ГIажарийн махкахь 3000-3500 зуда ю Нинджутсу ишколашка лелаш, аьлча а, ширачу Японехь кхолладелла долу Ниндзя тIемалойн хьуьнарш Iамош. И тайпа йозуш йоцу ишколаш а, клубаш а Спортан Министраллин ТIеман Хьуьнарийн Федерацин бIаьрг-Iуналлехь болх беш ю оцу махкахь.
ГIажарийн Зударий Шайн Ниндзя Хьуьнарш Гойтуш Бу
1
Тайп-тайпана ишколашкара Нинджутсу говзанчаш журналисташна шайн хьуьнарш гойтуш бу Карадж-гIалин спортзалехь, ТехIранна къилбаседехьа.
2
ГIажарийчохь 3000 сов зуда ю туьйранашкахь юьйцуш йолу Ниндзя шпионийн а, киллерийн а говзалла караерзо гIерташ.
3
Жима Нинджутсу Iаморхо ву шен говзалла журналисташна гайта гIерташ Карадж-гIалин спортзалехь.
4
Нинджутсу говзанча ю тур тIехула лелхаш.