ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Готта Бу Жима Бизнес Кхиийта Баьхна Некъаш


Оьрсийчоь -- Жимачу бизнесера йоккху ял лахъяр доьхуш Москохахь хиллачу гуламера сурт, 25Ман2011
Оьрсийчоь -- Жимачу бизнесера йоккху ял лахъяр доьхуш Москохахь хиллачу гуламера сурт, 25Ман2011

Карарчу шарахь Нохчийчохь юккъерачу а, лахарчу а барамера бизнес кхио хьажор ду 600 сов миллион сом. Оцу ахчанах I70 миллион сом меттигерачу, 500 миллион сом федералан бюджетера хир ду. Иштта бара официалан хаамаш. Шо юккъе даьлла, амма хьал ша ма-дарра лаьтта, бизнесхошлахь кIезиг бу шайн бахам алсамбаккха таро карийнарш.



Нохчийчохь тахана 35 эзар сов юккъерачу а, лахарчу а барамера бизнесхо ву. Уьш, дийцарехь, рогIе хIитта беза Iедало шайна дендолу гIо схьаэца.

50 шо долу ИбрахIим Соьлжа-гIалахь дечиган пхьар ву. Кисанахь цо даима а леладо индивидуалан бизнесхочун мухΙар. Цеха чохь Ιара иза, цхьацца дечигаш кегаеш. Болх сацо йиш яцара, дина долуш дара тахана-кхана дΙадала деза стол.

ИбрахIим: -- Ас дечиган пхьеран болх бен 26 шо хан ю. Тхан да а ву дечиган пхьар хилла. ХIинца-м болх беш а вац иза. Эскаре со вахале, деца цхьана болх бина ас, ткъа цигара цIавеъча, суо болх беш ву. Сан доьзалхошна юкъахь цхьа а вац хIара болх бийр болуш. ХIара дечиган болх хала болх а бу, атта а дац хIара лело.
Кредит ло, аьлча, лур ду шаьш, элира. Дала-м мича делира, ял ах шо моссаза долу тIеетталуш лаьтта

Пхи-ялх шо хьалха Нохчийчохь йоккха ажиотаж иккхинера. Дерриге а дуьненахь тоххарехь дицделла пластикан кораш а, неIарш а хIитто буьйлабеллера нах. Цхьаболчара, хаза дина долу дечигнаш дΙа а дохуш, уьш хIиттадора.

Амма кхано тIьаьхьа къаьстира, чан а, гIовгIа а чекх цаяларна тоьлаш долчу пластикан оцу корех а, неIарех а дIовш долуш дуйла.

Дукха нехан зезагаш делла, кора хьалхахь цхьа буьйса яьккхийтича. Оцу хIуман бахьана и кор-неI деш йолу материал могашаллина дика йоцчу пластиках еш хилар ду. Юьхьанца дечиган пхьерашна ца товра и керла технологи махкахь юкъаялар, амма хIинца дукха нах, кхета а кхетта, дечиган материале юхабаьхкина.

Хьалха алсам болх хуьлура. Пластикан кор-неI юкъадаьлча, дечигах диначаьрга хилла ларам лахбелира. ХIинца нах дечигнаш юхахΙитто буьйлабелла, пластик дика яц, бохуш. Ишшта бу-кх кхузахь болх. Дечигах мьулхха хIума а йо-кх оха кхузахь. Ламеш а до, муьлха а тайпана.

Маршо Радио: -- ХIара чархаш ма шира ю хьан?

ИбрахIим: -- ХIокхуьнан 20 шо ду. Иттех чарха юккъехь хIара фрейзеран чарх ю дикаха ерг. Вуьйш ерраш сан хенара хила мегаш ю!

Маршо Радио: -- Куьйгаш, и уьрсаш ира долуш, лазийна хир ду хьан? Чов йина го сунна хьан пIелг.

ИбрахIим: --Дечиган пхьерашна хуьлуш хIума ду иза. Я пIелг боккхий, я хадабой. Суна-м кхин башха доккха хIума а ца хилла, жимма пIелг хадабар бен.

Маршо Радио: -- Беркате буй хIара болх?

ИбрахIим: -- Хьаннал рицкъа даккхар беркате ма хуьлий. Дала беркат дойла хьуьна хIара, аьлла, схьаделла долчу ахчанах иман-беркат хуьлу. Шен хьацарца даьккхина ду иза. Тхан дас а олура, беркат дойла, аьлла, сом кховдадахь, иза а, ах сом а схьаэца, цунах хьуна беркат хир ду-хьуна, олий.
Цкъа баьхкинера суна тхан кIоштан администрацера, бизнес-план я, аьлла.Уьш суна кредит дала баьхкина бацара, соьгара ериг схьаяьккха баьхкина бара


Маршо Радио: -- ХIара стол ю ахь еш ерг?

ИбрахIим: -- Ю, дечиган стол ю хIара. Нохчийн маттахь «къахь-стол» олу цунах. Йоккха стол ю хIара. Фанерах йинчу стоьлал а бIе дакъа дика а ю. 30 шарахь латтарх, яхкалур а яц.
Маршо Радио: -- ХIун мах бу кхуьнан?

ИбрахIим: -- I2 бIе туьма мах бу цуьнан. Суна цунах дуьсуш дерг кхоалгIа дакъа ду. 4 бIе туьма хуьлу иза. Цхьа дакъа конторе охьадилла деза, вукху дисинчух дечиг эца деза.

Маршо Радио: -- Болх, хьайна хΙара санна болу гIирс а эцна, боло ойла ца йина ахь? Кредит даьккхина а…

ИбрахIим: -- Цкъа баьхкинера суна тхан кIоштан администрацера, бизнес-план я, аьлла. Уьш суна кредит дала баьхкина бацара, соьгара ериг схьаяьккха баьхкина бара. Оьрсийн маттахь «откат» олу-кх цунах. Кредит ло, аьлча, лур ду шаьш, элира. Дала-м мича делира, ял ах шо моссаза долу тIеетталуш лаьтта.

Ас ца бечу балхе хьаьжича, кхо бIе туьма ца кхоччуш бу-кх ас дIалучу йолан барам. Юха цIеяйъархой богΙу, санмедэпидемстанцера бу-хьуна, хьаштхойн кхеташонера бу…

Маршо Радио: -- Хьоьга хаьттича, хьо санна болх бечарна Iедало хIун гIо дан дезара?

ИбрахIим: -- Iедало, хIокху 26 шарахь ас болх беш, цкъа а гIо дина дац. Бакъахьа-м дара цара иза дича, эцца, кредит делла а, я чархаш эцна а. Кхузахь шортта хьалаеш гIишлош ма ю, цигахь дечигах мел йолу хIума ялур яра. Ткъа хIинца муха ду? Мьулхха а продукци геннара чуяхьа, теттина мах а лой. Иштта, белхалой арара чубахкабо. Массо а хенахь иштта хилла ду, иштта дIагIур а ду иза.

Оьрсийчоьнан регионашлахь уггаре а кхуьуш йолучех лору Нохчийчоь. Инвестицеш хIинца-хIинца, дуьхьалонах мукъадаьлла хи санна, чухьодур ю, бохуш, кхайкхадо хIора шарахь а Iедалша. Амма продукци ен бизнес дукха яьржина яц. БIе шо хьалха санна, йолччуьра схьа а оьций, кхечара йина продукци юьхку нохчаша. ХIинца баккъала а оьшург шен куьйгашца хIума ечунна балха тIехь гIо-накъосталла дар ду, иза ца дахь, йоккха цхьа базар а хилла дIахΙоттарна кхерам бу республика.
XS
SM
MD
LG