Инзаре шело хIоттар бахьанехь адамийн баларш ду алсамдевлла Юккъерчу а, Малхбален а Европехь. Леш берш дукхачу декъана чудаха хIусамаш йоцу нах бу. 110 сов адам кхелхина хIинцале, амма шело, дийцарехь, хIара кIира чекхдалале хIете а вете а лаьттар ю. Дукхах долу зен Украинехь хилла. Цигахь велла лаххара 63 стаг. Сербехь диллинчу лоно а, хIоьттинчу шелоно а вийна лаххара 6 стаг, кхин а 11500 ву шайн ярташкара арабовла йиш йоцуш. Чиллан-бутт болабелчхьана исс стаг кхелхина Полшехь, ткъа верриг вагарвича, 29 стаг велла, гIурано и мохк лаьцчахьана дуьйна.
Шело: Ерриг Европа Милла ГIорош ю
9
Бере лайлахула говр хохкуш ву Сербехь йолчу Медведя-юртахь, 300 км Белградана къилбехьа.
10
ХIусам йоцу стаг вохлуш ву кIор багош йолчу кхерчана уллехь, Варшава-гIалин урам.
11
ТуьтмIаьжиг юьйхина зуда, Iа йоккхуш, кхехкаш йолчу хьаьжкIашна тIехйолуш ю Москох.
12
Лайлахула вилспеташ хьоьхкуш бу нах Скопье-гIалин юккъехь, Македони.