигалкъекъа-беттан 25-чохь, и де тIаьххьара а хир ду карарчу хенахь цигахь долчу Iедалан, элира Окруашвилис «Маестро» цΙе йолчу гуьржийн телеканалехь.

Шен агIор Гуьржийчоьн Чоьхьарачу ГIуллакхийн Министралло дагадоуьйту Гуьржийчоьнан кхело Окруашвилина ехха хан кхайкхийна хилар, хоуьйту, нагахь санна иза Гуьржийчу вагIахь, ша и дIалоцур хилар.
XS
SM
MD
LG