Къилбаседа Кавказера Хьал Талхийна 8 Стаг
1
1990 шарахь президента Елцин Бориса (Аьр) кхайкхам бинера Оьрсийчура республикийн куьйгалхошка "шайга ма-эццалун суверенитет схьаэца" аьлла. Амма Нохчийчоьнан президент Дудаев Жовхар иза дан хьаьжча, цунна дуьхьала ницкъ баьккхира. Кхолладелла хьал дийца дагадовларшка а ца вахара. Нохчийчу танкаш хьовсийра цуьнан метта.
3
Нохчийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр хиллачу Ахмадов Илеса ма-аллара "шен цIийца революционер" хиллачу Басаев Шемала шина а тIамехь дакъа лаьцна. 1997-чу шарахь Нохчийчохь дIабаьхьначу президентан харжамашкахь иэшам хилира Масхадов Асланца коьрта дарж къовсуш. 2000-чу шарахь Соьлж-гIалара араволуш ког баьккхина. ТIемалойн дийнна цхьа чкъор Iамийна. 2006-чу шарахь вийна.
4
СаIудера схьаваьлла волу Хаттаб 1995-чу шарахь кхаьчна Нохчийчу. Цул а хьалха масех шарахь ОвхIанехь тIемаш бина ву. ТIемалойн шен тоба а кхоьллина, сихха гIаравелира. 1997-чу шарахь Нохчийчоьнан коьрта гIалин къилбехь база а кхоьллина, бIеннаш кегий нахаца тIеман Iаморш дIадаьхьарца цхьана, салафи ислам а Iамийра. 2002-чу шарахь дIовш а даьлла, велла. Дийцарехь ФСБено цуьнга дIаьвшех дуьзна кехат хьажийна хилла.
6
ГIалгIайчоьнан президент хилла овхIанан тIеман турпалхо Аушев Руслан дIа а ваьккхина, 2002-чу шарахь харжамаш а байтина, Зязиков Мурат дIахIоттийра Путинс. Зязикован цIе юзу коррупцица, экономика йохарца, ницкъ бар лакхадаларца, "ларамаза" оппозицин лидер Евлоев Мохьмад верца а. Карарчу хенахь оьрсийн президентан Медведев Дмитрийн "хьехамча" ву. Москох и вехаш волу петаран мах 4 миллион долларе кхочуш ю боху.